ДИНАН А, ЮКЪАРАЛЛИН А ОРГАНИЗАЦЕШЦА ЗIЕНАШ ЛАТТОРАН ДЕПАРТАМЕНТЕХЬ

Кегийрхой ларбича, кхане синтеме хир ю

Нохчийчоьнан экономикин а, урхаллин а колледжан студенташца а, хьехархошца а цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директор Дадаев Ризван. Иштта цига кхайкхинера Нохчийн Республикин Парламентан Председателан заместитель Абдуллаев Iела, депутат Сайд-Хьамзат Жамалуллайл, Октябрьски районан префект Исмаилов Русланбек, УМВД-н Октябрьски районан отделан хьаькам Демильханов Асламбек, МВД-н ОМОН-н командир Цакаев Алихан, Октябрьски районан къеда Мусаев Сайд-Мохьмад.

Департаментан директора дийцира экстремизмах бусалба умматна долучу зуламах а, радикальни боламан тилабаларх а лаьцна. Къаьсттина тидам тIебахийтира хавариджех тахана бусалбанашна долучу питанах лаьцна дийцарна. Коьртачу декъана уьш бу Шемахь а, Иракехь а бусалбанашна дуьхьал тIемаш беш берш, оцу мехкашкахь къизалла яржош берш.

– Бусалба дино доьхкуш ду маьршачу, бехк-гуьнахь доцчу адамийн цIий Iанор, церан бахамна тIекхийдар, уьш аьшнаш бар. Магийна мел доцург лелош бу хариджиташ  а, хавариджаш а, царах дIакхеттарш а. Цара галбоху вайн кегийрхой а. Цунна тоьшалла ду дукха хан йоццуш Курчалойн районехь веа жимачу стага дина зулам. Нохчашна юккъехь цкъа а хилла дацара и санна дерг», – бохура Р.Дадаевс.

Цул тIаьхьа къамелаш динчу вайн республикин парламентареша а, бакъонашларъяран органийн векалша а, кхечара а дийцира вахабизман идеологино вайн кегийрхошна бечу вуочу тIеIаткъамах а, цунах лардаран некъех а лаьцна. Уьш тахана вайга ларбелча вайн кхане синтеме хирг хилар билгал а даьккхира цара.

Кхин а чIагIбан беза экстремизмана

дуьхьал дIахьош болу къийсам

Цу хьокъехь къамел хилира Дадаев Ризвана ТIехьа-Мартан районан кегийрхошца хиллачу цхьаьнакхетарехь. Цигахь дакъалоцуш вара иштта районан администрацин куьйгалхо Сельмурзаев Алихан.

Шен къамел Iеламстага дIадолийра Герггарчу Малхбалехь кхолладеллачу кхерамечу хьолах дерг дийцарна тIера. Цо къаьсттина тидам тIебахийтира вайн халкъана лазам хилла дIахIоьттинчу гIуллакхана – вайн цхьаболу кегийрхойх вахабизман а, терроризман а идеологийн Iаткъамна кIел нисбаларна, царах цхьаберш, Iеха а луш, «Иблисан пачхьалкхан» гIеранех дIакхеташ хиларна. Цо чIагIдира Шемахь а, Иракехь а оцу зуламечу боламо дIахьош болу тIом исламаца а, джихадца а доьзна хIума долуш цахилар. Малхбузенан лерринчу службийн куьйгаллица зуламаш лелош болчу «ИГИЛ-н» террористаша гIаланаш, ярташ йохайо, маьрша бусалбанаш хIаллакбо.

Дадаев Ризвана кегийрхошка дийхира оцу талорхойн харц хьехамех ца Iехабалар, церан идеологашна ла ца дегIар, шайна хаа лууш дерг вайн Iеламнахе хаттар. Делан къинхетамца, тахана Нохчийчоьнан хIора юьртахь а бу бусалба динах нийса хьехам бан охIла болу Iеламнах. Цунна тIе тидам бахийтира департаментан директора.

Цхьаьнакхетар дерзош кегийрхоша хаттарш дира Р.Дадаевга. Цара делла цхьа а хаттар кхачам боллуш жоп ца луш ца дитира цо.

ХIокху паргIатонан хьурмат дан деза

 

Хьалха-Мартан районерчу кегийрхошца а, Iеламнахаца а хиллачу цхьаьнакхетарехь Дадаев Ризвана дийцира къона тIаьхье ийманехь кхетош-кхиоран цхьааллин концепци  кхочушъяран декъехь вайн дерриге а юкъаралло цхьаьна кхочушдан дезачу гIуллакхех лаьцна. Цу юкъахь ду экстремистийн идеологина дуьхьал къийсам дIабахьар, наркоманин белхаме тIаьхье йовзийтар, деш-дуьтуш доцуш, мукъа лелаш болу кегийрхой юкъараллина пайдехь долчу гIуллакхашна юкъаозар, кхидерг.

– Далла даима хастам бан беза вай тахана вайна маьрша даха, къахьега, бусалба дин Iамо хIара паргIато яларна. Хастам бан а беза, хIокху паргIатонан хьурмат дан а деза. Хьурмат дар ду Дала Шен Къуръана чохь а, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) суннаташкахь а хьехначу нийсачу некъа тIехь дIадахар. «Хазахета хIокху районан куьйгалло а, Iеламнаха а вахабизман идеологино а, зуламечу кхечу боламашна а дуьхьал билггал кхийсам, болх дIахьош хилар, къоначарна экстремисташа бохьуш болу гIайгIа-бала бовзуьйтуш хилар» – бохура цо.

Департаментан директора дийцарехь, кхачаме дац Iедалан векалша а, Iеламнаха а оцу декъехь болх бар. Дай-наноша дийца деза шайн берашна бусалба цIеначу динах лаьцна, радикальни боламех долучу зуламех лаьцна, вайн сийлахьчу шайхех а, эвлаяэх а, устазех а, царах долучу беркатах а лаьцна. Кегийрхойх уггаре а хьалха жоп дала дезаш бу церан дай-наной. Цундела уьш сема хила беза шайн бераш кхеторехь, кхиорехь. Царна жимачохь дуьйна диканиг марздан деза, вуониг къахьдан деза. ХIора хIусамехь дуьйцуш хила деза вахабизмо, терроризмо, наркотикаша дечу зенах, зуламах лаьцна, царах муха лардала деза. Оцу дерригенна тIехь доккха гIо хир ду бераллехь дуьйна доьзалшна Къуръанан сийлаллин, пайхамарийн, эвлаяийн дахаран марзонан чам бовзийтича. И даре кхайкхира Р.Дадаевс цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш берш.

 

Д.ПАШАЕВ

 

№142, шот, гIуран (декабрь) беттан 15-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: