«Хаамийн Четар»

   Соьлжа-ГIаларчу лакхарчу а, юккъерчу корматаллин а дешаран заведенешкахь «Хаамийн четар» аьлла йолу акци дIаяьхьира.

  Нохчийн пачхьалкхан университетехь а дIадаьхьира цу тайпа цхьаьнакхетар.  Иза вовшахтухуш дакъалецира Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос, Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон СПИД-на профилактика яран а, цуьнца къийсам латторан а республикин туьшо, кхиазхошна реабилитаци яран юкъараллин «Феникс» туьшо.

Кегийрхошна ВИЧ-инфекцин, СПИД-н декъехь болу хаамаш бовзийтар яра акцин коьрта Iалашо. Республикин СПИД-н туьшан белхахоша кечйина викторина яра, цу юкъахь кегийрхошна хаа мел дезарг дара. Экзаменаторша нийса жоьпаш деллачу студенташна мерза хIуманаш лора. И тайпа гIуллакх тайначу дуккха а студенташа дакъалецира викторинехь. Нийса жоьпаш ца деллачу студенташна говзанчаша леррина хьехарш дора.

Билгалдаккха деза, «Дахаран тест» аьллачу цIарца цу тайпа гIуллакхаш декабрь беттан хьалхарчу кIиранахь Россин массо а регионехь дIадаьхьна хилар. Цу декъехь дог лозуш мел волчуьнга акцин дакъалацархоша дехар дира интернета чохь «ВИЧ-инфекцина дуьхьал къийсам аьлла йолчу темина оьрсийн маттахь «ТестНаЖизнь» аьлла «хештэг» а хIоттош, суьрташ даржадар.

 

Хь.БАХТАЕВА

№142, шот, гIуран (декабрь) беттан 15-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: