Ерриге а Россехь а санна СПИД-ца къийсам латторан денца доьзна гIуллакхаш ду Соьлжа-ГIалахь а деш «Дахаран тест» аьллачу кхайкхамца Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон СПИД-на профилактика яран а, цуьнца къийсам латторан а республикин туьшахь кегийрхошца цхьаьнакхетар хилира. Цигахь дакъалоцуш кегийрхойн организацийн а, кегийрхойн Парламентан а, кегийрхойн «Ахмат», «Путин» боламийн а векалш бара.
СПИД а, ВИЧ-инфекци а гучуяларх, уьш дуьненахь сихха, дIасаяьржаш хиларх а лаьцна дийцира говзанчаша-эксперташа Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министран гIоьнчас Гайраханов Мовлас, СПИД-на профилактика яран а, цуьнца къийсам латторан а республикин туьшан коьртачу лоьро Айдамирова Хедас, оццу туьшан психолога Умаева Тамилас, Берийн кхоллараллин республикин туьшан методиста Багаева Тамарас. Говзанчаша шайна зеделларг довзуьйтуш, ладугIуш болу кегийрхой кхетар болчу маттахь дика дийцира. Могашаллин мах беза хилар а карладаьккхира цара, вайн республикин куьйгалло оцу цамгарца къийсам латторехь еш йолчу ахчанан харжах дерг а олуш. Говзанчийн лекцеш чекхъяларца лаам болчу кегийрхойн аьтто бира ВИЧ-инфекци толлуш цIийн анализаш дIаяла.
Оцу цхьаьнакхетаран коьрта Iалашо яра къоначаьрга шайна уллехь лаьтташ болчу СПИД тIеяларан кхерамна самояйтар. Кегийрхошна хаа деза оцу балхана лерина медицинин учрежденеш мичахь ю а, цигахь шайна таллам маьхза байта шайн бакъо хилар а.
Цхьаьнакхетар вовшахтоьхнарг Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолу министерство а, СПИД-на профилактика яран а, цуьнца къийсам латторан а республикин туш а яра. «Дахаран тест» аьлла денош 1-чу декабрера 6-гIа декабрь кхаччалц дIакхайкхийна дара Россин ерриге а регионашкахь.
И денош юкъадалийнера Россин Федерацин Правительствон Председателан Медведев Дмитрийн дIадолорца, Россин Федерацин могашаллаIалашъяран министерствос динчу жамIашца. «ВИЧ – положительный» аьлла диагноз йолчу нехан барам хIора шарахь алсамболуш хилар пачхьалкхан куьйгалло тидаме эцна. Халахеташ ду ВИЧ-инфекци хьакхаеллачарна юкъахь берш 20 шарера 44 шаре кхаччалц хенаш йолу къона нах хилар. «Дахаран тест» аьлла денош дIадахьарна кечамаш бинарг кегийрхойн гIуллакхашкахула йолу Федеральни агентство а, «СПИД Инфосвязь» Фонд а яра.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Авторан
суьрта тIехь:
СПИД-ца къийсам дIабахьарна лерина цхьаьнакхетар
№140, еара, гIуран (декабрь) беттан 10-гIа де, 2015 шо