Шелахошна а, хьалхамартанхошна а – 4G

Нохчийн Республикера Шелахь а, Хьалха-МартантIехь а йолу «доьалгIачу чкъуран» (LTE) сеть коммерцин эксплуатаце дIаелла хиларан хьокъехь, хаам бина «ВымпелКом» компанис («Билайн» бренд). ХIинца Нохчийн Республикин 38 процент бахархойн 4G сеть лело таро хир ю. Таханлерчу дийнахь, нохчийн гIаланийн 75 процент меттигехь болх беш ю вайн махкана керла йолу интернет-технологи. LTE сета чохь уггаре а сиха файл дехьа-сехьа яккхар – 70 Мбит/сек ю, ткъа юккъера (лахара) барам – 10-15 Мбит/сек.05

   Шела а, Хьалха-Марта а шайн дозанашкахь «Билайнан» 4G сето болх бечу Нохчийн Республикин шахьарийн могIарехь 13-гIа а, 14-гIа а нисъелла. Цул сов, компанин векалша хаам барехь, карара шо чекхдалале, LTE-х пайдаэца таро хир ю Нохчийчоьнан кхин а 11 юьртан (Чечана, ГIойтIа, Гикало, Iалхан-ГIала, Мамакхин-КIотар, Iалхан-Юрт, Аьхкинчу-Борзе, Шинасуьйра-юкъ, Йоккха АтагIа, Девкар-Эвла, Бамат-Юрт) бахархойн.

– Мобилан интернет лелор Нохчийн Республикин бахархошна юкъахь денна а даржар гуш ду тхуна. Масала, дIадаханчу шарца дуьстича, Соьлжа-ГIалахь юккъера трафик (интернетан барам) лелор 79 процентана лакхадаьлла. LTE-н трафик лелор шозза лакхадаьлла. Со тешна ву, керлачу 4G сетах кху республикехь бехаш болчу тхан клиенташа кхоччуш пайдаоьцург хиларх, – элира «ВымпелКоман» Къилба а, Къилбаседа Кавказан а регионийн туьшан маркетинган а, арахьарчу зIенийн а директора Шляхов Егора.

«ДоьалгIачу чкъурах» (сеть 4-го поколения) пайдаэца таро ю «Билайнан» 4G USB-модемийн а, LTE-н смартфонийн а дайн. Нохчийн Республикин бахархошна шайн SIM-карташ USIM-ца (4G технологин карташ) маьхза хийца а, оьшуш болу гIирс эца таро а ло «Билайно» шен муьлххачу а офисехь.билайн2

Шелахь а, Хьалха-МартантIехь а шайн компанин 4G сеть болх бан йолаяларна лерина, Нохчийн Республикехула йолчу «Билайнан» филиалан белхахоша оцу гIаланашкарчу школашкахь керлачу технологин башхаллаш йовзийтира.

Цул тIаьхьа, дешархошна «Билайнан» билгалонаш тIехь а йолуш, кечдина тайп-тайпана совгIаташ а луш, школашна капсулаш а луш дIадаьхьира цхьаьнакхетарш.

ХIора а капсула чохь, 4G сетан трафикан тахана болчу бараман терахь тIе а яздина, чудиллина кехат ду. И терахь, капсула схьа ца яьстича, довза таро яц. Ткъа капсула мац-мацца а схьа ца ястийта, цу тIе яздина «…схьаяста 2025-чу шеран 3-чу декабрехь». Итт шарахь капсула къевлина латторан бахьана ду, интернет-технологешна оцу хена чохь хир болу хийцамаш бовзийтар.

И.ХАСАХАНОВ

 

№140, еара, гIуран (декабрь) беттан 10-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: