Кху деношкахь Нохчийн пачхьалкхан университетехь дIадаьхьира КВН-н 2015–2016-чуй шерийн керла мур д1аболор. ТIаьххьарчу шерашкахь университетехь ламаст хилла дIахIоьттина и гIуллакх. Цу башхачу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш яра 8 команда. Цара массара а хьакъ ма-дду шайн факультетийн а, институтийн а юьхь гайтира.
Гуш дара командаша дика кечам бина хилар. Беламе а, хьовсархойн самукъадоккхуш а яра студенташа кечйина забарш.
Университетан студенташа къовсур ю Универ-лигин КВН-н чемпионатан кубок.
З.ЛЕЧИЕВА
Суьрта тIехь: КВН-н дакъалацархой
№142, шот, гIуран (декабрь) беттан 15-гIа де, 2015 шо