Музейхь – поэзин суьйре

   ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин къоман музейхь дIаяьхьира нохчийн гоьваьлла поэт Сулаев Мохьмад дагалацарна лерина суьйре. Цигахь дакъалецира яздархоша, культурин белхахоша, поэтан гергарчара. Гулбеллачарна хьалха къамел динчу Нохчийн Республикин халкъан яздархочо Яричев Iумара, иштта кхечара билгалдаьккхира Сулаев Мохьмада нохчийн литературехь бIаьрла лар йитина хилар.07

   Поэт, прозаик  Сулаев Мохьмад вина 1920-чу шеран сентябрь беттан 20-чу  дийнахь  ГIойтIахь. 1941-чу шарахь чекхйоккху Бакура лоьрийн институт. ХIетахь дуьйна схьа  лоьралла  а,  литературехь   болх  бар а   цхьаьна   дIакхийхьира цо. Стихаш язъян волавелла 1935-чу шарахь,  ша Бакухь доьшуш  волчу   хенахь.  Кхоллараллин хьалхара  мур  чекхболу 1943-чу шарахь, «Малх тоьлур   бу»   поэма   язъярца. Шен халкъаца   цхьаьна махках ваккхар бахьанехь, литературехь жигара болх бан шовкъ  йоцуш зама а еара. 1958-чу шарахь «Безаман   эшарш» цIе йолу стихийн гулар араяларца  дIаболало яздархочун   кхоллараллин   керла   мур. ХIетахь дуьйна   цо  арахоьцу   поэзин а, прозин а   дуккха а книгаш: «Велларг денвар», «Даймехкан зIаьнарш», «Товсолта ломара  дIавоьду», «Даг чуьра  суйнаш», «Йовшйоцу  цIе», «Бакъдерг», «Адамалла», «Сирла  суьйре», иштта кхин а.

«Товсолта ломара дIавоьду» роман (тIаьхьа иза тойина юха араелира «Лаьмнаша ца дицдо» цIе а йолуш) яздархочун шен кхоллараллехь хилла ца Iаш, нохчийн проза кхиарехь а хьалхахьа яьккхина гIулч яра.

Говза гочдархо а вара М.Сулаев. Цо нохчийн матте гочйина Рудакин, Г.Гейнен, Р.Гамзатовн, иштта кхечу а гоьбевллачу поэтийн стихаш.

Поэтан   кхалхар хилла 1992-чу шарахь.

Иштта суьйре дуьххьара вовшахтухуш яцара музейхь. Нохчийн Республикин къоман музейн белхан мехала дакъа хилла дIахIуттуш ду гоьбевлла бевзаш болчу яздархойн, артистийн, художникийн юбилейшна лерина гIуллакхаш дIадахьар. Масала, хьалхо кхузахь хилира Хасбулатов Ямлиханан 80 шо кхачарна лерина гIуллакх. Оцу белхан коьрта Iалашо ю тIекхуьучу чкъурана литературин, культурин мехаллаш йовзийтар.

Хь.ДОВКАЕВ

 

№141, шот, гIуран (декабрь) беттан 12-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: