Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон районашкарчу отделийн дика ламаст хилла дIахIоьттина заьIапчу берийн учрежденешна тIехь Iуналла дар. Иштта, Аргунера 90 меттигна йолу могашалла дика йоцчу берийн реабилитационни центр шайн Iуналле эцна чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Хьалха-МартантIерчу, Аргунерчу, ТIехьа-МартантIерчу отделаша. Шайн декхаршца догIуш ма-хиллара, юкъараллин низам лардар дац дуьйцург, оцу декъехь полицигара гIо оьшуш хьал дац кхузахь. Полицин белхахоша юьхьарлаьцнарг ду заьIапчу берашна шайн ницкъ кхочу гIодар.
Наггахь а дезде ца доьду вай юьйцучу отделийн кхиазхошца болх баран дакъошкара белхахой кхузахь ца хуьлуш. ХIоразза а цхьацца совгIаташ а дохьу.
ХIокху деношкахь а хилира полицин белхахой Аргунерчу реабилитационни центрехь. Цаьрца бара Нохчийн Республикин МВД-н кхиазхошца болх баран декъан белхахой полицин майор Сибиров Iела, полицин капитан Яндаров ИбрахIим, Хьалха-Мартан РОВД-ра полицин майор Мальсагова Румиса, могIарера Малуева Хеда, ТIехьа-Мартан РОВД-ра лакхара лейтенант Насипова Милана, Аргун гIалин ОВД-ра полицин майор Магомадова Диана.
Берийн дог хьостуш, хаза къамелаш дира хьешаша. «Дукха хан яра суна иштта хаза бераш газа, – бохура Сибиров Iелас. – Могашалла Дала елларг бен хир яц. Шуна гуш долу тхо а дац шуна цхьацца лазарш доцуш, цундела доьхна хила ца оьшу. ХIинцца, даккхий хилла, тхан метта дIахIуьттур ду шу: цхьаннах лор хир ву, вукхунах – хьехархо, министр, полицин белхахо. Шек дIа ма довла. Шу ирсе хилийта къахьоьгуш ма ду вайн Iедал а». Хьешаша билгалдаьккхира центран белхахоша беш берг хала белахь а, амма, Дела реза хир волуш, меле болх хилар. Дуккха совгIаташ а деанера полицин белхахоша: Къуръанан аяташ т1ехь долу суьрташ, берийн ловзо хIуманаш, мерза хIуманаш. Берийн а, хьешийн а самукъадаьккхира Аргунерчу культурин цIийнан берийн кхоллараллин тобано. Берийн а, центран белхахойн а цIарах хьешашна даггара баркалла элира Аргунерчу реабилитационни центран директоран заместитела Гудаева Кисас. Цо билгалдаьккхира ишттачу цхьаьнакхетарша берийн синкхетамна дика Iаткъам беш хилар.
Хь.АБАЕВ
