Президентски библиотекин Олимпиадин шолгIачу муьрехь дакъалоцур ду 2000 дешархочо
2010-чу шарахь дуьйна ламасте дирзина ду хIора шарахь «Росси – электронни дуьненахь» цIе йолу лакхарчу классашкарчу дешархошна юкъахь Президентски библиотекин Олимпиада дIаяхьар. Иза дIахьо А.И.Герценан цIарахчу Ростовски пачхьалкхан хьехархойн университет гIоьнца.
Историн, обществознанин, оьрсийн меттан интерактивни Олимпиадин хьалхара мур дIабаьхьира Казахстанерчу, Молдоверчу, Белоруссерчу, Россерчу 5000 дешархочунна юкъахь. ШолгIа мур дIахьур бу 2015-чу шеран 7-чу декабрера дуьйна 2016-чу шеран 26-гIа январь кхаччалц. И шиъ дистанционни кепара бу. Цигахь дакъалоцур ду ГIирмерчу, Севастополерчу, Санкт-Петербургерчу, Москварчу, Тюменски, Ленинградски областашкарчу, Нохчийн Республикерчу, Россин кхечу регионашкарчу 2000 дешархочо. КхоалгIа – тIаьххьара мур дIахьур бу 2016-чу шеран февраль баттахь дуьйна март бутт кхаччалц.
Дешархойн хаарийн мах хадор бу Санкт-Петербургерчу вузийн Iилманчех а, хьехархойх а лаьттачу жюрис. Олимпиадин финал дIахьур ю ламасте йирзинчу дуьххьалдIа йолчу кепаца. Иза 2016-чу шеран март баттахь Санкт-Петербургерчу Президентски библиотекехь я цуьнан Тюменехь йолчу филиалехь хир ю.
Толамхошна а, совгIатан меттигаш яьхначарна а гIо дийр ду Россин лаккхарчу дешаран заведенешка деша боьлхучу хенахь. Иштта уьш А.М.Герценан цIарахчу РГПУ деша бахийта гIодарна лерина дIахьош дийцарш а ду.
Толамхошна а, совгIатан меттигаш яьхначарна а Президентски библиотекин совгIаташ лур ду. Цул сов, Президентски библиотекин Олимпиада Россин Федерацин дешаран а, Iилманан а министерствос чIагIйинчу дешархойн Олимпиадина юкъагIур ю.
Л.ДАУТОВА
№142, шот, гIуран (декабрь) беттан 15-гIа де, 2015 шо