Роскомнадзоран (зIенан, хаамийн технологийн, шуьйрачу коммуникацийн декъехь Iуналла даран федеральни служба) Нохчийн Республикехула йолчу урхаллас «Вайнах Телеком» компанин 2,3–2,4 ГГц частоташкахь доьалгIачу чкъуран мобильни сеть (4G LTE) болх бан йолаялийта бакъо елла шо сов хан кхаьчна.
Нохчийчохь сурт, видео, кхиболу хаам дехьа-сехьа баккхаран и частоташ «Вайнах Телекомо» 2010-чу шарахь яьхна яра. Цул тIаьхьа, шарахь а ца хьелуш, компанис сеть дIахIотторан белхаш дIаболийра. Соьлжа-ГIалахь а, Гуьмсехь а, Устрад-ГIалахь а цу сетана (4G) кечамаш бина яьллачу компанин хьалха цхьацца проблемаш хIиттира: сеть дIахIотторехь цо лелийна болу гIирсаш Россехь бина бац аьлла, мел динарг эрна хила а минот йоцуш, Роскомнадзоро пурба ца делира кхидIа цу декъехь белхаш бан. Шина шарахь Роскомнадзорца къийсамаш а, «девнаш» а латтийна, эххар а бакъо яьккхира компанис 4G – сеть дIахIотторехь кхидIа а белхаш бан а, цхьайолчу шахьаршкахь цуьнга болх дIаболабайта а.
Тахана оцу компанин 4G – сеть республикин гIаланашкахь хилла ца Iаш, дуккха а ярташкахь а ю. Бахархошна цунах боккха кхаъ хилла. Иштта дуьйцу цара шайна хетарг:
– Нохчашка IT – технологийн декъехь лартIехь хIума далур ду аьлла ца хетта суна цкъа а. Амма нохчийн компанис дIахIоттийначу 4G-на чIогIа реза-м хилла со, – боху Ахматханов Идриса.
– Лаахь кинога хьажа а, кхечу махкахь бехаш болчу сайн гергарчаьрца видео-къамел дан а боккха аьтто баьлла сан, Соьлжа-ГIалахь хIара сеть хиларна. Цул сов, лаахь телефон тIехь а, лаахь компьютер тIехь а лелон таро ю сан и сеть, – элира Хасарова Мадинас.
Баккъал а, «Вайнах Телеком» компанис шен 4G – сетах пайдаэца дуккха а таронаш елла бахархошна: телефонца, Mi-Fi-роутерца, компьютерна тIетосучу модемца.
Компанин векалша билгалдарехь, церан доьалгIачу чкъуран сетан пайдаэцархойн барам денна а лакхаболуш бу. Цундела, карарчу хенахь компанис дIахьош вуно боккха а, мехала а болх бу.
– ГIаланашкахь а, яккхийчу ярташкахь а бен яц цкъачунна 4G – сеть, доккха кхачамбацар ду иза. Иза дIадаккхархьама къахьоьгу оха. Дагалаьцнарг кхочушдахь, Дала мукъ лахь, вайн бахархойн муьлххачу а юьртахь пайдаэца йиш хир ю тхан сетах, – элира компанин векала Хамурадов ИбрахIима.
Компанис шен планаш кхочушъяро цунна керла абоненташ лур бу. Ткъа абоненташна кхоччуш а, механа еза а йоцуш интернет хир ю. Цул сов, республикин бюджетана а хир бу цунах пайда.
Кхузахь ала догIу, «Вайнах Телеком» Россехь 4G – сеть дIахIотторехь къахьегначу хьалхарчу компанех цхьаъ а, Нохчийчохь, Къилбаседа Кавказехь уггаре а хьалхарниг а хилар.
И.ХАСАХАНОВ
№142, шот, гIуран (декабрь) беттан 15-гIа де, 2015 шо