Кицанаш
Дала тоьхна хан яккха еза, цунах жоп дала дезар дуйла а хууш.
***
Кхетам болу стаг вахархьама ца веха.
***
Хьайна дайша тиллинчу цIарца, ларам хила беза.
***
Шен цIе вуочу дашах ларъян еза.
***
Дахар аганара лахьтичу кхаччалц бен дац.
***
Дика стаг массарна а веха.
***
Дика стаг массеран а ву.
***
Динарг карор ду, ца динарг оьшур ду.
ДIаяздинарг – Р.Кадиев
Цомгаш а хIунда хилла?
– Делан дуьхьа, лор, гIо дехьа, ма чIогIа цомгаш хилла-кх хIара чохь верг…
– ХIун хилла цунна?
– Дагар ду, йовхарш етта…
– Делахь-хIета, иза шелвеллачух тера ду.
Алссам чай молуш, вижина 1илла веза, – аьлла лоьро.
– Оцо гIо деш хилча, иза цомгаш а хIунда хилла. И доцург цо деш хIума а ма дацар а? – хаьттина ЦIахьпатус.
БIаьрг боцуш виса воллу
БIаьрг лаза а баьлла, лоьрана тIе вахана БаIис. Леррина бIаьрге а хьаьжна:
– Малар дита деза, цигаьрка а йита еза, ца йитахь бIаьрг кхерамехь бу, – аьлла лоьро.
– Ахь дийцарехь, лор, бIаьрг боцуш виса воллу-кх со.
ДIаяздинарг – С.ХАСАНОВ
№141, шот, гIуран (декабрь) беттан 12-гIа де, 2015 шо