– олий, билгалйоккху ЧIаьнтарчу юккъерчу школин библиотека Мел кIеззигчу меттехь дIатаръеллехь а, кхийолчу яккхийчу библиотекаша кхочушдеш доллу гIуллакх кхочушдо Агаева ПетIамата куьйгалла дечу хIокху библиотеко.
«Школера хьехархой а, дешархой а тхан ешархой бу, – элира ПетIамата шен къамелехь. – Лакхарчу классашкарчу дешархошна цхьацца кхоллараллин белхаш, докладаш, рефераташ язъян материалаш оьшуш хуьлу, ткъа лахарчу классашкарчу дешархошна хазахета туьйранаш. Тхайн ницкъ ма-кхоччу, церан массеран а хьашташ кхочушдан хьовсу тхо».
Хьехархойн колледж чекхъяьккхинчул тIаьхьа, масех шарахь хьехархочун болх а бина, хIинца школин библиотекаран болх беш йолу дукха хан яц ПетIамат, амма берийн а, хьехархойн а хьашташ дика девзаш а, церан гIаролехь лаьтташ а ю иза.
– Кхушара тхан дай-наноша шаьш стохка шайн берашна эцна хилла учебникаш схьаелла библиотекехь ю тхан, – дийцира цо, – дешаран отдело царна дуьхьал керла учебникаш нисйийр йолуш, дийцина хIума ду тхан. Иза иштта чекхдаьлча, тхан берийн дай-наношна доккха гIо-накъосталла хир дара. Хууш ма-хиллара, 1аматаш а йораха ма яц. Бакъдерг аьлча, оха болх бечу программехула йоцу цхьацца керла 1аматаш еана тхуна, амма тхайна оьшурш хиларе сатуьйсуш ду тхо.
Бен-башха дац, йоккхачу шахьарахь я жимачу юьртахь веха стаг, йоккхачу я жимачу школин библиотекарь иза хиларх, коьртаниг – стаг шен меттехь хилар а, цо деш долу гIуллакх нахана эшар а ду. Оцу декъехь школин директора Бахаев Руслана элира:
– Шен белхан декхарш дика девзаш а, цаьрца дика ларош а ю ПетIамат. Иштта накъостий миччахь а оьшу.
Т. АЛИЕВА