Россин Конституци – вайн бакъонийн гIаролехь

1825-чу шеран 14-чу декабрехь дуьне Iадочу гIовгIанца цхьана эшшарехь евллачу яккхийчу тоьпийн ирча тата делира Санкт –Петербургерчу Сенатана хьалхарчу майданахь. Адамаш цIийла карчийра, цу муьрехь Россехь хиллачу яхь йолчу кIентех тоьлларш  дахарх хадош. Декабристийн гIаттам къинхетамза хьаьшира.2_b

    ГIаттамна коьртехь хилла пхи куьйгалхо ирхъоьллира. Дийна бисина гIаттаман дакъалацархой, буржалш тоьхна, гIаш сийначу Сибире каторге дIалаьхкира. Декабристийн лаам цхьаъ бара, Россехь шина бIе шаре даьлла РомановгIеран урхалла малдар, пачхьалкхах республика дIакхайкхор, конституци  тIеэцар. Амма цкъа караяьхкина Iедалан архаш дIахеца цкъа а цхьанна а ца лаьа. Муьлххачу паччахьна, ша динара воссахь, халкъ, мохк байлахь дуьсур ду моьтту. Ишттачу ойланийн йийсарехь оьрсийн паччахь Николай Хьалхарниг хиллачух тера ду, цундела декабристийн гIаттам цо къинхетамза дIахьаькхира. Ткъа декабристаша йийцаре яьккхина конституци тIеэцнехь, бакъонашца цхьаьна, цунна тIе а декхарш оьгур дара, паччахь вара аьлла, юьстах а ца вуьтуш.

«Конституци» латинин дош ду. Нохчийн матте даьккхича «дIахIоттам» бохучу дешан маьIнехь нисло иза. Вайн дахар а, белхан меттигаш а цхьана низамехь дIакхехьа дезаш ду. Ткъа муьлхха а пачхьалкх шен къастийна низаман некъаш, царах буьйцина дIахIоттам хила декхарийлахь ю. Цундела  «конституци» боху дош массара цхьабосса тIеэцна дуьненаюкъара дош ду. ХIора пачхьалкхехь  йолуш а, хила йогIуш а ю конституци.

Дуьххьара  конституци Iамаркан пачхьалкхехь тIеэцна 1787-чу шеран 17-чу сентябрехь. Амма пачхьалкхан конституци цхьана стага тIеэца бакъо йолуш яц, мел лакхарчу даржехь и стаг хиларх. Халкъо, ша реза хилар я цахилар билгалдоккхуш, кхаж таса беза цунна. Махкахь дехачу халкъан алсам долчу декъо кхаж тасар чекхдаьлча бен, тIечIагIъяр хуьлийла дац цхьана а конституцин. ТIеэцна шо сов зама дIаяьллачул тIаьхьа бен тIечIагIъяр ца хилла Iамаркахойн конституцин а. 1789-чу шеран 4-чу мартехь тIечIагIйина иза. Кхаж тосуш Iамаркан Цхьанакхеттачу Штаташна цу хенахь юкъайогIуш хиллачу  13 штатах 9 штато конституци тIеэцаро бакъо елира Iедалан векалшна иза тIечIагIъян. Конституци тIеэцар дийцаре даьккхинарг Iамаркахойн  дуьххьарлера президент Джордж Вашингтон ву. Конституци язйинарг Джеймс Мэдисон ву.

Европехь дуьххьара конституци тIеэцнарш полякаш бу, хьалххе дуьйна хабарш дуьйцуш французаш хиллехь а. Полякаша 1791-чу шеран 3-чу майхь тIеэцна шайн мехкан конституци. Цул тIаьхьа  биъ бутт баьлча тIеэцна ю французийн конституци. ТIаккха дукха хан ялале ингалсхоша тIеэцна шайн пачхьалкхан конституци.

Россехь  кхин а хьалха дIадолийнера  конституцех долу къамелаш. Масала XVII-чу бIешеран юьххьехь цхьана кIезигчу хенахь паччахьалла дIакхехьначу Василий Петрович Шуйскийс алсамдаьккхинера  халкъе ладогIар, цуьнан хьашташка хьажар. Мискачу адамийн дахарехь цхьацца хийцамаш бан Iалашо йолуш а вара иза,  и сатийсаме хийцамаш законца тIе а чIагIбеш. Амма дукха хан ялале Шуйский Iедална ямартчу адамаша ирхъоьллира. Цул тIаьхьа еххачу хенахь Росси хийцамаш дагабогIучохь яцара. Бакъду, 1773-чу шарахь яздархо Денис Иванович Фонвизин, цуьнан доттагI дипломат Никита Иванович Панин гIоьртира Iедалехь карчам бан, кхиазхо волу Павел Петрович паччахь кхайкхийна, Iедалан архаш шайн каралаьцна,  мискачу адамашна мелла а бегIийлаш кхуллуш,  цхьацца хийцамаш бан.  Амма цара лелочух сиха шекьяьллачу Екатерина ШолгIачо луьра таIзар дира шинна а. Декабристаша гIаттам кечбеш, Муравьев Никитас, Пестель Павела язйина,  кийча  яра  конституци. Делахь а, цунах хилларг вайна хууш ду. Цундела ши бIе шо сов ханна тIаьхьайисина Росси Европел шен дуьххьарлера конституци тIеэцарехь. 1918-чу шеран 10-чу июлехь Ерригроссин депутатийн кхеташонехь тIеэцна иза,  советийн къоначу пачхьалкхан коьрта тептар лерина. Россин дуьххьарлерчу Конституцин чулацамо тоьшалла дарехь, пачхьалкхан лакхара Iедал халкъан векалийн гулам бара. Бакъду, 1925-чу шарахь Россехь керла Конституци тIеийцира, мелла а хийцамаш юкъабалош. Делахь а, иза хийца дийзира 1937-чу шарахь, хьалхо, 1936-чу шарахь, тIеэцначу СССР-н Конституцина герга а ялош, наггахь хаалуш йолу галморзахаллаш дIа а йохуш. Бакъду, 1936-чу шарахь юкъаяьккхинарг Сталинан конституци яра аьлла, 1978-чу шарахь Леонид Ильич Брежневн лаамна муьтIахь болчу депутаташа кхин цкъа а хийцира пачхьалкхан конституци. Амма доха карзахдаьллачу советийн Iедало ша емалъян йолийра цкъа мацах хастамийн зурманашца Брежневс  тIеэцна конституци а. Масех шарахь-м дерриге а халкъ а, декъаза мохк а цхьанна а тайпана конституци йоцуш хене делира, демократически хийцамаш беш ду шаьш бохуш, яьллачу цIеран хьесапехь Росси хIаллакьеш долчу адамашка ладоьгIуш. Эххар а, 1993-чу шеран 12-чу декабрехь тIеийцира коммунистийн идеологех дIацIанъеллачу керлачу Россин конституци.  1993-чу шеран 25-чу декабрехь зорбане елира иза, цу дийнахь дуьйна ницкъе йирзина схьайогIуш ю.  Россин Конституци шина декъах лаьтташ ю, цунна  юкъайогIу 137 статья, уьш ерриге а адамийн бакъонашна гIаролехь ю. Вайн Конституци юкъаяьлла 22 шо  ду, иза халкъо тIеэцна Россин пачхьалкхан Коьрта закон ду. Цо бакъо ло вайх хIоранна луъучохь деша, болх бан, маьрша дийша-гIовтта, цхьаннах ийза ца луш, бакъо лаха. Ткъа уггаре а коьртаниг – пачхьалкхан  цхьанна хIуманца юста йиш йоцу мехалла лору Россин Конституцис пачхьалкхехь деха хIора адам а. Иза мах боцу закъалт ду вайн маршонан а, ирсе боьду некъ лаха хIораннан бакъо хиларан а. Шуьйра еллачу бакъонех терра, декхарш а дохку Россин Конституцис Россехь дехачу маьршачу адамашна тIе. Вай декхарийлахь ду вешан сийлахь Даймохк беза, цуьнан маьIданаш лардан, хьанала къахьега. Иштта декхарийлахь ду вай Россин пачхалкхан коьрта закон ларалуш йолу  Конституци йовза, цуьнга сий-ларам хила.

А.АРАПХАНОВА

 

№141, шот, гIуран (декабрь) беттан 12-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: