Путин Владимир цхьаьнакхийтира Кадыров Рамзанца

Россин Президент Путин Владимир 10-чу декабрехь цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца. Цхьаьнакхетаран юьххьехь Нохчийчоьнан Куьйгалхочо дийцира регионехь долчу социально-экономикин хьолах а, белхазалла лахлуш хиларх а лаьцна. Цо дийцарехь, республикехь кхочушйина 20 гергга инвестицийн проект. «203 миллиард сом мах болу проекташ ю оха регионехь кхочушъеш», – элира Р.Кадыровс.774

    Социально-экономикин декъехь долу хьал довзуьйтуш цо элира: «Ахь со Нохчийчоьнан куьйгалле хIоттийначу хенахь тхан белхазалла 76 процент яра. ХIинца оха иза 13,9 проценте кхаччалц охьаяьккхина. Суна хетарехь иза дика жамI а ду. Тахана, ахь гIолацар бахьана долуш, Нохчийчоьне долу хьашт лакхадаьлла мехкан а, дозанал арахьарчу а инвесторийн. Тхо «Россетаца» а, «Газпромаца» а болх беш ду. Цара тхо долчохь еш ю нуьйцкъала ТЭЦ. Цунна юкъаехкина 20–23 миллиард соьмана инвестицеш. Оцу ТЭЦ-ша серло а, йовхо а лур ю Соьлжа-ГIалина», – бохура Кадыров Рамзана.

Иштта, тидам тIебахийтира цо жима а, юккъера а бизнес кхиор республикехь чIогIа мехала лоруш хиларна а, цунна тIехь леррина терго латтош хиларна а.

Россин Президента билгалдаьккхира Нохчийчоьнан пачхьенехь баккхий хийцамаш хилла хилар. «Суна сайна гина Соьлжа-ГIалин кхиар. Иза кхечарна а масал эца хIума ду. Суна дагайогIу Нохчийчоьнан пачхье меттахIотто оьший те бохуш хилла хенаш. ХIетахь республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас элира: «…Со суо Гуьмсера велахь а, Нохчийчоьнан пачхье Соьлжа-ГIалахь хила еза». Шун ницкъ а кхечира гIала меттахIотто. ХIинца иза исбаьхьа ю. Доьху кхул тIаьхьа а цунна тидам тIебахийтар. ХIунда аьлча республикина а, ерриге а Къилбаседа Кавказана а дика масал ду иза», – элира В.Путина.

Цо республикин куьйгаллина а, бахархошна а баркалла элира Соьлжа-ГIала меттахIотторехь дика болх барна. «Баркалла хьуна а, Нохчийчоьнан бахархошна а. Церан куьйгаллица, къинхьегамца, гIайгIанашца дина ду дерриге а. Со воккхаве вай дан лерина хилларг чекхдаккха аьтто баларх. Амма хIинца хьалхахьа дIадаха деза», – элира пачхьалкхан куьйгалхочо.

Кадыров Рамзана дагадаийтира 2004-гIа шо. ХIетахь Россин Президент Путин Владимир Соьлжа-ГIала веара. Цунна гира гIала мел чIогIа йохийна ю. «Ахьмад-Хьаьжа Гуьмсена тIера дIаволавелира, хьо Соьлжа-ГIала веача, вертолета тIера охьахьаьжча гIалин сурт Iаламат ирча ду аьлча, тхо долчохь массо а хIума дикачу агIор хийцадала доладелира. Тахана массара а олу: «Вертолета тIера, кеманна тIера охьахьаьжча Соьлжа-ГIала Iаламат хаза, исбаьхьа ю. Баркалла хьуна иза иштта хилийта г1о дарна», – элира Р.Кадыровс.

Д.АНАДЕВ

 

№141, шот, гIуран (декабрь) беттан 12-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: