Некъан бохамашкахь кхелхинарш дагалоцуш…

Некъийн-транспортан боламан дакъалацархой алсамбовларе хьаьжжина алсамболуш бу некъашкахь хуьлуш болу хьовзамаш а, бохамаш а. Уьш лахбарна тIехьовсийна деш дуккха а гIуллакхаш ду вайн махкахь. Россин Федерацин Президентан 2012-чу шеран хьалхарчу июнехьлерчу №761 йолчу Указца чIагIйина 2012–2017-чуй шерашкахь некъашкахь бераш лардаран Къоман стратеги кхочушъярца доьзна а, ткъа иштта зуламаш ца хилийтарехьа беш болу болх тобеш-карлабаккхаран, профилактика яран белхан эвсаралла лакхаяккхаран Iалашонца а Россин МВД-н Соьлжа-ГIалахь йолчу урхаллин талламан урхаллин талламхоша 2015-чу шеран 18–19-чуй июнехь дIадаьхьира, некъан-транспортан бохамашкахь кхелхинарш дагалацаран Дуьненаюкъарчу денна лерина цхьамогIа гIуллакхаш.pic10

   Иштта, уьш цхьаьнакхийтира вайн коьртачу шахьарарчу №№7, 67, 106 йолчу школийн а, №14 йолчу гимназин а дешархошца. Цигахь дешархошна йовзийтира некъан-боламан бакъенаш а, уьш лар ца йича хила тарлуш йолу тIаьхьенаш а. «Бакъенаш хьакъ ю шайн ларам бан», «Дахаран а, кхерамазаллин а дуьхьа» теманашца къамел дира талламхоша дешархошца хиллачу оцу а, кхечу а цхьаьнакхетаршкахь. Цара дика тIаьхье а елира. Дукхах болчу дешархошна евзира некъан боламан керла бакъенаш, хиира уьш леррина ларъян езаш хилар а, некъаца дIасадоьлхуш чIогIа сема хила дезаш хилар а.

Оцу декъехь болх бар кхул тIаьхьа а дIахьур ду талламан урхаллин белхахоша. Цу хьокъехь хаам бира Соьлжа-ГIалин полицин урхаллин талламан урхаллин хьаькама, юстицин полковника Хакимов Iайндис. Шеко яц цо шен беркате тIаьхье лург хиларан.

 

С.ХАМЗАТОВ

№140, еара, гIуран (декабрь) беттан 10-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: