Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

Хьомсара махкахой!

  

 Декъалдо шу Россин Федерацин Конституцин денца. Вайн пачхьалкхан Коьрта закон берриге а бахархойн бакъонаш а, маршонаш а ларъяран закъалт ду. Иза 22 шо хьалха тIеэцна. Оцул тIаьхьа Россехь Iаламат баккхий хийцамаш хилла. Иза экономикехь чIагIъелла, дуьненаюкъарчу хьаьрмахь юха а шен караерзийна коьрта меттигаш. Дуьненахь уггаре а тоьллачу пачхьалкхех цхьаъ хилла дIахIоьттина иза. Иштта кхиам хиларе кхаьчна Россин Федерацин Президент Путин Владимир бахьанехь, цуьнан хьикмате арахьара политика, ондда амал бахьанехь. Ткъа Конституци хьалхахьа некъ баран бух хилла дIахIоьттина.

    Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас чIагIдора пачхьалкхан ницкъ граждански юкъараллин цхьааллехь а, жигараллехь а хилар. Цундела, йохийна, чIана яьккхина йолчу республикина куьйгалле хIоьттича цо уггаре а хьалха дерриге а халкъан референдум дIаяхьийтира. Шен хиндерг халкъо ша харжа деза аьлла хеташ вара Ахьмад-Хьаьжа. Цунна халкъан лаам, аз хаза лаьара. ТIаккха халкъо шена машар, синтем безаш хилар, Нохчийчоь, кхечу субъектийн йоллу бакъонаш а йолуш, Россин дакъа хуьлийла лууш хилар хаийтира.

   Халкъан кхоллам къастийна болчу оцу сацамо таро елира республика Россин уггаре а синтемечу, сиха кхуьуш йолчу субъектех цхьаъ йина дIахIотто. Вай еш ю ВУЗаш, берийн бошмаш, школаш, больницаш, спортан комплексаш, культурин объекташ, кхуллуш ю белхан меттигаш.

   БIаьргашна а гуш, хийцалуш ю Нохчийн Республика.  Иза токхене а, зовкхе а дуьгучу некъан юьхь бен  цахиларх тешна ду  тхо. Кхане кхин а беркате, исбаьхьа, вай дерриге а даккхийдедеш хир ю.

   Хьомсара махкахой! Лаьа шу ирсе, маьрша дехийла, кханалерчу дийнах тешна хуьлийла.

 

№141, шот, гIуран (декабрь) беттан 12-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: