Цунна дика девза дахар

«Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетан редакце балха 1983-чу шеран аьхка веара Дашаев ШаIрани. Цу хенахь кхечу редакцешкахь (районийн газетийн) дуккха а шерашкахь белхаш бина, доккха зеделларг долуш, вуьззина хилла ваьлла журналист вара иза. Цунна болх Iамош, къахьега ца дийзира. Керлачу белхахочунна дика хаьара нохчийн а, оьрсийн а меттанаш. Оцо таро хуьлуьйтура цуьнан муьлххачу а темина говза материалаш язъян. Уьш тайп-тайпанчу жанрашкахь хуьлура. Къаьсттина дика, чулацаме нислора цо язйина публицистически а, критически а, проблемни а статьяш. Иза шен корматаллица кхечарех къаьсташ хилар ца гуш ца дуьсура редакцин куьйгаллина. Цундела дукха хьолахь цунна тIедуьллура мелла а жоьпаллин а, сихха оьшуш йолу а материал кечъяр. Шена тIедиллинарг шен хеннахь а, лаккхарчу дикаллица а кхочушдора цо.2015-10-11-15-35-26-309

   ШаIрани бераллехь дуьйна дуккха а халонаш евзина а, дахаран чолхаллех чекхваьлла а вара.

Ш.Дашаев вина 1940-чу шеран 15-чу декабрехь. Дешар дIадолийна 1947-чу шарахь Алма-Атаний, Талгараний юккъехь Iуьллуш йолчу «Веселая жизнь»  юьртарчу школехь. Цуьнан бералла а циггахь чекхделира. ВорхI класс чекхъяьккхинчул тIаьхьа Алма-Ата гIала гергара нах болчу схьакхелхира ДашаевгIеран доьзал: ненанана, нана, ненайиша, ШаIрани а. (ЦIерадаьхначу шарахь да а кхелхина, кхин йиша-ваша а доцуш, ненахошца висина вара иза). Кхузахь дIаболабелира цуьнан ах бIе шарал тIехъиккхина болу къинхьегаман некъ а.

Ялхийтта шо дара иза йоккха бел кара а лаьцна, бетон кегочу гIирсана улло дIахIуттуш. Иза а халла дийцина, ваханера, «хьаькамаша» кхиазхо ву, бохуш, дIа ца оьцуш. Ма-дарра аьлча, шолгIачу классера дуьйна схьа лара безаш бара цуьнан къинхьегаман некъ – колхозашкахь берашна а дукха хуьлура бан белхаш: стерчий я говраш тIехуий, я юьхь лоций, лоьхкуш. Цхьа а де а каникулашкахь мукъа доккхийла ца хуьлура…

Ма-дарра аьлча, колхозашкахь тIамал тIаьхьарчу шерашкахь Iаьнна юккъехь бен мукъа денош хуьлуш а дацара.

1957-чу шарахь «Алма-Ата–Промстройхь» бел охьа а йиллина, цIавирзинчу деношкахь юха а меттигерчу колхозе балха вахара. Прицепщик (тракторна тIаьхьатосуш долчу нахарна тIехь), слесарь, счетовод, финотделан белхахо, хьехархо, радион корреспондет, Хьалха-Мартан районан «Ленински правда» (хIинца «Маршо») газетан кехатийн а, юьртабахаман а отделийн заведующи, редакторан заместитель, редактор; цул хьалха а, тIаьхьа а республикин тайп-тайпанчу газеташкахь – иштта ду Дашаев ШаIранис дешарца цхьаьна къинхьегамна дIаделла дахар.

Болх беш болчу кегийрхойн суьйренан школехь цхьайтта класс чекхйоккху цо. Цул тIаьхьа балхана юкъах а ца волуш, хьехархойн институтехь а дийшира, КПСС-н ЦК-н Лаккхара партийни школа а чекхъяьккхира.

Тахана шовзткъе цхьайтта шо сов къинхьегаман стаж ю ШаIранин къинхьегаман книги  тIехь дIаязйина. Цунах ткъе итт шо сов – газеташкахь бинчу белхийн. «Ленински правда» – «Марта» – «Маршо» (Хьалха-Марта), «Ленинизман байракх» (ТIехьа-Марта), «Ленинец» (Шуьйта), «Вести Грозного», «Нохчийн латта», «Ленинан некъ» – «Даймохк».

«Журналистикехь кхиар сан шозза хилла», – дуьйцу Ш.Дашаевс – Дуьххьара Хьалха-Мартан районан «Ленински правда» газетехь, шолгIа – республикин «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетехь.

Шен дагалецамашкахь а, цхьайолчу зорбатоьхний, тохазий йолчу говзаршкахь а уггаре а хьалха ШаIранис хьахош а, хестош а верг шен дуьххьарлера редактор Магомаев Хасмохьмад ву.   ШаIранин цхьана дагалецамехь доьшу вай: «ДIадаханчу бIешерийн ткъе уьтталгIачу а, шовзткъалгIачу а шераша вахчийначарех цхьаъ вара Хасмохьмад. Вай махках дахале журналистикин «школах» чекхваьлла а вара иза. Корматаллин говзаллал сов, оха, цуьнан белхахоша, тамашбийриг кхин дара оцу стагехь: собаре хилар, муьлххачу а хьолехь воьхна, карзахвийлар доцуш. Шен куьйга кIел долчу тхоьца цхьанаэшшара вара иза, цкъа а девне вацара. Мелхо а цхьаьнгара цхьа ледарло яьллачохь, дас шен доьзалхочунна санна, хьехар дора. ХIуъа дийцахь а, тхо а ма дацарий маликаш. Цул сов, ур-аттал партин райкоман могIарера инструктор а тIехь кийча хуьлура гIалат кхетта йолчу цIоьмалгана тIе пIелг Iотта. Ишттачохь «ас», «со» бохуш лелаш долу тхо а ца Iалора тхешан «дIовш» ца тухуш. И «дов» шега даьллачохь гIадвоьдий, велалора Хасмохьмад: «ХIумма а хир дац, хIумма а, дIанислур ду дерриге а», – олий дIадерзадора цо.

«Ленинан некъ» газетехь а (иштта яздина хиллера) МагомаевгIеран доьзалерчу, Хасмохьмадан шина вешин шина кIантаца хан яккха дийзира сан. Суна сайн дерриге а дахарна боккха пайда белира царех а, ткъа иштта нохчийн журналистикин ветеранех Хасмагомадов Хьамидах а, Чалаев Билалах а, Габисов Бийсолтех а, кхечарех а. Бухарчеран «кухнехь» сихха дIанисвала таро хилийтинарш уьш бара».

Ша миччахь хилча а, гIонахарчаьрца тарлуш, оьшучунна гIо-накъосталла дан кийча волуш, чекхваьлла ШаIрани. Массаьрца а кIеда-мерза, гIиллакхе, оьзда ву иза. Цундела белхан накъосташа а, юххерчара а даггара лоруш а, сий деш а ву.

Тахана а зорбанца йолу зIе ца хадош, схьавогIуш ву Дашаев ШаIрани. ХIора номерехь бохург санна шен хенахь ша коьртехь лаьттинчу районан газета тIехь араюьйлу цуьнан «Ойла» рубрикехь кIорггера чулацам болу статьяш. Кест-кеста ган тарло цуьнан нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь республикин литературни-исбаьхьаллин «Орга», «Вайнах» журналашна тIехь зорбатоьхна дийцарш а. Уьш тайп-тайпанчу темашна ду. Царна тIехь дуьйцу вайн республикехь дукха хан йоццуш мох-дарц хьокхуш, чекхбаьллачу тIамах, нохчийн халкъ цунах ца духуш, яхь дIа ца луш, чекхдаларх, ненан маттах, культурах, гIиллакх-оьздангаллех лаьцна. Ала деза и дийцарш, ШаIрани ша а ма-хиллара, оьзда яздина а, диканиг хьоьхуш а хилар.

Билгалдаккха лаьа ша дерриге а дахарна хаьржина халлачу корматаллехь шовзткъе цхьайтта шарахь болх барца нохчийн журналистика кхиорна ШаIранис йоккха хазна юкъайиллина хилар.

Тахана, ШаIранис шен 75 шо кхачар билгалдоккхучу хенахь, «Даймохк» газетан редакцин коллективо даггара декъалво иза оцу юбилейца. Лаьа шен доьзалан вон ца гуш, хIусамехь токхо, ирс-аьтто болуш, могаш-маьрша дуккха а шерашкахь иза вехийла.

    Дала декъалвойла хьо, ШаIрани!

 

С.МАГОМАЕВ

№140, еара, гIуран (декабрь) беттан 10-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: