Цхьа-ши дош…

    «Иблисан пачхьалкхан» гIеранаша даккхий герзаш диттина Шемарчу Алеппо гIала. И бахьана долуш, цигара лаххара а 30 маьрша стаг кхелхина, чевнаш хилларш кхин а шозза гергга алсам бу.

***

    США коьртехь йолчу коалицис «Иблисан пачхьалкхана» дуьхьал къийсам дIахьо бохуш деш дерг цIархазмана хIиттош суьрташ ду.

***

       Корейн Халкъан Демократин Республикин куьйгалхочо Ким Чен Ына дIахьедина шаьш водородни бомба йина хилар.

***

   Аргентинин керлачу Президента М.Маурисиос стомара чIагIо йина, махкана  а, халкъана а тешаме а волуш, шен белхан декхарш хьанал кхочушдан.

***

   Дуьненаюкъарчу валютан фондо Эрмалойчоьнна 50 миллион доллар делла махкахь реформаш яйта.

***

   ХIокху деношкахь Стокгольмехь а, Ослохь а дIадаьхьира Нобелан премеш дIадалар. Машаран совгIат делла къомана юкъахь маслаIат дечу Тунисерчу «квартетана». Литературин совгIат дина Алексиевич Светланина.

***

   Белоруссехь карарчу шарахь инфляцин барам 10,7 проценте дIакхаьчна. Иза иштта лакхара хилар мехкан куьйгалло кхетадо дуьненан экономикехь кризис хиларца.

***

   Россин Президента В.Путина стомара Кремлехь дIадаьхьира вайн тоьллачу махкахошна пачхьалкхан совгIаташ дар.

***

   В.Путин цхьаьнакхийтира Россехь адамийн бакъонаш ларъяран векалца О.Памфиловаца. Пачхьалкхан Куьйгалхочо иза, берриге а бакъонаш ларъяхой а декъалбира бакъонашларъярхойн денца.

***

   ОвгIанерчу Кандагарехь талибашна дуьхьал дIабаьхьначу тIамехь хIокху деношкахь Iедалан эскарна юккъера 50 гергга бIаьхо кхелхина. Талибашна кхин а даккхий зенаш хилла.

***

    Москвахь ФСБ-н белхахоша схьалаьцна дуккха а барамехь герз духкуш хилла волу зуламхо. Иза Дагестанера ву.

***

   ХIара шо доладелчахьана Россера арадаьккхина 60 миллиард доллар ахча. Стохка хиллачул дикка лакхара бу и гайтам.

 

№141, шот, гIуран (декабрь) беттан 12-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: