Даймахках ойланаш

Дуьненан исбаьхьчу Iаламна ялсаманин жовхIарийн хазалла а елла, нур лепош къегачу цу лекхачу Кавказан курачу лаьмнийн когашкахь Iуьллу хьо, сан Нана-Даймохк-Нохчийчоь!

   БIешерийн йохаллера схьаеана хьайн гIиллакх-оьздангаллин хазна ларъеш, хьох тешначеран теш хилла, хьайн хьакъйолу тIаьхье доьналлех ца йоха Iамош, кху дийне кхаьчна хьо, тхан сийлахь Даймохк!

Хьекъалал хьалха майралла лелхачу ямартчу наха хьан кхолламан архаш шайн буйнахь къийларх, хийла хьо цIерга кхийсарх, хьуна гIароле а хIиттина, гIазотехь эгначу тешамечу кIенташа хьо даима ларбина, Нана-Даймохк!

Хьоьга болчу безаман, хьан сийлаллин дуьхьа, хьан хьурматана хьан кхерчахь суйнаш хилла тхо дага кийча ду, ниIматах юьзна Нохчийчоь!

Азаллехь Дала сирла кхане а елла, тхан ирс дебо кхоьллина хьо, сийлахь Даймохк! Хьоьца ду тхан дахар, хьоьца бу кхоллам!

Кхин цкъа а ма гойла тхуна хьан бохам-тезет, ехийла хьо гIоза, замано цкъа а ца хьистина йолу, тхан синойн кхача а хилла дIахIоьттина йолу, синтем боцу сан маьлхан Нохчийчоь!

                             Аржиев Бадрудди;

«Даймохк» газетан штатехь воцу корреспондент

 

№142, шот, гIуран (декабрь) беттан 15-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: