Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан студенташ Хьалха-Мартан районан Олхазар-КIотарахь йолчу Сулейманов Ахьмадан цIарахчу музейхь хилира. Цигахь дакъалецира Хьалха-Мартан районан администрацин куьйгалхочун заместитела Таймасханов Вахас, Сулейманов Ахьмадан йоIа Зайнапа, оцу музейн директора (А.Сулеймановн кIентан хIусамнана) Сулейманова Совдата, филологийн Iилманийн кандидата Джамбеков ШаIранис, филологийн Iилманийн доктора Навразова Хьавас, филологийн Iилманийн кандидата Мунаев ИсмаьIала, философин Iилманийн кандидата Гадаев Вахас, «Орга» журналан коьртачу редактора Минкаилов Эльбруса, лакхахь хьахийначу университетан гуманитарни факультетан деканан заместитела Килабова Марета, иштта кхечара.
А.Сулеймановн музейна чоьхьа ваьлча, хьалхалерчу заманан сурт дуьхьал хIоьттира. Пенах дIатоьхна хьалхалера куз а болуш, книгех юьззина шкаф а йолуш, Сулейманов Ахьмад воцуш ша цхьалха хеташ лаьтташ санна белхан стол а йолуш яьсса лаьттара чоь. Цу чу бахана студенташ яздархочун хиллачу хIора а хIуманех бIаьрг тоха боккха лаам болуш бара. Студенташна къаьсттина хазахеттера цо болх бина йолу зорбатуху машен. Дехьа чу бевлира уьш. И чоь мелла а йоккха яра. Цу чу ваьлча, массеран уггаре а хьалха бIаьрг тIехIоьттинарг цхьана сонехь лаьтташ йолу шкаф яра. Цу шкафа чохь кхозуш А.Сулеймановс лелийна духар дара. «Баккъал а цо лелийна духар ду-кх и?!», бохуш, цецбийларца вовшашка хоьттура студенташа. А.Сулейманов жима волуш даьхна хиллачу суьртех дуьзна дара цу чуьра пенаш. Цуьнан накъосташа делла совгIаташ а, тайп-тайпана сувенираш а, цуьнан цхьацца кехаташ а дара цу чохь. Иштта, студентийн бIаьрг тIехIоьттинчех яра хьалхалера, 1969-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь А.Сулеймановс эцна хилла йолу патефон. Цу чохь лаьттачу хIора а хIуманех хьешашна дийцира музейн директора Сулейманова Совдата. Цара лерина ладугIура цуьнга. Иштта, хаттарш а дира студенташа. Музей чуьра хьал девзинчул тIаьхьа, циггахь «горга стол» а хилира. «ТIекхуьу чкъор кхетош-кхиорехь нохчийн литературин маьIна» аьллачу темина лерина яра и. Хьалхара дош олуш вистхилира Хьалха-Мартан районан администрацин куьйгалхочун заместитель Таймасханов Ваха:
– Вайн республикехь кегийрхой кхетош-кхиоран болх жигара дIахьош бу. Тахана вай къонанаш хьакъ ма-дду кхиабахь, вайн къоман кхане ирсе хир ю. Уьш кхетош-кхиорехь йоккха меттиг дIалоцу нохчийн литературо. Халахеташ ду, кегийрхоша нохчийн яздархойн говзарш йоьшуш цахилар. Цундела, вайн декхар ду, царна нохчийн литература марзъяр», – элира цо.
Сулейманов Ахьмадах лаьцна Джамбеков ШаIранис элира: «Суна дика вевзара Ахьмад. ДIадахнарг толлуш а, дIаяздеш а вара иза, тахана вайна иза оьшур дуйла а хууш. Дерриге а халкъана оьшуш стаг вара иза. Цо язйина хилла байташ, дешнаш тахана жовхIарш хилла дIахIиттина. Цуьнан дешнаш тIехь дуккха а иллеш даьхна. Оьзда ваьхна стаг вара иза. Цуьнан дахарх масал эца деза вай».
«Вайна ма-хаъара, вайн къомах дуккха а яздархой схьабевлла, амма Сулейманов Ахьмад, Мамакаев Iаьрби, Айдамиров Абузар саннарш дукха ца хилла. А.Сулеймановн цIе дуьнен чохь яха йисина. Кегийрхошка кхайкхам бу сан. Цуьнан говзарш еша а, цуьнан кхолларалла йовза а хьовса. И санна болчу нехан вай тахана сий дича, тIекхуьучу тIаьхьено а сий дийр ду церан», – элира Навразова Хьавас.
Гадаев Вахас билгалдаьккхира, яздархоша вайн массеран а дахарехь доккха маьIна лелош хилар. «Тхо кегий долчу хенахь зорбане мел йолу книга йоьшура оха, ткъа тахана мел гIарабевллачу яздархойн книгаш а ца йоьшу кегийрхоша». «Горгачу стоьлан» болх берзош хьешаша баркалла элира музейн директорна Сулейманова Совдатана. Университетан ректоран Х.-А.Халадовн цIарах цунна баркаллин кехат дIаделира Навразова Хьавас.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан суьрта тIехь: «горгачу стоьлан» дакъалацархой
№142, шот, гIуран (декабрь) беттан 15-гIа де, 2015 шо