Арсанукаев Iабдулла:
– Мамакаев Мохьмад шен говзаршкахь даим а халкъаца, махкаца ву. Уггаре а лакхара дарж лоруш хилла цо шен къоман поэт хилар. Вуонехь а, диканехь а нахаца цхьаьна хилар дара цо коьрта лоруш дерг. Адамийн хьашташца, заманан лехамашца цхьаьна деттало цуьнан лирически турпалхочун дог. Даймахкал хьоме цхьа хIума а ца хилла Мохьмадна. «Зама» цIе йолчу шен стихотворенехь поэта даггара боху: «Даймехкан сийлахьчу декхарна Дуьненахь массо а деха вай». И ойла Мамакаев Мохьмадан ерриге а кхоллараллех чекхйолуш ю.
Абдулаев Леча:
– Цу къонахчух со байташ яха гIиртина.
Амма къен хилла сан мотт. Аз къора хилла.
Со цунах нахана юккъехь къамел дан а гIиртина.
Амма сан ирс ца хилла иза вовзуьйтуш вийццал иза вевзаш хила.
Амма лам чу кхаьчча: – ХIай, лаьмнаш! ХIай, сан къоьжа лаьмнаш! – аьлла, ас мохь тоьхча, суна дуьхьал даима цуьнан аз кхайкхина. Цуьнан – Адаман – аз… Цуьнан – Илланчин – аз… Цуьнан – Нохчийн мехкан къонахчун аз…
ХIаъ, со лам чу кхаьчча: – ХIай, лаьмнаш! ХIай, сан къоьжа лаьмнаш! – аьлла, ас лаьмнашка мохь тоьхча, суна даима дуьхьал кхайкхина цу илланчин аз. Цу озаца суна бевзина догцIена безам. Накъостан агIонан йовхо. Даймехкан дуьхьа ваха а, вала а кийчча хиларан шовкъ… Цу озо ваьхна со гуттар а Даймахкара Даймахке бодучу некъа тIе…
Ахмадов Муса:
– Билгалдаккха деза, Мамакаев Мохьмадан цхьа а стихотворени я поэма яц чекхъяккхаза йисина, я маьIнех ца кхеташ, я дешнаш кегдеш, барам чу нисъян гIерташ, я меттан грамматикин бакъонаш талхош язйина. Поэтан массо а говзар, тида ца оьшуш, къегина ю шен маьIница а, хормица а. Шен йозанаш халкъан хьашташ кхочушдечу гIуллакхашца нийсса лоруш хилла поэта. Цундела шен ойла ма-ярра юьйцу цо, цунах кхеттачу нахана цхьа дика тIеIаткъам хирг хиларх а тешаш.
Нагахь С.Бадуев нохчийн керлачу прозин, драматургин бухбиллархо велахь, М.Мамакаев нохчийн керлачу поэзин бухбиллархо лара хьакъ ву. Къаьсттина ала деза цуьнан поэмех лаьцна. Нохчийн иллешна тIе а тийжаш, цо кхоьллинчу «Непсин безам», «ЦIий хуьйдина лаьмнаш», «Майрачех илли» поэмашкахь къеггина кхочушхилла дIахIоьттина поэтан философин, эстетикин куц-кепан бустам (система).
Сатуев Хьусайн:
– Мамакаевн ерриге а кхолларалла къонахаллех, безамах лаьтташ яра – и безам шен къоме а, махке а бара цуьнан. Бара, шен дог саццалц. Шен кхалхарца вайн махкана а, халкъана а чов йира Мамакаевс. Амма доьналле кхойкхуш гIевттира цуьнан назманаш. Уьш ека аренца, лаьмнашца, уьш ека нохчийн дегнашкахь, галваьлларг нисвеш, доьналлех воьхнарг доьналле валош.
Къонахийн тобанехь, пхьоьханахь даима а вехаш ву Мохьмад шен назманашца. Вехар а ву, нохчийн къам мел деха!
Бексултанов Муса:
– Соьга цхьанаэшшара, парггIат дийца ца ло цу къонахчух, соьга иштта яз а ца ло. Цунах дуьйцучохь я олучохь, дегI нисдеш, ирахь хила лаьа суна: къам ду ала къам доцуш – шайна луучара махках дохуш, юха цIа лоьхкуш, мохк бу-кх ала, мохк а боцуш, – цхьамма дIабоккхуш, кхечо боькъуш – мохо ловзо баI-кол санна, оьрсийн паччахьаша дIасаловзочу кху махкара (накъостийн меттанашца) каторге а хьажийна… кху дуьненан харцонна, цхьа пIелг санна, ша цхьаъ дуьхьал лаьттинчу къонахчух паргIат муха дуьйцур ду, дегI даржош охьа а хиъна…
Иза нохчех дуьххьарлера поэт ву, шен заманахьлерчу поэзица къоман амалх дIа а ийна, поэт а волуш, къонах а, юха ша – поэт а хилла, ваха йиш йолуш. Суна иза бIешерашкахь вуьсур вуйла хаьа, тахана вайна санна волу Мамакаев Мохьмад а хилла…
(М.Мамакаевна леринчу йозанашкара юкъарадахарш)
Мамакаев Мохьмад
Даймахке
Хьо муха буьйцур бу хабарца?
Вайн безам Iалашбал дош ма дац.
Сайн безам лелор бац ас дашца.
Дош дижна, и безам тарло бан…
ДIаалахь, дош мохо дIахьур ду,
Кехат тIехь макхделла, и довр ду.
ХIан-хIа, ас хьо дашца буьйцур бац,
Ца дуьжчу дагна бен дIалур бац!
Нагахь дог дIадижча, цо шеца
ДIаоьцу даимна безам а…
ХIан-хIа, ас хьо дашца буьйцур бац,
Ца дуьжчу дагна бен дIалур бац!
ТIулгаша а дуьйцу
Со лам чу вогIура кху ширчу новкъа,
Некъаца тидам беш, тIулгашка хьийжи.
Дай баьхна гIирсаш а, хилларг а довзош,
Цу тIулгийн тархаша шайн мотт а бийци.
Хьан бах хьо, сан Даймохк, яханчу хенахь,
Йоза а хьайн доцуш, бIарзбелла баьхна?
Къийсамо аьгначу хьан тIулган белшахь
Гуш ду-кх яздина сан дайшка кхаьчнарг…
Чевнаш дIайирзина хIиттина моьнаш,
Уьш ду-кх хатI кIорга яздина йоза.
Ас йоьшу цуьнца хьан къайлаха чевнаш,
Эхь-бехк а, къийсам а – бIешерийн ойла.
ДIадахнарг моьнашца тIулгаша дуьйцуш,
Лерана ладоьгIча, аз хеза вайна…
ХIара ю дайн хилла ков-кертан уьйтIе,
Замано таIийна кху тIехь и бала.
Йирзинчу хьан чевнийн лорах со вахча,
Го цIийца язйина хьан хIора агIо.
Ас лам чу мохь тоьхча, схьахеза аз а
Дуй техьа айделла цIийн довха татол?
Замане ца лало шу саттош кагдан,
Салт санна хIоьттина, сан лекха лаьмнаш.
ДогIанна я яьсса гулъелла мархаш,
Четаршха хIиттина, шун белшехь лаьтта.
Къонахийн дог-ойла гулйина лаьмнаш,
Со вогIу шу хестош – дайн хилла чIагIо.
Хестадац ас лаьмнаш лекха ду аьлла,
Лакхенца карош бац накъостан агIо…
Лермонтовн сирла дош аш кхиий техкош;
Кхузахь сан хьехархо – сан хьоме Коста –
Лелла, дарц айдина, паргIато хестош…
Цо кхузахь гулйина къонахчун ойла.
ПаргIато лоьхуш, уьш кхузахь бахарна,
Сийлахьа сан Даймохк, маршалла хьоьга.
Хьан халчу йозанца ойла гулъярна,
Лорур вай, накъостий, церан дош оьзда.
№142, шот, гIуран (декабрь) беттан 15-гIа де, 2015 шо