Ден-ненан цхьаъ бен вацара

1

Хайтаев Муса ден а, ненан а цхьаъ бен  вацара. Амма цуьнга хаьжна   ца Iаш, цхьаъ бен воцург коча ца кхиийра дас а, нанас  а. Майра а, тIахъаьлла а, яхь  йолуш а кхиира иза. Цунна тоьшалла деш дало бакъдерш, масалш дукха ду, аьлча а цуьнан  дерриге а дахар ду-кх цунна тоьшалла.

Шеца цхьаьна хьалакхиъна лула-кулара накъостий  эскаре кхайкхича, иза  а  тохавелира эскаре ваха. Амма цуьнан оцу хенахь пхийтта шо бен  дацара. Ткъа берхIийтта шо ца  кхаьчча эскаре  ца  вуьгура. ТIаккха, бакъ-харц справка  яьккхира цо шен  берхIийтта шо кхачаран хьокъехь. ТIехьаьжча  а цхьаммо а эр дацара  цуьнан оццул хан  яц. Лекхачу дегIехь а, хIайтъаьлла а  вара Муса. Оцу справкица паспорт даьккхинчул  тIаьхьа, цо заявлени  яздира  эскаран комиссариате ша  эскаре кхайкхар доьхуш.

Да – Якъуб юьхьанца  чIогIа  оьгIазвахара шен кIанта динарг  хиъча. Юха, ойла а йина, аьлла хиллера: «ХIун дер  тIаккха, ша воккха  хилла ваьлла  аьлла хета  хир ду-кх цунна. Селхана  бен  гIодаюкъ ехккал  ца хиллехь а. Эскарехь гIуллакхдар  къонахийн декхар ду. ДIагIон   вай  шена…».

1939-чу шеран  октябран  цхьана  дийнахь Муса а, цуьнан  накъостий  а  эскаре буьгуш йолу шалон малхбузехьа дIайолаелира, Минскехула, Барановичехула яхана Брестан  гIопе  дIакхечира  иза. Цуьнца  цхьаьна вара хIара   Iаш волчу Йоккхачу АтагIара  Дикаев  Султан, Алисултанов  Саламбек, Кантаев  Мохьмад, Закриев Шарпудди, Сапиев  Cайпудди, Садаев  Андарбек. Уьш  берриге а Мусан  накъостий  бара.

Эскаран декъе  дIакхаьчначул тIаьхьа хIорш  ялхолгIачу дивизин  125-чу стрелкови полкан  кхоалгIачу батальонехь  дIасабийкъира. Брестехь гIуллакхдеш  Нохчийчоьнан кхечу  ярташкара а нохчий бара. КIиранденошкахь  берриге а вовшах а кхетий, иллеш  а олуш, хелхарш  а деш  самукъадоккхура цара.

ТIом  дIаболабеллачу 22-чу июнан  буьйсанна Хайтаев Муса шен  ротехь  гIазанча (дежурный) вара. Буьйсанна кхо сахьт даьлча иза хийцира кхечу бIаьхочо. ХIара садаIа дезаш вара. Амма стенна делахь а цунна наб ца  кхетара, даго вуониг  хьоьхура. Цуьнан сагатделира. Вижинчуьра  хьала  а гIаьттина шен дега кехат яздан  охьахиира иза. Казармин  диллинчу корах  кеманийн  «гIар» хезира  цунна. ГIовгIа  тIеттIа  чIагIлуш яра. Хуьлуш долчух хIара  кхетта валале бомбанаш лелха юьйлаелира. Казармин  пенаш дегош  дара, хьахарш охьа а  эгаш. Набаро  Iехийна  бIаьхой, Iадийча санна, хьалалелхара маьнгеш тIера. Бедарш тIеюха а ца  кхуьуш  арауьдура уьш. Шаьш хIун дийр ду ца хууш боьхна хьийзара. Гуонаха лелхаш  бомбанаш,  минаш, снарядаш  яра. Царна куьйгалла дан, уьш цхьана низаме  бало  эпсарш  бацара.

21-чу июнехь суьйранна дукхах болу  эпсарш  гIала, шайн доьзалш болчу  дІабаханера. Ткъа кхузахь,  полкан кертахь буьйса яккха бисинчу  эпсаршна а ца  хаьара  юьхьанца  хуьлуш  дерг хIун  ду. Уьш чохь Iаш болчу  цIеношна  динера уггаре а  хьалхара  тохар. Оцу  цIенойх цIе хьаьрчинера. Ткъех минотехь лаьттира кегаре хьал. Цул  тIаьхьа, хиллачух кхетта, сержанташ а, могIарера салтий а шайна  юкъахь къепе  ян  буьйлабелира. Цхьаццанхьара  схьахезара:

– Отделени  дIахIотта. ЛадогIа сан  омране!.. Иштта, шайн  шайн тобанашка а бекъабелла, герзаш  а, патармаш а долчу  дIахьаьвдира. Массо а кхеттера. ТIом  баьллера. Къиза тIом. Деа шаре  бахбелла  Даймехкан Сийлахь-боккха тIом! Ямартлонца, тешнабехкаца  вайн  махкана тIелеттера  Германи.

ТIеман хьалхара  Iуьйре  дагалоьцуш  Хайтаев Мусас  дуьйцура:

– ТIеман хьалхарчу  миноташкахь  хилла хьере  хилар а, Iадор а сихха   дIаделира. Тхо мостагIчунна  дуьхьало ян кечделира отделенешка, взводашка, роташка  декъаделла. Массо а гIишло йогуш яра, гуонаха  вуно  йоккха, ирча гIовгIа  лаьттара. ХIора  5–6  минот  мел йолу  кеманаша  бомбанаш еттара, юьхьара  чу а хехкалуш. Кобрински чIагIонна  хьалха  динчу баьрзнашна тIехь  фашисташ гучубевллира. Хьерабевлча  санна   автоматаш, пулеметаш, етта  йолийра цара. Тхоьгахь  пхоьазза  йолу тоьпаш  а, наггахь волчуьнгахь  пулемет а, гранаташ а яра. Оха чухьаьвдда  шозза а,  кхузза а  юхатуьйхира уьш. Амма, шаьш  алссам хиларе  терра, шайна хуьлу  эшам  хьесапе ца оьцуш, юх-юха а тIелетара  немцой. Тхан казематашка юхадовла  дийзира. ХIунда  аьлча патармаш тоьаш дацара. Тоьпаш, автоматаш  казематашкахь  леха  езаш яра. ГIопехь  лаьтташ хилла  цхьа а  танк, машен  болх беш яцара. Цуьнга  хьаьжна  доцуш цIеэскархоша  буьрса  дуьхьало  йира фашисташна, цхьа ког  биллал  йолу меттиг а тIамца  бен  дIалуш яцара. Оцу хьоло цецбаьхнера  немцой. Кхул хьалха цхьана а  меттехь  оццул  чIогIа  дуьхьало  ца  йинера  царна. Брестан гарнизонехь хиллачу  хьалхарчу тIеман тасадаларша царна  дIахаийтира  Россина  дуьхьал  болийначу  тIамехь царна моьттуш  дерг хир  доций.

ТIеман  кхоалгIачу дийнахь суна  контузи  хилира. Оцу  кхаа  дийнахь кхача  бааза, хьогаллина бала хьоьгуш бара  берриге а бIаьхой. Кхо  де дIадаьлча казематехь кхеташо  хилира  тхан командирийн, цигахь  дакъалоцуш  могIарера  бIаьхой а бара. Цигахь сацам бира гуонна юкъара довла. ШолгIачу  Iуьйранна кхузткъе итт стагах лаьтташ йолу тхан тоба  Къилбаседа  Малхбузе агIор долчу  кевнехула араяла  дагахь дIайолаелира. Цигахь  тхан дуккха а накъостий ийгира фашисташца  бечу  буьрсачу  тIамехь.

Хала а, атта а гуонна  юккъера  а  бевлла, Минске боьдучу  некъа  тIе   хIорш  кхаьчча, тобанехь  дийна висинарг  ткъе итт стаг бен вацара. Некъа  йистонца схьабогIура уьш. Новкъа  йогIуш  немцойн   машен я танк хааелча, хьуьна  юккъе  а  боьлхуш. Бакъду, наг-наггахь немцойн  тIемалошца  тасадаларш а, герзаш  дIасатохар а нислора. Стенна делахь а, тIамера  юхабевлла  богIучу   вайн бIаьхошца  тIом  барна  башха  тIера  а ца  хуьлура фашисташ. Уьш  шайн ма-хуьллу  Москвана, вайн  Даймехкан  дагтIе  кхача гIертара. Уьш  чIогIа сиха а бара.

Хайтаев Мусас кхидIа а дуьйцура:

– Барановичана тIекхачале  тхо  Бобруйске чудирзира. Кхузахь  вовшабетталуш бара  Брест гIопера арабовла  аьтто  баьлларш. Июль беттан хьалхарчу деношкахь  тхо тIаьхьакхиира тхайн  ялхалгIачу дивизин дакъошна. Царна юкъахь яра 125-чу полкан  подразделенеш а. ТIаккха немцошна дуьхьал луьра  тIом  дIаболийра оха. Амма  ницкъаш цхьабосса  бацара. Дан  хIума а ца хуьлий, юхадовлуш  меттигаш дукха хуьлура. Иштта, тхо Тамбовски областе кхечира. Цигахь тхан дивизера  бIаьхой  кхечу  дакъошка, дивизешка  дIасабийкъира.

1941-чу шеран декабрехь Ельц гIали юххехь  нисвелира вайн махкахо. Леррина кечам а бина, йоккхачу къайленца  тIеман  техника, алссам  герзаш, патармаш тIе а оьзна, ЦIечу Эскаро  эххар а  дIадолийра  буьрса тIелатар. ТIеман  кхиамаша  Iехийначу фашисташна дагахь а ца хилларг  дара иза. Оцу  тIамехь дуьхьара иэша а бина, юхабехира  фашисташ. Оцу тIеман  тасадаларехь  немцойн  эзарнаш салтий а, эпсарш а хIаллакбира. Чов  хиллера  Мусана а, масех дийнахь  госпиталехь дарбанаш лелийначул тIаьхьа, иза юха тIаме  хIоьттира. Ельц  гIали  юххехь  дIабаьхьначу  тIамехь  шегара  йоккха  майралла а, стогалла а, хьуьнар а гойтарна  М.Хайтаевна тIеман  командованис баркалла  кхайкхийра. Ткъа  оцу  тIамехь  цуьнца  цхьаьна  хиллачу  цуьнан  юьртахочунна Сапиев Сайпуддина еза   чов хилира. Оцу  чевнах госпиталехь  кхалхар а  хилира цуьнан. Шегара  турпалалла а, доьналла а гайтарна ЦIечу  Седанан  орден  схьаэца  а  ца ларийра  иза. Фашистийн  кеманаша  бомбанаш  туьйхира госпитальна   нийсса тIе, иза йохийна, аьтта  дIа а йоккхуш. Цу чохь  мел хилла дархо  а, лор а вийра. Царна  юкъахь  – Сайпудди  а.

Цул тIаьхьа  Хайтаев  Мусас тIом  бира Суворовн  а, Кутузовн а орденаш  лелочу Сталинградерчу  ЦIечу байракхан  гвардейски  штурмови авиацин  74-чу полка юкъахь  а волуш. Оцу полкаца  Кенигсберге  кхаччалц   дIавахара иза. ТIамехь  майралла а, стогалла а гайтарна «За отвагу», «За боевые заслуги», «За взятие  Кенигсберга», «За победу  над Германией». Мидалшца   совгIаташ дира  Мусана. 1946-чу шеран  май  бутт  кхаччалц  эскарехь  гIуллакхдира  цо.

Цул тIаьхьа, вайн  дерриге а халкъо  Iаьвшина  хало Iаьвшира  шен са а, дегI  а, цIий а ца  кхоош  фашистийн  Германица  хиллачу тIамехь  дакъалаьцначу  вайн махкахочо, лейтенанта М.Хайтаевс. Маьршачу  дахарехь  а шегара  къинхьегамехь хьуьнар гойтуш  болх бира  цо…

С.ХАСАНОВ    

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: