США коьртехь йолчу коалицин кеманаша бомбанаш а, ракеташ а тоьхна Шеман 1едалан эскарш долчу меттигашка. Т1емалошна юкъахь байъинарш а, чевнаш йинарш а бу.
***
Шеман 1едалан эскарша Алеппо а, Латакии а провинцешкара варх1 юрт схьаяьккхина «Иблисан пачхьалкхан» г1еранашкара.
***
Иракан Правительствон Председатела НАТО-н куьйгалле дехна шайн махкара Хонкаран эскарш мелла а сиха арадахийтар.
***
Овг1анерчу «Талибан» боламан террористаш х1окху деношкахь т1елетира Кандагарерчу аэропортана.
***
Кувейт пачхьалкхехь д1абаьхьира т1еман техникин а, герзийн а дуьненаюкъара гайтам.
***
Х1ара шо доладелчахьана Европин пачхьалкхашка баьхкинчу мигрантийн барам 910 эзар гергга бу. Уьш, коьртачу декъана, Овг1анера, Шемара, Иракера, Африкин мехкашкара бу.
***
«Брент» маркех долчу мехкадаьттан цхьана баррелан мах 40 долларал охьабаьлла. 2009-чу шарал т1аьхьа оццул дораха мехкадаьтта хилла дац дуьненахь.
***
Таджикистанерчу Памир ломана уллехь йолчу меттигашкахь мохк бегийна. И бахьана долуш 500 сов ц1а дохийна, 1 стаг кхелхина, иттаннаш адамаш лазийна.
***
США-н вице-президента Джозеф Байдена Украинан Радехь къамел дечу хенахь даррехь схьахаийтира Россис д1ахьош йолчу арахьарчу политикина реза цахилар. Цхьа а делил а ца далош, массо а х1умананна Росси бехке ян г1ертара иза.
***
Россин Президента В.Путина селхана Правительствон декъашхошца дийцаре дира Президента Федеральни Гуламе дина кост кхочушдарехь дан деза г1уллакхаш.
***
Вайн мехкан премьер-министр Д.Медведев цхьаьнакхийтира Ерригроссин халкъан фронтан векалшца. Цара дийцаре дира дуьненахь а, Россехь а кхолладелла политикин а, экономикин а хьелаш.
***
«Россия-1» телеканалан журналистийн, операторийн тоба шайн махкара араяьккхина Хонкаран бакъонаш ларъяран органаша.
№140, еара, гIуран (декабрь) беттан 10-гIа де, 2015 шо