Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана вайн мохк политикин, экономикин, культурин, социальни кхиорца цхьаьна тIаьхьарчу шерашкахь боккха тидам тIебохуьйту белхан меттигаш нисъярна, республикера белхазалла лахъярна. Цунна лерина яра Нохчийчоьнан Куьйгалхочо хIокху деношкахь дIаяьхьна кхеташо а. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхо Кадыров Ислам, ткъа иштта министерствийн, ведомствийн, гIалийн, районийн куьйгалхой.
Къамелан юьххьехь Кадыров Рамзана билгалдаьккхира республикехь белхан меттигаш нисъярна тIехьажийна болх хаддаза дIахьош хилар. «Оха къаьсттинчу тидамехь латтош ду и гIуллакх. Iалашонна тIехьажийна болх дIабахьар бахьанехь аьтто баьлла белхазалла 76 процент хиллачуьра 13,9 проценте кхаччалц охьаяккха. Яккхий проекташ кхочушъяран чоьтах хIора шарахь алссам белхан керла меттигаш нисйо. Иза иштта делахь а, бахархой балха нисбаран туьшашкахь хьесапе эцна бу дипломаш долу алссам говзанчаш, говзаллаш йоцу нах ца хьехийча а. Оцу адамашна бан болх боллушехь ду и хьал. Цо вайна гойту къона говзанчаш белхан еса меттигашка дIанисбаран гIуллакх хила деззачу тIегIанехь цахилар. Уьш балха хIитто кхин а эвсаре, бегIийла некъ лаха беза», – бохура цо.
Цул тIаьхьа, бахархой балха нисбаран декъехь долу хьал ма-дарра довзуьйтуш къамел дира Кадыров Ислама. Цо дийцарехь, таханлерчу денна бахархой балха нисбаран туьшашкахь белхазхой санна хьесапе эцнарг дипломаш долу 13 эзар гергга говзанча ву. «Царах цхьа эзар сов лаккхара а, юккъера леррина а дешар дешна хьехархо ву. Юристаш, экономисташ, кхиберш вай хьеха а ца бо. Республикехула 8 эзар белхан меттиг елахь а, балха хIоттийнарг 2 829 стаг бен вац, белхазхо санна хьесапе эцна хилла волу. Кхин а пхи эзар сов стаг балха хIоттийна, балха нисбаран туьшашкахь хьесапе эцна хилла воцу», – элира И.Кадыровс.
Цо иштта тидам тIебахийтира цхьайолчу ведомствошкахь а, муниципальни вовшахкхетараллашкахь а болх беш болу пенсионераш пенсе дIахьовсоран гIуллакх ледара хиларна.
Кхеташо ерзош, Кадыров Рамзана министерствийн а, ведомствийн а векалшна, меттигашкахь шаьш урхалла даран органашна тIедиллира къона говзанчаш балха дIахIитторан гIуллакх хила ма-деззара вовшахтохар. «Дипломаш долу говзанчаш балхахь боцуш буьтийла дац. Уьш жигара юкъаозо беза вайн сий-лараме пенсионераш балхара дIабевлча паргIатъевллачу меттигашка. ХIара шо чекхдалале рогIера кхеташо дIахьур ю вай, цигахь жамIаш дийр ду вай оцу белхан», – элира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
Д.АНАДЕВ
№140, еара, гIуран (декабрь) беттан 10-гIа де, 2015 шо