Йолуш ю иштта подразделени

Нохчийн Республикин МВД-ехь ду шена тIехь долу мехала а, жоьпаллин а декхарш кхиамца кхочушдеш долу талламан дакъа (подразделени). Карарчу хенахь цигахь болх беш 47 белхахо ву. Царна куьйгалла деш ву юстицин полковник Хакимов Iайнди, ткъа иштта цуьнан заместительш бу юстицин полковник I.Сулиманов а, юстицин подполковник М.Арсанукаев А.

   Россин МВД-н Соьлжа-ГIалахь йолчу урхаллерчу талламан урхалло кхочушдо уголовно-процессуальни законо чоьхьарчу гIуллакхийн органийн талламхоша талла дезаш лерина долу уголовни гIуллакхаш таллар вовшахтохаран декхарш.

Талламан урхалла еа отделах а, отделенех а лаьтташ ю. Ленински районехь дина зуламаш талларан отделан хьаькам ву юстицин подполковник Яскиев Аслан, Заводской районехь дина зуламаш талларан отделан хьаькам ю юстицин подполковник Пятыгина Ольга, Октябрьски районехь дина зуламаш талларан отделан хьаькам ву юстицин майор Солтаханов Хьамзат, ткъа Старопромысловскехь дина зуламаш талларан отделан хьаькам ву юстицин подполковник Чакаев Мохьмад.

Цул а совнаха, оцу урхаллина юкъахь ю хаамийн-хьесапдаран а, тергонан-методикин а отделени. Цуьнан хьаькам ю юстицин подполковник Кучеренко Елена.

Талламан урхалло шен декхарш кхочушдо стеган а, гражданинан  а бакъонаш а, маршонаш а ларъяран, законностан, къинхетаман бехке хилар чIагIдина даллалц стаг бехке цалараран принципашца нийса а догIуш, ткъа иштта Нохчийн Республикин пачхьалкхан Iедалан органашца, меттигашкахь шаьш урхалладаран органашца, юкъараллин цхьаьнакхетаршца цхьаьна гIуллакхаш а деш.

Дукхахболу белхахой хIокху подразделенехь белхаш беш болу итт шо сов хан ю. Пхеа шаре кхаччалц белхаш бина къона говзанча пхийтта ву. Оцу массара а шаьш дикачу агIор гайтина. Уьш берриге а хьанал болх беш бу, болх безаш а бу, шайна тIедехкина декхарш корматаллин лаккхарчу тIегIанехь кхочушдан хьуьнарш, хаарш, говзалла йолуш бу. Божаршца нийсса шайн декхарш кхиамца кхочушдеш пхи зуда а ю. Царах шиъ подразделенина куьйгалла деш ю.

2015-чу шеран итт баттахь талламан урхаллехь толлуш хилларг дерриге а 832 уголовни гIуллакх дара. Царах Заводской районерчу талламан отделехь толлуш хилларг 132 уголовни гIуллакх дара, Ленински районерчу отделехь – 382, Октябрьски районан отделехь – 153, Старопромысловски районерчу талламан отделехь – 165. Оцу уголовни гIуллакхех суьде дIадахьийтинарг 166 ду. Заводскойхь – 43, Ленинскехь – 55, Октябрьскехь – 29, Старопромысловскехь – 39.

Талламхочун болх Iаламат чIогIа жоьпаллин а, чолхе а, кхераме а бу. Цуьнан белхан раж ян а яц. Дийнахь а, буьйсанна а болх бан безаш ву иза. Цунна кхерамаш тийса а, тIелата а тарло. Талламхочун болх «кабинетехь беш болу болх» хилла Iаш бац. Россин МВД-н Соьлжа-ГIалин урхаллин кхечу (подразделенийн) дакъойн белхахошца цхьаьна цара жигара дакъалоцу юкъараллин къепе ларъярехь, тайп-тайпана гIуллакхаш дIахьочу хенахь бахархойн кхерамазаллина кхачоярехь. Иштта, 2011-чу шеран 30-чу августехь, дIаведда волу зуламхо схьалоцучу хенахь еза чов йира Россин МВД-н Соьлжа-ГIалин урхаллин талламан отделан хьаькамна юстицин майорна Садулаев Iабдурашидна. Иза оцу чевнах кхелхира. Шен белхан декхар кхочушдарехь майралла а, стогалла а гайтарна  Россин Федерацин Президентан Указца цунна «Къонахаллин орден» елира (кхелхинчул тIаьхьа). ХIетахь чов йира талламан урхаллин талламхочунна юстицин лакхарчу лейтенантана Елбазов Мовсарна. Чевнаш дIайирзинчул тIаьхьа шен балха араваьлла иза.

Шен хIора дийнан балхахь талламхо юьхьа дуьхьал нисло шаьш динчу зуламах уголовни жоп даларх кIелхьарабовла гIертачеран ямартлонна, тешнабехкана, оьгIазаллина. И санна берш совцо беза, Iорабаха беза, жоьпе озо беза.

Талламхо денна тIеIиттало нахана тIебеанчу сингаттамна, церан гIайгIанна, балина. Цаьрца халахетаран дакъа доькъу цара. Кхоам а хета, къа а хета некъан транспортан бохамехь лазийначарах а, кхелхинчарах а, шен бахамах ваьллачех а. Къахета гIалат а бевлла, зулам динчарах. Талламхочунна тIехь ду ша бинчу сацаман хьокъехь долу къаьсттина жоьпалла. Законна а, ша шена а хьалха шен эхь-бехкана хьалхо ду и жоьпалла. Цунах нийса кхетарца, шайн белхан декхарш кхиамца кхочушдеш схьабогIуш бу талламан урхаллера берриге а бахархой. Ларамаза нисвелларг кхузахь вах ца ло.

   

И.Соколова,

хаамийн-хьесапдаран, тергонан-методикин отделенин лакхара талламхо

№140, еара, гIуран (декабрь) беттан 10-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: