Нохчийчохь лаккхарчу тIегIанехь дIадаьхьира Литературин шо. Иза дIадахьаран хьокъехь долчу Указна тIе куьг яздира Россин Президента Путин Владимира. Культурин учрежденешкахь, дешаран заведенешкахь боккха болх бира литература езачарна иза йовзийтарехь. Нохчийн яздархойн ешархошца цхьаьнакхетарш хилира республикин библиотекашкахь, дешаран заведенешкахь, яртийн культурин кхерчашкахь. Литература езачарна евзира оьрсийн а, дозанал арахьарчу а, нохчийн а яздархойн, поэтийн дуккха а произведенеш.
ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалахь М.Ю.Лермонтовн цIарах йолчу Оьрсийн драматически театрехь хилира Литературин шо чекхдаларна лерина даздарш.
Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхо Кадыров Ислам, кхоллараллин интеллигенцин векалш, яздархой, кхиберш.
Цхьаьнакхетар схьадоьллуш, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатела Ибрагимов Кантас билгалдаьккхира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана гIолацар бахьана долуш республикехь Литературин шо лаккхарчу тIегIанехь дIадаьхьна хилар.
«Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан распоряженица вай долчохь кхоьллира вовшахтохараллин комитет. Цо Iуналла а деш, республикехь дIадаьхьира литературина лерина дуккха а цхьаьнакхетарш. Со тешна ву Литературин шо чекхдаьлча республикехь церан барам кхин а алсамбериг хиларх, хIунда аьлча вайн яздархошна болх бан башха хьелаш кхоьллина хиларна. Суна лаьа Кадыров Рамзана гуттар а вай шен тидамехь латторна а, гIолацарна а цунна баркалла ала», – элира К.Ибрагимовс.
Цул тIаьхьа къамел дира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо билгалдаьккхира литературо республикин дахарехь гуттар а башха меттиг дIалоцуш хилар.
«Тахана кхузахь бу шайн дерриге а дахар литературина дIаделла болу яздархой а, поэташ а. Шеко йоццуш, церан къинхьегам чIогIа хасто хьакъ бу, хIунда аьлча церан произведенеш вайн культурин, меттан, вайн гIиллакхийн, Iадатийн исбаьхьаллех лаьцна хиларна. Вай декхарийлахь ду шуьйрачу хаамийн гIирсашца а, шуьйрачу халкъийн культурин гIуллакхашкахула а литература ешаран культура, литература йовзийтарехь дерриге а гIуллакхаш дан», – элира цо.
Республикин Куьйгалхочо яздархой иштта декъалбира Литературин шо дIакъовларца, дIахаийтира церан кхоллараллин кхиамаш хуьлийла шена лаар.
«Суна лаьа шун кхоллараллин кхиамаш хуьлийла а, шу дуккха а шерашкахь дехийла а. Со тешна ву вайн заманхошна санна, иштта тIехиндолчу чкъоьрашна а билггал пайдехь хир йолу дуккха а произведенеш аш язйийриг хиларх», – элира цо.
Цхьаьнакхетарехь билгалдаьккхира тIедогIу шо Нохчийн Республикехь художникан Захаров Петран шо ду аьлла дIакхайкхийна хилар. Цуьнца доьзна республикин Яздархойн союзан председатела К.Ибрагимовс Кадыров Рамзанна елира номер цхьаъ йолу П.Захаровн юбилейн мидал. Цул сов, Россин Яздархойн союзан хьалхарчу секретара Иванов Генадийс Кадыров Рамзанна елира Шукшин Василий Макаровичан цIарах йолу дашо мидал.
Р.Кадыровс совгIаташца билгалбехира Нохчийн Республикин цхьамогIа бевзаш болу яздархой. К.Ибрагимовна делира Нохчийн Республикин лаккхара совгIат – Кадыровн орден, республикин бевзаш болчу иттех сов яздархошна сийлаллин цIерш а, мидалш а, баркаллин кехаташ а делира. Цул сов, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун А-Хь.Кадыровн цIарах йолчу Региональни юкъараллин фондан Президентан Кадырова Айманин распоряженица царна ахчанца совгIаташ а дира.
С.ЛАЛАЕВ
№140, еара, гIуран (декабрь) беттан 10-гIа де, 2015 шо