Нохчийчохь дика вевзаш стаг ву Нухажиев Нурди – Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран – Векал. Пачхьалкхо шена тIедехкина декхарш дика кхочушдеш хиларал совнаха, адамийн бала, гIайгIа шена тIеэца иза даима а кийча хиларна. Лерина ца валлал дукха ду иза чIагIдеш дало бакъдерш, сингаттам тIехIоьттинчу адамашна дина вежараллин гIо. Нохчи муьлхачу регионехь вехаш бохург хьесапе доцуш, нагахь иза нийсонна тIегIерташ велахь, цуьнан бакъо талхийнехь, цо Векале дина дехар жоп доцуш дуьсур дац.
Бакъонаш ларъяран органийн уггаре а лакхарчу тIегIане кхача кийча хуьлу нохчийн Векал законе толам баккхийтархьама. ГIуллакх беттанашка, шерашка кхаччалц цигахь «къастош» дахлург хиларх шен коьртачу декхарна – адамийн талхийна бакъонаш меттахIитторна – тIера юха ца волу Нурди. Цунна къеггина долу кхин цхьа тоьшалла хилира Нохчийчоьнан вахархочуьнца Муслимов Iайндица Iоттаделла гIуллакх а.
Дуьненахь мел дукха хан яккхарх шен логана а, пхьаьрсана а тIерачу моьнаша цкъа а дицдолуьйтур дац жимачу стагана и де. Оцу дийнахь – 2013-чу шеран 15-чу октябрехь – Немчинов гIалара Москва вогIуш вара Iайнди. Дукха чIогIа йоьттинчу маршрутан такси чохь цхьа дар-дацар иккхира евзаш йоцчу цхьана къоначу йоIа, маьттаза бага а етташ, шофере-таджике шен цабезам дIагайтар бахьанехь. Харцо ца лайна, шоферан гIолаца гIоьртира нохчийн жима стаг. ТIаьххьара дош багара доьжна далале цхьаммо тIехьара схьалаьцна логах урс хьаькхира цунна. Иза, питана тесначу йоьIан накъост хилла хиллера. ЦIий алссамчу барамехь девнна бехке йолчунна тIе а кхийтира.
Уьрсаца шоферна кхерам а тесна, сацаяйтинчу машена тIера и шиъ охьадуссуш йоIа шеца волчун тидам тIебахийтира цо урс тоьхнарг дийна хиларна, дагтIе урс тохар тIе а дожийра. Аьтту куьйгаца лаг дIа а лаьцна, аьрру куьйга дуьхьало яр бахьанехь зуламхо шен Iалашоне ца кхечира, Iайндин пхьаьрсана шозза чов йира. Ткъа ши зуламхо цигара къайладелира.
Ирча сурт дара уллохула тIехволуш хиллачу таксистана гинарг: цIийх вуьзна стаг, яьсса лаьтта маршрутка, ша хIун дийр ду ца хууш хьийза шофер. Дархочунна шега далун гIо а дина, ДПС-н белхахошка оцу метте кхачар дийхира. Церан гIоьнца I.Муслимов №71 йолчу больнице дIа а кхачийра, цигахь цунна операци а йира.
Дийцарх теша хала хIума дара шолгIачу дийнахь хилларг. Дархо Iуьллуш волчу палати чу а веана, хирургин отделенин заведующис, хIоттош цхьа а тайпа бахьана а доцуш, тIедожийра палата паргIатъяьккхина ца Iаш, больница кертара аравалар а. Орцахбевлла баьхкинчу гергарчара шайн гIуллакхаш йозанца кхетор дехча, кIоршаме дуьхьало а еш, чевнаш хилларг цигахь хилла хиларан хьокъехь цхьа а кехат ца делира.
Яккхий чолхаллаш Iиттаелира бакъонаш ларъяран органашца долчунна а. Масех дийнахь дуьхьало йира полицехь бохам хиллачуьнгара заявлени дIаэца. ТIаьххьара а, кхин шайн дан хIума ца хилча, цигахь 2013-чу шеран 15-чу октябрехь динчу зуламца доьзна долу уголовни гIуллакх долийра цхьа кIира даьллачул тIаьхьа – 2013-чу шеран 21-чу октябрехь.
Оцу полицехь гIуллакх нийсонна тIегIерташ къасториг хиларх шекваьллачу Россин халкъийн Ассамблейн президиуман декъашхочо Хасиев Нур-Iелас Нухажиев Нурдига дийхира и зулам законаца ма-доггIу нийса таллийтарехь гIо дар. Иза тешна ву зулам къоман цабезаман буха тIехь дина хиларх, стаг вен Iалашо а йолуш. Цунна тоьшалла до зуламан тешаша а. Иза иштта хилар гойту лога тIехь йинчу чевно а – цхьана лерга тIера вукху лерга тIекхаччалц хьаькхна урс. Дина зулам Россин Уголовни Кодексан 30-чу статьян 3-чу декъана, 105-чу статьян 2-чу декъан «д», «ж», «л» пункташна (адамийн тобано къоман, бесан, динан цабезаман буха тIехь къаьсттина доккха зулам дар) кIел догIуш хилар даррехь гуш доллушехь, уголовни гIуллакх долийна РФ-н УК-н 105-чу статьян 2-чу декъан «а» пунктана тIедоьгIна (могашаллина зен а деш, харцахьа леларан Iалашонца еттар).
Нийсо меттахIотто гIерташ еххачу хенахь дуккха а барамехь кехаташ яздира нохчийн Векала Москван бакъонаш ларъяран органашка. Ур-аттал Россин Генеральни прокуроре яздан а дийзира. Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векала яздинчу дуккха а кехаташна тIаьххьара а кху шеран октябрехь жоп кхечира Москван гIалин прокуроран заместителан Б.Марковн куьг буха яздина а долуш. Цо хаамбо уголовни гIуллакх чоьхьарчу гIуллакхийн органашкара схьадаьккхина а, кхидIа таллийта Россин Талламан комитетан органашка дIаделла а хиларан хьокъехь. Москва гIалахула йолчу Талламан урхаллин Дорогомиловски МСО-н талламхочо уголовни гIуллакх талла долийна РФ-н УК-н 30-чу статьян 3-чу декъана, 105-чу статьян 1-чу декъана тIе а доьгIна. Карарчу хенахь дIахьош ду дан дезаш долу талламан гIуллакхаш.
Цхьана декъана нийсоно толам баьккхинехь а, Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векал тешна вац оцу гIуллакхан буьззинчу барамехь йист йоккхург хиларх. Цунна хетарехь, Муслимов Iайндин дахарна кхерам тийсина зуламхой хьакъ доллучу жоьпе озоза буьсур бу Москван Фили-Давыдковон ОМВД-н а, пачхьенан прокуратурин а белхахоша шен хеннахь гIуллакхаш ца дар бахьанехь. ДуьххьалдIа церан бехкенна кхаа шарахь бан ма-безза таллам ца бира оцу гIуллакхан.
Делахь а, Делан диканах дог дуьллур дац вай. ХIунда аьлча, таханлерчу бюрократин а, язорийн а хьелашкахь иштта толам баккхар а лара богIу боккха толам. Иза къеггина гуш ду лакхахь далийначу шерашка дахделлачу бакъдолчунна тIехь а. Оцу масало кхин цкъа а гайти, юьхьарлаьцна гIуллакх шен чаккхене дерззалц тIаьхьало йоллуш Iалашоне гIиртича, чолхаллашна хьалха юхавер воцуш хилча «лаамо лам боккхуш» хилар.
ТIаьххьарчу чоьтехь бакъо даима а тоьлла. Нагахь доккха хьашт хиларца иза хилийта гIерташ велахь, шега дехар диначун хIораннан лазам шениг санна тIеэцахь. Нохчийн Векал оцу лехамашна дуьззина жоп луш хиларна масалш бIеннаш ду. Республикехь хьовха, цуьнан дозанел арахьа а Iаламат дукха ду Нухажиев Нурдис доккха гIо дина, бехк боцуш тIехIоьттинчу боккхачу сингаттамах кIелхьардаьхна, шайн кхолламашкахь йоккхачу жигараллица цо дакъалаьцна адамаш. Мел доккха хIума ду оцу кепара гIо хиллачо ша дуьненчохь яккха шена бухайисинчу ерриге а хенахь баркалла бохург хилар, шена дина дика цунна дицлург цахилар!
Дахарехь иза хуьлуш а ма-хиллара, кIезиг хир бац «цо-м шена тIехь долу декхар кхочушдарал совдаьлла хIума ца динера» аьлла хеташ берш. Цхьана декъана нийса ду иза: даржехь волчо шен декхар кхочушдина. Амма вайна дика хууш ду иза кхочушдаран кепаш, хатI тайп-тайпана хилар. Цундела кхузахь шашаха хьалха хIутту хаттар: «Муха кхочушдина иза?». Шега дехар динарш кочара бахархьама, цара букъ ма-гайтти уьш биц а беш, цIарна лелаш болу чиновникаш болуш бу вайн юкъараллехь, мел халахеташ делахь а.
Ишттачара коьрта лору шайн синтем. Царна хийра бу адамийн сингаттам, стагана тIехIоьттина бохам. Церан амалехь ду шена тIевеанчуьнга «лакхара чухьежар», цунна шен «хьаькамалла», ша тIехь Iаш волчу гIентан да мила ву гайта гIертар. Вайна юкъахь кIезиг хир бу и тайпа юкъаметтиг шайца хилаза берш, дегаIовжам хилларш. Бакъду, ишттачу чиновникера бехк боккхийла дац. Иштта ю цо шен декхар кхочушдаран кеп. Цу тIе тIаьхье муха хир ю бохург хьехош а дац. Иза иштта а гуш ду.
Ткъа Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векалан офисехь хиллий шу? Нагахь хиллехь, аш тидам бина хир бу шайн цхьа бала эцна баьхкинарш цуьнца къамел хиллачул тIаьхьа тоам хилла дIаоьхуш хиларан. Сацам боллуш чIагIдан йиш ю, Векал волчуьра цхьа стаг дагна Iовжам хилла дIа ца вахана. Цунна хаьа стеган бала байбан, цуьнгахь синтем кхуллу болу дош ала.
Нухажиев Нурдис шен хIора дийнан белхан гIуллакхашца чIагIдо вайн коьрта хьал адам, цуьнан синтем хилар. Цунна тоьшалла ду шайна билггал гIо хирг хиларх тешаш Векалан офисехь хIора дийнахь хаддаза хуьлуш долу адамаш. Царна хаьа мел дукха хан яларх долийна гIуллакх цхьа йист яллалц дижа дуьтур доцийла, цуьнгахула шайна синтем кхочур буйла. Россин тайп-тайпанчу регионашкара кхочуш долу кехаташ а дац кIезиг. Уьш дуьххьалдIа цигахь бехаш болчу вайн махкахошкара хилла а ца Iа. Жоп доцуш дуьсур дац цхьана а стеган дехар, лерина толлур ду хIора кехат.
Делахь-хIета, бакъо толийтаран дуьхьа хьалхахьа кхин цхьа гIулч а йоккхур ю. Синтем кхочур бу кхин а цхьана доьзале, гергарчаьрга.
Л.МАГОМАЕВ
№140, еара, гIуран (декабрь) беттан 10-гIа де, 2015 шо