Хьоме кхор

Вайн   ярташкахь хIинца керташ, царал дехьа дерг дIахьаьжча гойла а доцуш, леккха йо. Делахь а, суна сайн ЧIуьлга-Юьртахь хьенан кертахь, хIун кхуьу дика хаьа. Гуьйре аьхка кхиийнарг чуоьцу мур хиларна, кхушарахь   юьртан цхьаболчу ахархойн  бошмашкахь муха-хIун кхиар нисделла-техьа, бохучу ойланца, хьалха сайна дагавеанчу Ахмадов Ваха волчу ваха араволу со. 

ЧIуьлга-Юрт дуьненна гайта гIерташ санна, гуьйре елахь а, къеггина кхетта, бовха малх.  ХIаваэхь лаьтта цхьаммо ягийначу пластмассан а, кхаьллийн а ягаран вон хьожа.  И хьожа могашаллина мел кхераме ю адамашна хууш хирг хир дац олий ойла кхоллало… Делахь а, гуьйреной, хьомечу юьртой дагна  хьаам бора. Цундела оцу хьожанан ойла ца ян  гIертара со. Цхьадика, Вахин ков-керт гучудаьлча-м, оцу ойланера а волу. Циггахь суна дагаэха долало, тхан чIуьлгаюьртахоша, кар-кара а оьцуш, Вахин хасстоьмийн бешах лаьцна мел дийцинарг.

КетIара дIа мохь а ца бетташ, Ваха волчу ваха а, ийза а ца луш, цуьнан хIусамехь сайна чай деха а йиш йолуш хиларна, ца сецаш керта воьду со. РагIо кIелахь, шен дезарш деш йоллу Вахин хIусамнана Марем а гой, цуьнан де дика дечу юкъана, сан лер а хезий, уьйтIа волу Ваха. Чу кхойкху. ХIан-хIа, уьйтIахь сел хаза гуьйре а йолуш, чохь муха Iийр ву. Беша волу тхойшиъ, Марема чай мала боххушехь.

– Ма тIаьхьа веъна хьо, – боху Вахас. – Кхиийнарг чуэцна а, Iаьнна хи чу йоьллина а, совъяьлларг сагIийна дIасаекъна а ма девлла тхо-м.

– Кху шеран йокъалло, ницкъ-м ца бира хьан бешана? –   хоьтту ас, цуьнан бешахь дуьллуш хи хилар дагара а долий.

– Йокъа хиллехь а, юха бIаьсте тIекхаччалц даа хIума схьаэцна, Дала мукъ лахь, –  боху цо. – Лаьтто ахь шех тоьхна куьг дуьхьал дика доцуш ма ца дуьту.

Дика Iа тхойшиъ Вахин бешах лаьцна дуьйцуш. ХIоразза а иза волчу веъча,  и беш, стенна делахь а, кхечу суьртехь го суна. Шена хазъелла хIума, кху дуьнен тIехь и миччахь елахь а, схьа а йоуьйтий, шен кертахь кхио, дебо хьожуш амал ю цуьнан.

– Вайн тIаьхьенна хIокху лаьттан марзо   бохург хIун ду хиъча, цара   кхин хIумма а лоьхур а ма дацара, – хеза Вахин резавацар. – ХIара латта муха лело деза гайтича а, кхуьнца гIуллакх, марзо яц-кх вайн дукхах болчу кегийрхойн. ЦIахь Iийча мацалла лийр болуш санна, дIаоьху уьш.

Иштта воккха хиллачу  ахархочун дегалазамах лаьцна цхьацца дийца а дуьйцуш, вол-волуш, юха а уьйтIа кхочу тхойшиъ.

Юха а, Марема чай мала кхойкху. Амма сан берриге а тидам дуккха а хан йолчу кхуран дитта тIехь соьцу. Стамделла, къанделла генаш дIадаьхна цу   тIера. Ткъа дIадаьхначеран метта керланиш хьала а девлла, юха а хаза дитт хуьлуш, кхор а латийна. Сан оцу кхоре хьежар дахделча:

– ХIара кхор тхан дас, 1959-чу шарахь, Казахстанера   цIа даьхкича боьгIна бара, – боху Вахас. – Дуккха а хIума-м гина кхунна.

Вахин дас, Ахмадов Увайса, Дала гечдойла цунна, шовзткъе ялхийтта шо хьалха доьгIначу  дитто бIаьста а, Iай а цхьа шатайпана хазалла латтайо кху кертахь. Иза гича, догIийша, кхиадейша  дитташ аьлла, адаме кхайкхам я дехар дан лаьа. Къаьсттина, хIумма а дан лууш боцчу кегийрхошка бан лаьа и кхайкхам, хIунда аьлча, вайн мохк, вайн беш, нехан нах а баьхкина, хазйийриг цахиларна. Хьовсал, Увайс  дуьненчуьра дIакхелхина а даьлла шовзткъе ворхI шо, ткъа цо мел дукха а цхьа сахьт хан йойъуш дIабийначу кхоро, хIинца а (!) стом ло. Ойла ейша, шовзткъе ялхийтта (!) шо ду-кх, цуьнан дитто стом ло, адамна дика латтадо.

Дера, дитт а, адам санна, къан ма ло. Амма диттан къанделла га, дIа а даьккхича, орам лар а бича, Дала юха а  еххачу ханна дендо дитт. Ден а ло, стом а ло. Ткъа вайна тахана, ма чIогIа оьшур-кха  дитташ кхиош, хасстоьмийн хесаш лелош болу къона ахархой.

– Ас хIара кхор, дIа ца баккхийтира, – элира Вахас. – Суна чIогIа хьоме бу хIара, ден безам кертара ара муха боккхур бу?

Ден безам! Ден безам кертара ара муха боккхур бу?

Ваха ша а воккха хилла. Пенсехь а ву. Могаш а вац. Берийн бераш а ду. ТIаккха а, ши куьг тIекIел а диллина, Iаш вац иза. Цуьнан, мацах дас, йиллина   стоьмийн  беш ю.  Цул доккха кху дуьненахь хIумма а ца хета Вахина.

– И сан ден безам бу, со мел веха и безам бехар а бу, –   элира цо. – Кху кертахь дуккха а хIума кхуьу.  Масала, кхораш, Iежаш, туьркаш, баьллаш, кемсаш, хьайбанаш, хьечаш… ТIаккха хIун оьшу вайн тIаьхьенна? Стенна лаьтта церан са дозанал арахь?

Иза Австрехь вехачу, воккхаха волчу кIантана Асланбекана а, Москва балха ваханчу шолгIачу воIана Илесана а гатдеш долу са дара.

ДIавахале со, юха а, Вахин беша хьаьжира. Сан тидам хилира, сурт даккха лаам  кхоллалуш, къепе яра цуьнан бешахь. Цо бIаьрг хьоьстура.   Бер санна, хьоме лелочу цуьнан лаьтто, вайн мехкан ахархочух дозалла а, сирла, хаза, ойланаш а кхуллура.

Ханна воккха велахь а, кертахь дан дезарш дукха дара аьлла, бIо къажочех вац Ваха. БIо къажийча, мало йича, ахархочун гIуллакхаш ледара хуьлий а  дика хаьа. Ахархо вижина Iойла ма дац, цунна, Дала, латта ма делла, дIа а ден, стом а кхио, аьлла. Вахин  бешахь саьрамсекх, хох, цIазамаш, наьрсаш, помидораш, хорсамаш, буракаш, чамбуц (петрушка), оччам (укроп) … ю.

Ахархочун дахарх хIумма а хууш боцчарна дош хетар дац, шен бешара шен куьйга кхиийна болу хасстом, бохург. Амма шен лаьттан, шен кертан, шен стоьман, шен диттийн… исбаьхьалла, адаман ирсан цхьа дакъа ма ду. Деза   хетча а дац хIумма а, ала лаьа шен лаьттан сий-пусар доцчохь баьIIашший, къаххашший бен хIума ца  кхуьу. Ткъа   Вахина ца лаьа  цхьана хенахь дас кертахь дIабийна кхор шен локхаллера баьIIашкий, къаххашкий хьоьжийла. Хьоме бу цунна и кхор а, дас дитина латта а. Жимма къахьегчахьана дех дисинчу лаьтто массо хIума а схьа ма ло цунна. Кхетачунна, хуучунна доккха хIума ма ду, шен латта, шен беш, шен бешара кхиийна стом, бохург.

– Кегийрхошна ца лаьа лаьтта тIехь болх бан, – элира  хIусамдас юха а. – Гуш ду-кх иза, атта хIума деза царна, пIелг пIелгах тухуш доцу хIума.

Цуьнан дешнаша дуккха а хIуманна ойлане ваьккхинера со. Дера, бакъ ма ву иза, дахарехь атта хIумма а ца хуьлу. Делахь а, вайн кегийрхошна  кхин цкъа а дагадаийта лаьар-кха, мехкан латта а, муьлххачу  халкъан хилар а юьрта  тIера дIадолалуш хилар. Нагахь   кегийрхошна хаахь, Дала  схьабелла царна токхе, исбаьхьа мохк, къахьегамехь масал эца  Ахмадов Ваха санна болу  дуккха а ахархой.

 

ХАЖМУРАДОВ Iайнди,

Теркан район

Леррина «Даймохк» газетана

№140, еара, гIуран (декабрь) беттан 10-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: