Журналисташ дагалецира

Стомара, 8-чу декабрехь, Зорбанан цIийнан актови залехь бакъдош, белхан декхарш кхочушдеш кхелхина болу журналисташ дагалецира. И гIуллакх вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос, республикин Журналистийн  союзаца цхьаьна. Иза шина декъехь дIадаьхьира: актови залехь – дагалецамаш, Журналистийн скверехь – кхелхинчу журналистийн сийнна хIоттийначу мемориальни уьнна хьалха зезагаш дахкар.24

  Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата, шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалша, кхелхинчу журналистийн гергарчара, иштта кхечара.

Нохчийн Республикин хьакъйолчу журналисткин Газиева Азин, бакъдешан дуьхьа шайн дахар дIаделлачу журналистех лаьцна язйинчу очеркийн «Дешан бIаьхой» аьлла йолу книга йовзийтира цхьаьнакхетарехь. А.Газиевас  ма-аллара, и книга арахецар кIеззиг хIума бен дац, церан сийнна дан хьакъ долчуьнга хьаьжча. Иштта, министрана баркаллин дешнаш элира журналисткас, книга арахецарехь гIолацарна а, журналистийн терго ярна а.

– Вайх дIакъаьстина болу и тайпа журналисташ вайн конституци ларъеш кхелхина ала мегар ду. Вайна санна шайн синош, могашалла, доьзал, дуьне а деззашехь, луьрачу хенахь а бакъдерг дIакхайкхош (олуш, яздеш), кхера а ца кхоьруш болх бина цара. Вай лара а, гуттар а дагахь латто а хьакъ бу и санна болу нах, – элира Д.Умаровс.

Министра, шен къамел дерзош, кхелхинчу журналисташна доIа дира.

– ТIом ирча хIума ю, карахь герз а долуш тIаме ваха хала дац, цул хала ду къолам, кехат, камера эцна тIом бан, – долийра шен къамел, дерриге а дахар журналистикица доьзна, кхелхина болу журналисташ дика бевзаш хиллачу, Нохчийн Республикин хьакъволчу журналиста Дадаев Сайд-Хьасана. – И дIабахана болу журналисташ, цхьа а шеко а йоцуш, вайн мехкан турпалхой бу. Церан цIарах урамаш, школаш хила хьакъ яра, – элира цо.

Хьалхара дакъа дерзош, балхахь билгалбевллачу журналисташна Россин Журналистийн союзан сийлаллин грамоташ елира, къоначу журналисташна Россин журналистийн союзан декъашхойн тоьшаллаш делира. Иштта цхьаьнакхетаре баьхкинчу кхелхинчу журналистийн гергарчарна, Газиева Азин «Дешан бIаьхой» книгин дуьххьарлера экземпляраш йийкъира совгIатна.

ШолгIачу декъехь, кхелхинчу журналистийн сийнна лерина Журналистийн скверехь хIоттийначу мемориальни уьнна хьалха доIа дира, зезагаш дехкира гулбеллачара.

Хь.ЭЛЬБЕРТОВА

 

№140, еара, гIуран (декабрь) беттан 10-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: