Россин Федерацин дешаран а, Iилманан а министерствос Хонкарара лаккхарчу дешаран заведенешкара студенташ-россихой герггарчу хенахь цIаберзор бу аьлла, хаам баржийна. Иштта, дIадаханчу кIирнах министерствос дIахьедина, Хонкаран дешаран а, Iилманан а юкъараллашца йозуш хиллачу Россерчу ВУЗаша болх сацийна хилар а.
Масала, хIинцале дIакъевлинчийн могIарехь ю Москварчу «Иностранка» библиотеки чохь лаьттина оьрсийн-туркойн Iилманан юкъаралла. Россин Федерацин дешаран а, Iилманан а министра Ливанов Дмитрийс чIагIдо Россерчу лаккхарчу дешаран заведенешка, Хонкарца йолу юкъаметтигаш хедарна а, белхан а, дешаран а хьокъехь хьехархошна а, дешархошна а оцу махка бахар тIейогIучу хенахь дехкарна а уьш декхарийлахь еш, омра кхаьчна хилар.
Жимма хьалха россихошна дихкира ханна Хонкара бахар, ткъа туризман декъехь болх бечу организацешна оцу махка Россин Федерацин бахархошна путевкаш йохкар а.
Иштта цкъачунна дихкина ду цигара муьлхха а тайпа сурсат Россин Федераце кхачор а.
Шемарчу «Иблисан пачхьалкхана» дуьхьал леррина операци дIахьош долу Россин Федерацин тIеман кема Хонкаран эскарша чудаийтар бахьана долуш, телхина ю шина пачхьалкхан юкъаметтигаш.
И.ХАСАХАНОВ
№140, еара, гIуран (декабрь) беттан 10-гIа де, 2015 шо