«Путинан гIашсалти»: Умаровс «воккхачу вешех» а, ИГ-х а, Анкара дахарх а лаьцна

   Вай цадезарш, уьш исламан кхайкхамаш беш болчу террористашна юкъахь хилла Iаш а бац, Россин тIеман-космосан ницкъаша Шемахь дIахьош йолу операци «Россис миллиард барамехь долчу суннатан умматана дуьхьал» тIом бар санна, Кремлан «дийнна исламан дуьненна дуьхьал» «жIаран тIом» хилар санна гайта гIерта. Бакъдолчунна цул гена хIума хир дац. Ма-дарра аьлча, шен лаьтта тIехь 30 миллион бусалбанаш бехаш йолу Россин Федераци тахана тайп-тайпанчу фронташкахь: Шемахь, Къилбаседа Кавказехь, Юккъерчу Азехь исламан мостагIашца тIом беш ю, Пайхамаран цIарна тIехьа а лечкъаш, адамаш дойъуш, талораш деш болу террористаш кхиамца хIаллакбеш ю.Djambulat_Umarov

     Бакъду, оцу йовсаршна дуьхьал уггаре а луьра къийсам тIаьхьарчу шерашкахь Нохчийчохь дIабаьхьира. Шен хьомечу республикехь вахабитийн терроризм шен орамашца хIаллак а еш, къоман тхьамдас Кадыров Рамзана дуккхазза а дIахьедира нохчийн бакъонаш ларъяран ницкъаш оцу тIеман уггаре а халчу меттигашка, кара герз а эцна, дIабаха кийча хилар. Россин хьашташна муьтIахь хилар Кадыров Рамзана даррехь дIакхайкхош хиларо йохайой дIайоху вайн махкахь къаьмнашна юкъахь а, динашна юкъахь а гIоьртина хьал кхолларна тIехьовсийна йолу вайн мостагIийн яккхий планаш.

Нохчийчоьнан куьйгаллехь йолу дог-ойла мелла а дика йовзархьама Керлачийн федеральни агентствос интервью ийцира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министрера Умаров Джамбулатера. Иза корматаллин историк ву, стажировка йина Тунисехь. Цигахь кхин а цхьа говзалла – «востоковед-политолог» – караерзийна. ТIаьхьуо Россехь чIагIйина «Кхузаманан Россехь терроризм гучуяларна кхечу мехкашкара тIеIаткъам баран некъаш» темина диссертаци.

Нохчашна – «воккхах волу ваша»

 

– Россин халкъашна юкъахь йолчу юкъаметтигашна тIера дIадоладе вай къамел. Къилбаседа Кавказерчу халкъийн оьрсашца йолу юкъаметтиг муха хета хьуна? Вуьшта,  ламанхошна оьрсий мила ву: ларамаза нисвелла некъахо, лулахо я «воккхах волу ваша»?

Умаров велало. Жимма соцунгIа хуьлу. ТIаккха дуьйцу 90-чу шерашкахь хиллачу кризисах лаьцна, оцу «цхьа а йоцучу хенан муьрехь» идеологин гIуллакхаш пачхьалкх йоцучо массара а лелош дара. Пачхьалкхехь я «баккхий» а, я «кегий» а вежарий бан а бацара. Цо вай стенна тIедалийра?

– ХIетахь вай инкарло йира ерриге а идеологешна. ТIаккха вай идеологин а, синан а есаллехь дисира. ХIетахь шен хеннахь а, чIогIа мехала а дара Гамзатов Расула аьлла хьекъале дешнаш: «Вай дукха хьалхе дитина оьрсийн халкъах «воккхах волу ваша» алар».

Министран къамел даран хатI ойла тIеозош ду, пачхьалкхан чиновникан екъа доклад яц иза, герггарчу хьесапехь ВУЗерчу хьехархочун Iилманан-гоьяьлла лекци ю:

– Тахана, суверенитетийн парадаш чекхъевллачул а, байттамал а хилла, мехкан тайп-тайпанчу меттигашкахь цIий Iаьнначул а тIаьхьа вай кхетта деидеологизацин хан дIаяьлла хиларх, цхьааллин пачхьалкх еш хилча бан безаш болу некъ иза цахиларх. Вайн пачхьалкхехь дехаш хIинца 190 сов халкъ ду. Оцу хIора халкъан цIарах дуьйцур дац ас. Ас, суо нохчи хиларе терра, нохчийн халкъан цIарах эр ду… Политикин хьаьрмахь Путин Владимир гучуваьлча, иза мехкан куьйгалле хIоьттича, вайн пачхьалкхехь «воккхах волу ваша» муьлха халкъ ду боху хаттар ца хIоьттира нохчийн къомана хьалха.

Министран мобильни телефонаш кест-кеста горгали беко йолало. Амма ВахIидан Джамбулата дIатотту уьш. Оха цуьнга доьху интервью юкъах а яккхий, телефоне ладогIар. Делахь а Умаровс и ца до. ГIуллакхаша собардийр ду, олу. 2003-чу шарахь хиллачу дерриге халкъан референдумах дийцарна тIевулу.

– ХIетахь, 23-чу мартехь оха, Нохчийчохь кхаж тесира Россин халкъийн доьзалехь хиларехьа. Россин Федерацин цхьа дакъа тхо хилар тIечIагIдар хилла Iаш дацара иза, «воккхах волу ваша» волчу юхадерзар къобалдар дара. Цунах тийшира тхан жима халкъ. Тахана, цхьана ойланехь (идей) тхо вовшахтухуш тхан къоман баьчча Кадыров Рамзан а волуш, билггал хIокху Нохчийн Республикехь хазийра «оьрсийн халкъ – тхан воккхах волу ваша, дешнаш. Коьрта къам оьрсийниг ду. Оьрсийн халкъан исторически декхар ду халкъаш шена тIаьхьа дигар.

 

Адамаш къахьега лууш ду

 

Путин Владимиран хьокъехь хастаме дешнаш аьллачул тIаьхьа чIогIа лиира къоман баьччанах нохчийн халкъан мел боккха тешам бу аьлла министре хатта. Къаьсттина оцу «цхьа а йоцу хан» 90-чу шерашкахь Нохчийчохь хилла хилар хьесапе а оьцуш… Умаровс сихха жоп ло, соцунгIа а ца хуьлуш.

– Кадыров къоман баьчча ву, шеко йоццуш тхан халкъан доккхах долчу декъо Нохчийн Республикехь а, Россин Федерацехь а, дозанал арахьа а къобалвеш волу.

Шеко йоццуш, дукхах болчара къобалвина волий?

– ХIаъ. Цхьа наггахь нислуш болу ямартхой а, халкъах дIахаьддарш а хьехор бац вай… Тхуна уьш шайн цIершца, юьхь-сибатца бевзаш бу. Оцу нахана тхан махкахь меттиг яц. Я нохчийн махкахь а, я Россехь йолчу муьлххачу а кхечу меттехь а. Уьш зуламхой бу. Цаьрца къамел  доцца хир ду, къаьсттина а. Уьш дукха кIезиг бу.

   – Ткъа дукхах берш?

– Тхан халкъах дукхах берш лартIехь, машар, маслаIат, барт безаш адамаш ду. Уьш къахьега лууш бу.

Дерриге а иштта къаьстина ду. Iаьржаниг а, кIайниг а санний? Беккъа диканаш а, беккъа вуонаш а бу?

– Дера бац, – даре до министра. Юха кхетадо, Iехабелларш а хиларх. Цхьаберш хIинца а кхетаза бу шайх а, шайн дагахь долчух а. «ХIокху тIемаша чевнаш йинарш» бу уьш, хIинца а меттабахка кхиаза болу. Церан хиндерг – Нохчийчоьнан правительствос къаьсттина гIайгIабан безаш гIуллакх ду. Нохчийчохь коьрта болх адамашца беш берг, идеологи вовшахтухуш болчаьрца беш берг бу. Иштта гIишло еш ду тхо, цхьацца кибирчиг яйн, ларлуш, юстуш охьаюьллуш, массо гIуллакх леррина, дехха дийцаре деш. Иштта еш ю-кх Нохчийн Республикин идеологин гIишло. Оцу гIишлонан арахьара гар иштта мехала а дац, чуьра сурт санна, цу чохь дерг санна. Цу чохь деш долу, къамелаш санна, дийцаре деш долу гIуллакхаш санна.

 

Оьрсийн бIаьхочун оьздангалла

 

Министра дийцарехь, идеологин гIишло яр атта дIадоьдуш дац:

– Оха цхьаццанхьа тешна а долуш, зеделлачунна тIе а тийжаш, ткъа цхьаццанхьа «дIа а Iитталуш» дIанисъеш ю оьрсийн а, нохчийн а юкъаметтигийн кепаш. Оха тхайн махкахой кхетабо исторехь хилла тхайн турпалхой къобалбеш хиларх. Уьш нохчийн халкъан тхьамданаш хилла бу, хIетахь, дIаяханчу хенахь. Уьш таханлерчух буста йиш йолуш хиламаш бац. Иза дIадаханарг ду. Хилларг ду. Таханлерниг кхин ду. И тайпа хIуманаш гIуллакхана охIла боцучара я тIехдика хуучара деш ду. Иза гIуллакх дохо луучара лелош ду.

«Цаьрца къамел доца хир ду» олу хьуна цо хIинца бохуш Iара тхо. ХIан-хIа. Ца элира… Умаров Джамбулата шен къамел кхидIа а дIахьо:

– Оха уьш кхетабо Шайх Мансур, Шемал, БойсагIар… хилла хиларх. Амма хIетахь Кавказехь оьрсийн инарлашна юкъахь а ма хилла оьзда адамаш. Ермолов, Умаровна хетарехь, кхеташ ма-хиллара, царна юкъа ца вогIу. «Ермолов Алексей Петровичах вуониг вина. Коьртачу декъана Алексей Петрович, дера, ша ма ву бехке». Делахь а министра сий-ларамца дагалоьцу Паскевич а, Раевский а, кхиберш а, бIаьхочун декхар тIехдика хиъна ца Iаш, керстанан декхар хIун ду хууш хилла болу.

– Ткъа могIарера салтий? Батогашка, шпицрутенашка хьаьжна доцуш, цара дуьхьало йора нохчийн маьршачу ярташна герзаш детта. Оьрсийн бIаьхо тIамехь кийча вара мостагI вен. Амма тангIалкха тIехь хьалаолла кечвинчу йийсархочун когаш кIелхьара гIант цо цкъа а дIадоккхур дац. Циггахь гучудолура оьрсийн бIаьхочун са, оьздангалла. Ламанхой цунах цецбевлла хилла. Иза халкъан иэсехь дисина. И ду дийца дезаш дерг.

Даима а нохчий оьрсашца тIом бан хьалхатоьттуш хиллачу ГIажарийчоьно а, Хонкаро а лелош хилла маьIна а тидамза ца дитира Умаровс. Юха лазамца хаьттира: «Геннарчу ХIХ-чу бIешарахь Нохчийчоьнан могIарерчу вахархочунна хуийла дарий дозанал арахьарчу пачхьалкхан геополитикин лаамех, Iалашонех дерг?»… Эххар а – маьIна:

– Истори йийца доьлча, могIарера нохчий оха кхетабо Кавказехь тIом оьрсийн халкъаца бина цахиларх. Оха тIом паччахьан Iедалца бина. Оцу Iедалца уггаре а дукха тIом оьрсийн халкъо бина-кх… Кавказе баьхкича шайгара оьздангалла, синан ницкъ гойтуш болу оьрсийн Iаламат дукха хилла. Ламанхошна иза тайна. Цкъа хьалха уьш оцу оьрсийн халкъана тIегIоьртина, тIаьхьа – Россин пачхьалкхана. Оьрсийн «воккхах волчу вешина» тIегIоьртина.

Махках дахар иэсехь дисина

РогIера хаттар питане хета. Делахь а иза дан хIиттира тхо:

ХIетте а оьрсийн а, нохчийн а вовшашца йолчу юкъаметтигашкахь лазаме меттигаш дукха ю. Масала, Нохч-ГIалгIайн АССР дIаяккхаран а, цуьнан бахархой бохийна Юккъерчу Азе, Казахстане дIакхалхоран а хьокъехь СССР-н ГКО-н №5073 йолу сацам. ХIинца Нохчийн Республикехь оцу хиламан мах муха хадабо?

  Хаттар аттачех дац. Министр сих ца ло жоп дала. ПIелгаш вовшахтосу. БIаьргаш дIакъовлу, мелла а нийса дешнаш хоржуш. Жоп ло. «ХIаъ, махках дахар  йоккха тема ю. Сепаратисташа а, пачхьалкхан мостагIаша а кест-кеста ойбуш ю. Кхузахь мехала ду оьрсийн халкъ хIетахь Iедалехь хиллачу ражца цанисдар. Оьрсийн халкъан а дезна сталинан таIзарш лан. Цул сов, и таIзарш бахьанехь массарачул а чIогIа бала хьегна оьрсийн халкъо. Оьрсийн халкъо баьхна бац нохчий махках, ткъа сталинан рожо баьхна бу. Тхоьца цхьаьна таIзаршна кIел нисбелла оьрсий а, гIалгIай а, кхечу къаьмнийн векалш а. Цу тIе и раж а, и пачхьалкх а йоцуш ю. ДIаяхначу хенахь динчу зуламех пайдаэца мегар дац хIинца деш долу зуламаш  бехказдахархьама. Экстремисташа а, сепаратисташа а олу: «Дагалаца таIзарш дар! Тхо цунна дуьхьал ду! Тхо дозуш цахиларехьа, дIакъастарехьа ду!»… Бехк ма биллалаш, муьлхачу шарахь дина таIзарш? Вайна тахана вайн мотт бийца новкъарло еш стаг ву? Вайна Iамал-Iибадат дан новкъарло еш цхьаъ ву? Вайна ламаз дар доьхкуш ду? Вайна маьждигаш дар доьхкуш ду? Нийса къастам баран масал дац ткъа 2003-чу шеран референдумехь бина харжам?..

  – ТIаккха, махках дахар историн Iаматаш (учебникаш) тIера дIадаьккхича хIун дара-те вай? Халкъийн доттагIаллин дуьхьа.

   Министра цунна реза воцуш корта ластабо:

– Суна хетарехь, халкъан иэсера историн цхьа а мур дIабаккха гIерта ца деза, харцдерг дийца ца деза, хилларг хийца, кхечу гаьн тIе даккха гIерта ца деза. Вай харцонехьа къуьйсуш-х даций? Вай бакъонехьа къуьйсуш ду. Ткъа махках дахар а, таIзарш дар а – бакъду. Бакъдерг ду шен нийса мах хадо безаш. Оцу бакъдолчунна гIуллакх деш ву со, Умаров Джамбулат.

Министра кхетадо вайн истори, тайп-тайпанчу исторех вовшахтесна йолу, массеран а цхьаъ ю, вайн пачхьалкх а санна. Цхьаъ нисдан, хьайна луучу агIор тодан волалахь, хьайна оьшуш долу сурт хIотто гIортахь – бакъдерг дIадовр ду, юхур ю пачхьалкх.

  Кхечу мехкийн пресс-кодана дуьхьал

 

– Дерриге а оццул бохаме ду?

– Дерриге а кхин а бохаме ду, цхьана маьIIаргонехь пачхьалкх йоьхна дуьсура.

   – Дерриге а цхьана бустамна кIел нисдан гIортарний?

– Цу тIе кхечу мехкан бустамна кIел, – кхузахь министра массо а хIума шен-шен метта дIанисдо. Дагадоуьйту дерриге а. 90-чу шерашкахь оьрсийн кхетамна тIехь болх бар дара дIахьош. Нагахь санна оьрсий шайн амалх, башхаллех бохо аьтто баьллехь, массеран а кхетам либералан тIегIане охьабаккха ницкъ кхаьчнехь, вайн пачхьалкх йоьхний яра. Я кхечу пачхьалкхашна аьргалла латтон мохк хилла буьсур бара, евроатлантикин дуьненан тIех курачу консультантийн лаамаш кхочуш а беш.

– Амма, гой хьуна, Россина ца езаелира кхечу мехкийн пресс-код. – Умаровс ши куьг дIасатосу. – Россис шен къоман духар лелон сацам бира, махкахь дехаш долчу халкъийн культурийн тайп-тайпанчу беснашкахь долчу кIадийн «кийсагех» тегна долу. Кавказхойн, якутийн, башкирийн, гIезалойн, кхечеран «кийсигех» тегна долу. Оцу исторически хIоьттина яьллачу культурийн хьаьрмахь меттиг яц кхечу мехаллашна. Россин дозанал арахьа массара а тIеэцначу мехаллашна. Масала, оццу ювенальни бакъонна.

   «ИГИЛ-н» проектана дуьхьал – Мусан Iаса

 

Министран рогIерчу «лекцин» декъера тхуна хаьа бIеннаш шерашкахь халкъийн культурин а, мехаллин а чIагIбелла бух дIабаьккхича, цуьнан метта кхин мехаллаш йолу кхин культура дIахIуттуш хилар дицдан мегарг цахилар. Ткъа иза пачхьалкх шен йозуш цахиларх яккхаре боьдуш болу некъ бу, пачхьалкхехь кегарий хиларе боьду я пачхьалкх арахьарчу хийрачу Iаткъамна кIел юьгу некъ бу. Хьалха ишттаниг ша-шах хуьлура. ХIинца и санна долчунна леррина проекташ хIиттайо. Билггалчу динашна, къаьмнашна лерина проекташ хуьлу уьш.

– Цу тайппана нуьцкъала проект ю тхуна, бусалбанашна, дуьхьал яьккхина йолу «ИГИЛ» проект. Голливудан тоьллачу стандарташца хIоттийна а, режиссура йина а йолу ИГ исламан пачхьалкх яц. И аббревиатура нийса еша еза – «Иблисан пачхьалкх» аьлла. Иза бусалбанаша йиллина ю бохург моттарг1а ю, бакъ дац. Иза кхераме моттарг1а, бIалгIа ю. Инжила тIехь вуьйцучу Мусан (Моисейн) истори дагайогIий шуна? ФирIун бозбуанчаша текхаргийн бIалгIанаш хIиттийна хилла-кх, адамаш цец а дохуш. Делахь а Лекхаволчун гIоьнца Мусан Iасано йохийна дIаяхийтина бозбуанчийн бIалгIанаш. Вайна а оьшу хIинца иштта Iаса, «ИГ» кхоьллинчеран бIалгIанаш йохийна дIаяхийта. «Мусан и Iаса» хир ю бакъдерг! Цуьнца вай йохийна дIайохуьйтур ю «ИГ-о» бусалбанийн мехаллаш ларйо боху бIалгIа. ХIан-хIа, «Иблисан пачхьалкх» тхан, бусалбанийн ламасталлин мехаллаш хIаллакьяран гIирс бу. Оха къийсамца ларйина ю и мехаллаш. Уьш ларъеш дуккха а бусалбанаш, Iеламнах эгна. Цкъа а шайн сий лахлур доцу мехаллаш ю уьш: догцIеналла, дикалла, машар безар, хьаша-да везар, уггаре а коьртаниг – ша санна долу адам дезар, АллахI а везар, иза ду Дела цхьаъ веш берш цхьаьнатухуш дерг.

«ИГИЛ» проектан бакъволу автор мила ву тIаккха?

– Хетарехь, иза Потомак хин къилбаседа бердайистехь цхьанхьа каро йиш ю.

– США-н пачхье – Вашингтон гIала – бохург дуй хьан иза?

– Ду.

      Джихадан хьокъехь бакъдерг

 

Россехь йихкина йолчу («Исламан пачхьалкхан») «Иблисан пачхьалкхан» хьокъехь къамел хилча, дага ца доуьйтийла дац оцу квазипачхьалкхо Россина дуьхьал джихад кхайкхийна хилар. «Бусалба вежарий» радикальни организацин идеолога Сейид Кутбина хетарехь, джихад, уггаре а хьалха, исламан мостагIашца тIом бар ду. Баккъал а, бусалбанашна, Iаьрбашна джихад иза гIазотан тIом бар дуй-те? – хоьтту оха историке-малхбалеталлархочуьнга.

– Ас бусалбано а, Iаьрбийн мотт буьйцуш, наггахь Iаьрбашха ойла ян хууш волчу стага а санна жоп лур ду шуна, – цуьрриг а цIархазмана а доцуш дуьйцу Умаровс. – «Джихад» боху дош Iаьрбийн маттера гочдо «къахьегар» санна, «тIом» аьлла гочдеш дац иза, тIом бохург дац. ТIом бохург Iаьрбийн маттахь «хьарб» ду. Ткъа джихад АллахIан некъа тIехь къахьегар ду, диканиг дарца, шен гIалаташца, вочу лаамашца къийсарца, къинойх цIанваларца. Джихад доккха а, жима а хуьлу. Доккха джихад (гIазот) ду хьайн сица къийсам дIабахьар, шолгIаниг – герз карахь къийсам дIабахьар а хила тарло, еккъа цхьа Iалашо йолуш: шен доьзал, шен кхерч, шен дин лардеш.

ТIаккха «ИГИЛ-о» деш дерг джихад ма дац?

– Къоладар а, аккхаралла а джихад хуьлийла дац, – хададо Умаровс.

    Нохчийн спецназ – Анкара тIехь

 

13-чу ноябрехь Москвахь ахь дIаяьхьира «ИГИЛ-ца» къийсам: «Нохчийн Республикин зеделларг» темина лерина пресс-конференци, – дерзоран хаттаршна тIедовлу тхо. – ХIетахь, Россин Федерацис Шемахь деш долчу гIуллакхашца доьзна Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна хетарг довзуьйтуш ахь билгалдаьккхира Кадыров Рамзана Россин Президентан Путин Владимиран некъ буьззина къобалбеш хилар. Оьшуш хьал хилахь, нохчийн спецназ Россин Президентан омра дуьненан муьлххачу а меттехь кхочушдан кийча хилар а хоуьйтуш. Делахь-хIета, Россин Федерацин Герзашца кечбинчу ницкъийн Коьртакомандующис нагахь санна иштта омра дина хьал хилахь, нохчийн спецназ Анкара юххе кхочур юй?

– Деллахь вац со нохчийн спецназ Анкара юххехь (под Анкарой) хир моьттуш, – вела къежа Умаров. – Нохчийн спецназ Анкара тIехь хир ю. Анкара бухахь хир ву вожийна волу мостагIа. Кадыров Рамзан Ахматович Россин эскаран инарла ву, Нохчийн Республикин халкъийн баьчча ву, – цо дIахьедина ша «Путинан гIашсалти ву» – аьлла. ТIаккха тхох Кадыровн гIашсалтий, цуьнан эскаран могIарера бIаьхой хуьлу. Тхо кийча ду муьлххачу а кхайкхамна жоп дала. Тешалаш, нагахь санна Владимир Владимировича омра дахь – иза оха дийцаре дийр дац.

   – Кхочушдийр ду?

– Иза бIаьрнегIар тохале, ткъесан хьесапехь, толамца кхочушдина карадойтур ду. Цунах шек ма хилалаш.

  Союстов Андрей

 Нохчийн матте яьккхинарг – С.ХАМЗАТОВ

№141, шот, гIуран (декабрь) беттан 12-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: