Новкъахь лело догIург

Некъа-новкъахь лелош долу гIиллакхаш а ду лараман буха тIехь кхолладелла. Масала, новкъахь шиъ цхьаьна вогIуш, воккхачунна (духар беркъа долчунна, гIоранца эшна волчунна, дешначунна, говзалла лакхара йолчунна, гергара йоцчу зудчунна, хьешана, ненахочунна, стунцахочунна, и.дI.кх.) аьтту агIо луш ду.

   Новкъа воьдуш кхоъ цхьаьнакхеттехь, вай лакхахь хьахийначу ларам бан догIучунна юккъера меттиг кхачайо. Цуьнан аьтту агIо кхочу царах уггаре жимачунна. Иза хьадалчин (посыльный) меттиг ларалуш ю. Хьалхалерчу луьрачу заманашкахь некъан хьовзамаш сих-сиха тIеIитталуш хиларе хьаьжна, лараме волчун аьтту агIо мелла а чIогIо хиларна (карахь герз хиларна), гIора-ницкъана, доьналлица тоьлла верг, юккъерчунна аьрру агIор хIоттош ву. Аьрру агIор хIоьттинчун декхар ду, зуламах иза ларварал сов, цхьацца къамелашца воккхахволчун некъ бацбар. Iилманчашна гучудаларехь, аьрру агIор волчуьнга ладогIа аьтто сов бу.

Новкъа вахар-вар стеган зудчуьнца нисделча, цу шиннан дIахIоттаран кеп, юкъарчу гергарлоне хьаьжжина нисло. Нагахь санна къонахчуьнца ара яьлларг цуьнан йиша, шича-маьхча елахь я хIорш цхьана цIийнан нах белахь (царах тухуш ю хIусамнана а), иза шеца волчунна ах гIулч тIаьхьа, аьрру агIор хIутту. Оцо массарна а гойту, зударшца верг, царна бехке стаг хилар. Цаьрца лелон догIург цу тIера дIа а хуьлу. Нагахь санна йогIург йоккха стаг я гергарло херадаьллачех, я евзачарех хилча, царна аьтту агIо ло. Иза а, дуьхьал я тIаьхьа нисвеллачунна, цаьрга вист хиларан кеп муха хила еза гойтуш хаам бу.

Вайн Iедалшца, ул-улло хIоьттина новкъа кхоъ вар, зен-зуламна уьш арабевлла цахиларан гайтам бу (зуламна арабевлла нах, цхьаъ вукхунна тIаьхьа хIуттуш, могIа бина хуьлу). Кхоъ ул-улло хIуттуш, царна жимма тIаьхьа, аьтту агIор, хIоьттина жимха а волуш, йогIу тоба, маьрша некъ эцна йоьдуш ю. МогIане ялх стаг нислуш тоба йодахь, «юккъехь барам лаха», олуш ду. Цу хьолехь а нохчий, тахана санна, ринже гIоьртина хьайбанаш санна, берриге а некъ лоций боьлхуш ца хилла. ВорхI-ворхI некъа нисвалар, нус цIа яло боьлхуш я ялош богIуш, замой хиларан гайтам бу. Исс-исс нисваларца, уьш стаг витийта дехаре боьлхуш хилар  гучудолу. Некъахула нах бахаро, дуьхьал-тIаьхьа нисвеллачунна гойтуш хилла, цу некъан Iалашо. ТIеIоттавеллачунна хууш хилла, ша ала дезарггий, муха лелча бакъахьа хир ду а.

Лакхахь ма-аллара, гIеххьа божарийн тоба некъаца нисъелча, иза кхоккха стаг волуш дIанисло, уггаре а лоруш берш юккъехь а болуш. Хьалхий, тIаьхьий царел жимха берш хIуьтту, кегийчеран кIулла (группа, часть) кхаа декъе екъало. Уггаре а кегийнаш, баккхийчарна хьадал-вадал кхочушдан, царна юкъа баьржа; цхьа дакъа баьгар дан хьалха йолу, важа, баьхьар кхочушдеш, тIаьхьа соцу.

Тобанца новкъахь зударий нислахь, уьш шайн кIулла йой, тобана юккъехь дIанисло. Амма оцу хьолехь, уггаре а баккхийчу нехан кIулла шина декъе екъалой, царна хьалхий, тIаьхьий хIутту.

Тахана иза вайна юккъера дайна даьллачух долу дела боху ас, ворданахь верг гIаш волчунна, бехкала вахана бен, ворда хьалха а йоккхий, дIавоьдуш ца хилла. Цул а алсам ган тарлуш хилларг, ша охьавуссий а, иза дIавигар. Долчуьнгахь-м тахана а ду и гIиллакх, машенахь ша хьалхавала дезаш хилча, куьйга-эшарца шена бехк цабиллар а доьхий, йоккху цо шениг хьалха. Шех тамаша байта, ворхIе а дена ша бан сихвелла воьдуш санна, тIехъэккха бераца йолчу зудчунна, эчиган динахь волу кхузаманан бере. ЛартIера генна юьстах эккхар санна бен, кхин муха лара деза, сахьийзарна кетIаваьллачу воккхачу стагана тIехъэккхаш, конкин «болар» лахдаран меттана, цунна тIе ченан кIур биллар? Вайн вовшашца болу ларам цига кхаьчна хиларх кхетча, цкъа а вешан гIиллакхан хорша доьрзурий те вай  боху, шеко кхоллало.

Чу вогIуш-араволуш, хьалаволуш-охьавуссуш лелош долу гIиллакхаш шен-шен лоре дерзийна хилла. Цхьаъ чувогIуш, важа араволуш, неIарехь дуьхь-дуьхьал шиъ нисвелча, дукха хьолахь, шаьшшиммо хIун дича бакъахьа ду ца хууш вуьсу, жиманиг-м хьовха, воккханиг а. Дайша лелийначунна тIегIоьртича, араволучунна яла езаш ю хьалхе. ХIунда аьлча, чу вогIург мел кIадвелла хилча а, схьакхаьчна ларалуш ву, араволучо бан безачу некъах дерг хууш дац. Ларам бан безарш вай лакхахь хьахийнарш бу кхузахь а, хьалхе цаьргахь ю, хьал-бахамца тоьлларг, даржехь верг тIетоьхчахьана.

Лами тIехула хьалаволуш нисвелча, лара безаш берш вай лакхахь билгалбаьхнарш бу, охьадуьссучу хенахь царна тIаьхьа хила веза. Лами тIехь галваьлча, охьавуссуш я хьалаволуш, охьакхетар дукха хьолахь аркъал хуьлуш ду. Жиманиг, могашниг, гIоранна-ницкъана сов верг, дайша тIедожорца, бийцинчеран гIортор, гIоьнча хила везаш ву.

Сих-сиха ган таро хуьлу, автобуса т1ера хьалха охьа вуссучунна гIо оьшуш хьал хIоттар. Кегий нах шаьш дан дезарг хIун ду ца хууш буьсу. Иза милла хилча а, гIаддайначун гIолацар вайн вадца догIург а, дайша тIедиллинарг а ду. Къоначарна дагара дала мегар дац шаьш даккхий хирг хилар а, цу хенахь шаьш нахаца лелийнарг, кхана шайна дуьхьал дериг хилар а (ша дIакхосса тускар дуцуш волучу кIантана, дас дина хьехар: – «ЧIогIа делахь, хьан кIантана оьшур ду хьуна иза», –  дага лаца). ШолгIа делахь, шен да-нана, йиша-ваша лоруш верг ца Iало юьстах ваьлла хьоьжуш, гIо лоцу оьшучохь. Гуонах лаьттачарна ган ма го хьо мел кIант, ваша, къонах ву.

Хьалаволучунна, гIиллакх лоцу бохуш, иза хьала а ца тоьттуш, хьала а валий, гIо де. Охьавуссучу хенахь, хьо хьалха охьа а воссий, гIо де охьавуссучунна. ХIара дуьне ша лехнарг карош хIума ю. Тахана аш динарг, шуна шайна кхана дуьхьал дер ду.

Нислучу кхин цхьана хьолах а лаьцна ала догIу. ГIиллакх лоцуш, жимачу машенан хьалхарчу гIанта хааво вай лорург! Амма авари хуьлучохь, дукха хьолахь, зарт хьалха хиъначунна чIогIа хуьлу. Иза массарна а гуш-хуучех ду. Баккъал а шаьш воккхачунна диканиг дан гIертахь (цунна шена а иза хууш хилча кхин а дика ду), иза тIехьарчу гIанта хаон веза.

С-М.ХАСИЕВ,

этнограф.

№140, еара, гIуран (декабрь) беттан 10-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: