Декхаршца кхиамца ларабо

   Соьлжа-ГIалара №3 йолу клинически больница шен ехха истори йолуш ю. ТIаьххьара хиллачу тIеман шерашкахь йохийначул тIаьхьа, хала хенаш яьхкира кхузарчу лоьрашна. Ханна йолчу гIишлош чохь, юкъах ца боккхуш, шайн болх бора цара. 2013-чу шарахь керла йинчу гIишло чохь кхузаманан медицинин гIирсаш а болуш, болх беш схьайогIу лоьрийн коллектив. Таханлерчу дийнахь шайна юкъахь 72 лор а волуш, 633 стаг ву цигахь къахьоьгуш.

   Иштта, больницина чуйогIуш поликлиника ю. Цигахь болх беш ворхI терапевтически куп ю. Цу юкъавогIу ворхI куьпан терапевт, эндокринолог, хирург, травматолог, окулист, ЛОР, кардиолог, инфекционист, невролог, стоматолог, кхиболу а лоьраш. Доккхах долчу декъана уьш къона лоьраш бу. Юкъара могашаллин хьал толлуш йолу лаборатори, рентгенан, флюорографин, ЭКГ-н, УЗИ-н кабинеташ ю кхузахь. Иштта поликлиникехь болх беш кхачанан чоь ю, мел Iуьйрре веанчунна а чомехь юург хуьлу цу чохь. Поликлиникин заведующи ю зеделларг долу лор Хаджиева Яха. Къоначу лоьрашна дика накъост а, массо белхахочуьнца лараме а ю.

Поликлиникин лоьрийн тергонехь 12718 стаг ву. Уьш Маяковскийн, Старый поселкан, Турбинин, 36-чу участкан бахархой бу.

Шайна тIечIагIйинчу меттигерчу предприятешкарчу белхахошна (церан болх адамашца уьйраш йолуш хиларна), лоьрашна, хьехархошна, иштта политехнически техникуман кегийрхошна а, школашкахь а, берийн бошмашкахь а долчу берашна а шеран хIора муьрехь прививкаш йо. Поликлинике схьа ца бахкалуш болчу бахархойн цIа а оьхуш, анализаш оьцу, могашалла толлу, кардиограмма йоккху. Коьрта тидам тIебохуьйту бахархойн могашалла талларна а, оьшучунна дарба дарна а, лоьро язйина йолу прививкаш шен-шен муьрехь ярна а. Я.Хаджиевас дийцарехь, цара бахархошца дукха болх бина хIинца вайна юкъахь долчу лазарех а, гепатитех а лаьцна дуьйцуш. Цундела тIаьхьарчу хенахь кхузарчу лоьрашна тIедогIуш долу адамаш алсамдевлла. Адамашна юкъахь алсам бу деган-пхенийн, садеIаран, кхача ахьаран органийн лазарш дерш.

Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствос кхойкхий, Россин тоьллачу ВУЗашкара (масала: Москвара, Санкт-Петербургера) профессорш а богIий, еш йолчу конференцешкахь дакъалоцу кхузарчу лоьраша. Гипертонически лазарна, «острый-коронарный синдромана» муха, хIун дарба дан деза теманашна семинараш дIаяьхьна. Къаьсттина пайдехь хуьлу уьш къоначу лоьрашна.

«Поликлиникина оьшуш болу гIирсаш вайн республикин МогашаллаIалашъяран министерствос боуьйту. Цкъачунна документаци дукха ю. Ян еза программаш алсамъевлла. Электронни карташ юкъадаха беш болх бу. Куьпан лоьран болх коьрта бу тхан. ХIора дийнахь айхьа дан дезарг хьанал кхочуш деш хилча, болх цхьана хорша нислой, дика дIабоьду.

Оьшучу молха-маханца дарба дарал совнаха, дархошца дика юкъаметтиг, диканиг хила лаар, кхин дуккха а ду лоьрана оьшуш дерг. Сан самукъадолу со бахьанехь цхьана дархочунна гIоле хилча а», – бохура Я.Хаджиевас.

Л.ИБРАГИМОВА

 

№141, шот, гIуран (декабрь) беттан 12-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: