Iалхан-Юьртахь – гайтам

    А.-Хь.Кадыровн цIарахчу мемориальни музейн фондашкарчу мехаллийн гайтам хилира дукха хан йоццуш Хьалха-Мартан районан Iалхан-Юьртарчу Культурин цIийнехь. И бахьана долуш цигарчу бахархойн таро хилира  культурин кIоргенаш а, республикин искусство а, музейн фонд а йовза.

    Гайтамехь живописан а, графикин а, скульптурин а белхаш дара (20 гергга). ГIарабевлла бевзаш болу Россин Федерацин халкъан а, хьакъболу а  суьрташдахкархой бу оцу белхийн авторш: В.Платонов, Н.Боровской, А.Асуханов, А.Ковальчук, А.Аполлонов, иштта кхиберш а.

Цигахь массаьрга маршалла а хоттуш, и мехала гIуллакх хиларх лаьцна а дуьйцуш бистхилира Къинхьегаман а, тIеман а Сийлаллин халкъан музейн директор Салтымурадов Iайнди а, Iалхан-Юьртарчу Культурин цIийнан директор Салтымурадов Iальви а. Шайн юьртахь и тайпа гайтам вовшахтохарх хазахетар хиллера Iалхан-Юьртарчу бахархошна. Самукъадаларца хьаьвсира уьш хIора а суьрте.

Гайтаман вовшахтоьхначарна баркалла элира  юьртан маьждиган имама Магомадов Султана а, къанойн Советан председатела Тимерсултанов Мохьмада а. Цу тIехь берзийра гайтаман болх.

 

З.ХАСИЕВА   

№142, шот, гIуран (декабрь) беттан 15-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: