Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнга Р.Кадыровга баркаллин кехат даийтина Къилбаседа ХIирийчоьнан пачхьалкхан медицинин академин студентийн юкъараIойлин куьйгалхочо Хугаева Полинас.
Нохчийн Республикехь дерриге а дакъошкахь хуьлуш болу хийцамаш вайн Куьйгалхочуьнца доьзна хилар дуьйцу П.Хугаевас шен кехата тIехь.
«Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента А-Хь.Кадыровс дIадолийнарг чекхдоккхуш – лулахошца дика волуш, вовшех кхеташ – регионехь синтем латтош, машар ларбеш, ненан мотт, къоман культура Iалашъеш схьавогIу хьо. Ахь хIора минотехь сагатдо республикехь долуш долчунна а, хиндолчунна а», – яздо П.Хугаевас.
Цо дикачу агIор бен ца буьйцу Къилбаседа ХIирийчоьнан пачхьалкхан медицинин академехь доьшуш болу нохчийн студенташ.
«Муьлхха а къоман хиндерг – иза цуьнан бераш ду. Церан толамаш дайн-наношна хилла ца Iаш, вайна а мехала бу. Дукха хенахь дуьйна юкъарIойлехь Iаш болчу студентийн терго еш Iаш йолчу суна, къаьсттина хьахо лаьа нохчийн студенташ. Шаьш схьабевллачу къоман Iадаташ, гIиллакхаш лардарца а, ийманехь, оьзда, дика хиларца а къаьсташ бу уьш. Даггара баркалла боху хьуна а, оцу берийн дайн-наношна а, дерриге а нохчийн къомана а иштта уьш кхиорна», – билгалдоккху П.Хугаевас.
Л.ДАУТОВА
№141, шот, гIуран (декабрь) беттан 12-гIа де, 2015 шо