Машаран а, кхиаран а некъ

Россин Федерацин Конституцин де тIекхочуш, «Даймохк» газетан корреспондент цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин Парламентан Председателан заместительца Жамалдаев Шаидца. Цо дийцира Россин Федерацин Коьрта закон тIе муха ийцира.Jamaldaev_121221

   – Дийцахьа Россин Федерацин Конституцин дийнан хьокъехь.

– Россин Федерацин Конституцин де, шеко йоццуш, вайн мехкан пачхьалкхан коьрта деза де ду. И мехала де 1993-чу шарахь дуьйна, дерриге а халкъо кхаьжнаш тасаран жамIашкахула Россин Федерацин хIинцалера Конституци тIеэцчахьана дуьйна билгалдоккхуш ду. Иза тIеийцира кхидолу законаш тIеэцарехь чIогIа мехала маьIна лелош долу вайн пачхьалкхан Коьрта закон хиларе терра. Ткъа 1994-чу шарахь Россин Президентан Указца 12-гIа декабрь пачхьалкхан деза де дина дIакхайкхийра.

12-чу декабрехь Россин Федерацин Коьртачу законан сийнна берриге а махкахь дIахьо тайп-тайпана гIуллакхаш, даккхий даздарш, дезачу дийнан концерташ, митингаш, тематически цхьаьнакхетарш, гайтамаш, кхидерш. Суна иштта билгалдаккха лаьа Нохчийн Республикехь оцу дезачу денна къаьсттина лерина кечам беш хилар.

 – Россин Федерацин хIинцалера Конституци тIе муха ийцира?

– Россин Федерацин хIинца гIуллакх деш йолу Конституци кечъечу хенахь инзаре боккха болх бира. ХIинцалера Конституци шайн буха тIехь хIотто езаш долу коьрта хьостанаш дара Россин Федерацин Лакхарчу Советан Конституцин комиссин проект а, Россин Федерацин Президентан сацамца гулйинчу Конституцин кхеташонан проект а.

Вайн мехкан Коьрта закон кечдечу хенахь Лакхарчу Советан Конституцин комиссин проектан дукхах йолу положенеш юкъаяхийтира пачхьалкхан Куьйгалхочун дIадолорца кечъечу проектана. Иза Россин Федерацин 1993-чу шеран 12-чу декабрехьлера Конституци тIеэцаран Референдумана юкъаяхийтира.

Мехкан бакъонийн коьрта документ тIеэцар цхьабосса бакъонаш хиларан а, гуманизман а, машаран а, цхьабарт хиларан а буха тIехь лаьтташ йолу демократически пачхьалкх дIахIотторехь мехала гIулч яра. Россихой кхийтира цунах, цара хьакъ ма-дду гайтира шайн граждански кхетам.

Россин Федерацин Конституци тIеэцаран референдумехь дакъалецира 58 миллион сов харжамхочо.

– Конституцис Россин Федерацин бахархошна хIун чIагIонаш а, бакъонаш а ло?

– И хаттар Россин Федерацин муьлххачу а вахархочуьнга дича, цо ойла а ца еш эр ду Конституцис цуьнан дахарехь доккха маьIна лелош хилар, хIунда аьлча цо махкахь къепе латторна гIо до, цуьнан бакъонаш, паргIатонаш кхочушйо.

Россин Конституци – иза вайн пачхьалкхан бух буьллуш долу лаккхара юридически ницкъ болу закон ду. Оцу документо билгалбоккху пачхьалкх кхиоран коьрта некъ а, ткъа иштта Россин Федерацин хIора вахархочун коьрта бакъонаш а (къинхьегамна, садаIарна, дин лелорна а, дашна а паргIато хилар), декхарш а. Цуьнан коьрта Iалашо ю адамийн хьашташ лардар.

– Вайн къамел дерзош, тIаьххьара хаттар: ахь билгалдаьккхира оцу дезачу денна Нохчийн Республикехь къаьсттина тидам тIебохуьйтуш хилар. Вайн республика, шен Конституци тIе а эцна, Россин Федерацин бакъонийн хьаьрмана юкъаяхана а хиларца доьзна-м дац иза?

– Дуьйцийла йоццуш, иза иштта ду! 2003-чу шеран 23-гIа март вайн республикин исторехь чIогIа мехала де ду. Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дIадолорца, оцу дийнахь хилира Нохчийн Республикин Конституци тIеэцаран а, ткъа иштта Нохчийн Республикин Президент а, Парламент а харжаран а Референдум. Иза республика Россин бакъонийн хьаьрме юхаерзорехь нохчийн халкъан а, цуьнан куьйгалхочун а мехала гIулч яра. Кадыров Ахьмад-Хьаьжас сацам боллуш гIуллакхаш дар бахьана долуш, Нохчийн Республика машаран а, кхиаран а новкъа хIоьттира. Нохчийн Республикин Конституци тIе а эцна, вайн халкъо республика меттахIотторна а, иза кхидIа  кхиорна а ондда бух биллира. Тахана Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан куьйгаллица республика мехкан уггаре а сиха кхуьуш йолу, кхераме йоцу регион ю.

– Къамел дарна баркалла хьуна, Шаид!

Интервью д1аяьхьнарг – С.МАМАЕВ

 

№141, шот, гIуран (декабрь) беттан 12-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: