Иштта яра кху деношкахь Регионийн волонтерийн корпусан жигархоша дIадаьхьначу гIуллакхан цIе. Иза лерина дара Даймехкан турпалхойн денна. Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон гIоьнца Республикин ерриге а районашкахь дIадаьхьира и тайпа цхьаьнакхетарш.
Даймехкан турпалхойн де билгалдаккхарехь дакъалоцуш бара «Победа» цIе йолчу волонтерийн корпусан дуккха а жигархой. Cийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман турпалхошца хьалхе дуьйна цхьаьна а кхеташ, цаьрга шаьш тIамехь дакъалацарх а, шайн дахарх лаьцна а дуьйцуьйтуш, цхьацца хаамаш гулбинера цара. Нохчийн турпалхой бовзуьйтуш республикин тайп-тайпанчу школийн 5–8-чуй классашкарчу дешархошца цхьаьнакхетарш дIадаьхьира жигархоша. Дешархойн аьтто хилира дуккха а керланиг довза а, шайн кхолладеллачу хаттаршна жоьпаш хаза а. ТIекхуьучу тIаьхьенна къоман истори йовзийтар а, вайн дайша Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь шайн синош ца кхоош, дакъалаьцна хилар диц ца далийтар а Iалашо йолуш дара дешархошца дIадаьхьна цхьаьнакхетарш.
Иштта, кегийрхой хилира республикин Сийлахь-боккхачу Даймехкан турпалхойн цIарах болчу урамашкахь. Цигахь Iаш волу турпалхо вовзуьйтуш, салташа кхехьийтинчу кехатийн кепехь нисдина долу кехаташ дийкъира цара бахархошна.
Вай лакхахь хьахийначу кегийрхойн г1уллакхашкахула йолчу министерствон векала Бельтиев Хьусайна дийцарехь, луьрачу мостагIах леташ, вайна маршо яьккхина турпалхой биц ца балийтарехь цхьа кIезиг лаьцна а дакъалаца лаам хилар дара волонтераша дIадаьхьна гIуллакх.
З.Лечаева
Суьрта тIехь: кехаташ доькъуш ву волонтер
№141, шот, гIуран (декабрь) беттан 12-гIа де, 2015 шо