Иштта яра дукха хан йоццуш Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу пачхьалкхан галерейхь схьабиллинчу гайтаман цIе. Цу башхачу гайтамехь дакъалоцуш бара художникаш, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан хьехархой, студенташ, №3 йолчу гимназин дешархой.
Гайтаме ехкина яра тайп-тайпана гезгаш, чхьаьвригаш, яккхий скорпионаш, цIоз, иштта 200 тайпа цIерш йолу 600 полла т1ехь болу «рекордан книга» а.
Хьовсархойн таро хилира цкъа а шайна гина доцчу полларчийн суьртех бIаьргтоха а, тайп-тайпана сагалматаш ган а.
Биологин хаарш довзийта а, Iаламан шорто а, хазалла а гойтуш йолу дукхаллин кепаш Iалашъярна а лерина ду и гIуллакх.
Гайтам дIахьур бу 10-гIа январь кхаччалц.
З.САГАЕВА
Авторан сурт
№141, шот, гIуран (декабрь) беттан 12-гIа де, 2015 шо