Кегийрхошна юкъахь экстремизм а, терроризм а ца яржийтархьама ведомствошна юкъахь цхьаьна гIуллакхаш даран экспертни тобано билгалдо кегийрхошкахь вахабизман, экстремизман, терроризман идеологица машаре ца хиларан ойла кхиорна а, тIекхуьуш йолу къона тIаьхье экстремистски зуламашна юкъаийзо гIертар юхатохарна а тIехьажийна болу болх чIагIбар.
ХIокху шарахь экспертийн кегийрхошца дуьххьарлера цхьаьнакхетар хилира Грозненски районерчу Чурт-ТогIин юкъарадешаран школехь.
Цхьаьнакхетарехь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца йолчу зIенийн департаментан директоран хьалхарчу заместитела, политолога Истамулов Iабдуллас, республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон проектни белхан а, программийн а отделан хьаькаман заместитела Индербиев Альберта, бакъонаш ларъяран «Синтар» организацин председатела Таштамиров Сулумбека, Пачхьалкхан Думин депутатан А.Делимхановн гIоьнчас Гунаев Ширванис, республикин МВД-н экстремизмаца къийсам латторан центран белхахочо Эльмурзаев Шемала, Чурт-тогIерчу юкъадешаран юккъерчу школин директора Нусальчиева Хьавас, ийманехь, гIиллакх-оьздангаллехь кхетош-кхиорехула волчу хьехархочо Зубариев Рамзана.
ДIахьош долу цхьаьнакхетар «вахабизм» хIун ю бохучух кхеторна лерина дара. Дийцира иза кхоллаяларх а, цуьнан исторех а, иза хьоьхуш болчеран хьехамаш вовшашца галморзахаллаш йолуш хиларх а лаьцна.
Дешархошна дийцира оцу идеологина бух буьллуш йолчу цхьана положенех – шатайпа кхетош долчу джихадах, аьлча а дин къуьйсуш болчу сийлахьчу тIамах лаьцна. Иза динна дуьхьал болчаьрца беш болу тIом бац. Джихад – иза Iаьрбийн дош ду, гочдича, иза «АллахIан новкъахь гIуллакх дар» бохург ду, ламаз деш, ден-ненан сий-ларам беш, гергарчунна гIо деш, бераш Iамош, уьш нийсачу новкъа дохуш, гIуллакх дар бохург ду.
«Грозный-информ» агентство