«2015–2016-чуй шерашкахь Нохчийн Республикехь коррупцица къийсам латторан хьокъехь» йолу республикин Iалашонан программа чIагIъяран хьокъехь болу 2013-чу шеран 6-чу августехьлера Нохчийн Республикин Правительствон сацам а, меттигерчу белхан тобанийн планаш а кхочушъеш, коррупцица къийсам латторехь жигара болх дIахьо Хьалха-Мартан къинхьегаман, социальни кхиоран отделехь. Цуьнан хьаькама З.Шапаевас дийцарехь, оцу декъехь отдело болх бо 2015–2016-чуй шерашна хIоттийначу планаца нийса а догIуш. Коррупцица къийсам латторан болх кхиамца дIабахьарна вовшахтоьхна белхан тоба. Цуьнан кхеташонашкахь дийцаре до коррупцица доьзна долу гIуллакхаш, къастадо бахархоша шайн дехаршна тIехь хьалхахIиттош долу хаттарш. Цул сов, дийцаре дира «Нохчийн Республикин пачхьалкхан органашкахь коррупцица къийсам латторехь дан дезачу гIуллакхийн хьокъехь» долу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Указ а, «Нохчийн Республикехь коррупцица къийсам латторан хьокъехь» долу республикин закон а кхочушдарехь дина гIуллакхаш. Отделехь кхочушбо законодательствон лехамаш. И бахьана долуш коллективехь иза талхийна цхьа а меттиг ца хилла.
Учрежденис дуккха а агIонашкахь дIахьо социальни хьашташ кхочушдаран болх.
– Оха ларйо тхайн отделан белхан хьокъехь болу хаамаш бахархошна бовзийтаран принцип, – боху З.Шапаевас.
– Царна довзуьйту бахархойн дехарш кхочушдарна тIехь таллам латторехь деш долу гIуллакхаш. Коррупцина дуьхьал кхиамца къийсам латторан Iалашонца отделехь дIатоьхна ю бахархойн дехарш гулдеш йолу яьшка, иштта, болх беш ю оцу гIуллакхана лерина йолу телефонаш. Долуш ду бина хаамаш дIаязбеш долу журнал. Коллективехь шен-шен хенахь дIахьо «Коррупци вайн дахарехь» аьллачу темина лерина болу кхеторан болх. Йийцаре йо коррупцех лаьцна дуьйцуш йолу газеташна а, журналашна а тIера статьяш, Iамадо коррупцин барташ баран бахьанаш а, гIирсаш а. Оха зIе латтайо экономически зуламашца къийсам латторан меттигерчу отделаца, цуьнан белхахошка белхан тобанан кхеташонашка кхойкху.
Амма коррупцица къийсам латторан болх цхьана Iедалан органаша бар кхачаме дац, оьшуш ду оцу жоьпаллин балхахь бахархоша шаьш а жигара дакъалацар. Суна хетарехь, коррупцица йолу вешан юкъаметтигаш кхетарца хийцина, цуьнца жигара къийсам латтийна ца Iаш, юкъараллина а, пачхьалкхана а кхераме долу и зулам юкъарчу ницкъашца бен дIадаккхалур дац, – элира З.Шапаевас.
– Кху шеран кхозлагIа чийрик чекхйолуш белхан тобанан кхеташонехь оха коллективана дийцира гIуллакхерчу наха кхаьанаш эцар ца хилийтарехь дан деза гIуллакхаш довзуьйтуш долчу Россин Минтрудан 2014-чу шеран 4-чу мартехьлерчу кехатах лаьцна, – кхидIа а дийцира З.Шапаевас.
Билгалдаккха деза отделан куьйгалло хIора кIиранах районан бахархой тIеоьцуш а, цаьрца цхьаьнакхетарш вовшахтухуш а хилар. Оцу цхьаьнакхетаршкахь къастадо бахархойн заявленеш а, аьрзнаш а, отделан белхахошкара коррупцица доьзна долу гIуллакхаш гучу ца дийлийтарна магораш до. Районан бахархошна социальни дакъа доккха маьIна долуш хиларх а кхеташ, отделан белхахой дан ма-деззара кхочушдан гIерташ хуьлу шайн корматаллин декхарш. И бахьана долуш карара шо доладелчахьана отделан балхана бахархошкара цхьа а арз ца кхаьчна. 9-чу ноябрехь, Коррупцица къийсам латторан Дуьненаюкъарчу дийнахь белхан тобано дIаяьхьира рогIера йоцу кхеташо. Цигахь дийцира коррупцица къийсам муха латто беза.
С.ДАМАЕВ
№140, еара, гIуран (декабрь) беттан 10-гIа де, 2015 шо