Бахархой реза бу

Шелковски районан бахархойн хьашташ кхочушдаран комплексни туьшо социальни хьашташ кхочушдо «Россин Федерацехь бахархойн социальни хьашташ кхочушдаран баххийн хьокъехь» болчу 2013-чу шеран 28-чу декабрехьлерчу №442 йолчу Федеральни законца нийса а догIуш, нагахь санна шайн социальни хьашташ кхочушдайта баккхий нах а, заьIапхой а шайн лаамехь реза хилахь. Шайн хьашташ кхочушдайта реза ца хила тарло уьш. Могашаллин хьолана тIехь хаадала тарлуш долчу социальни хьашташ кхочушдарх уьш юхабовлар чIагIдо заявлени яздарца.

Хьашташ кхочушдан дIа ца оьцу чIагIъелла психически цамгарш, хронически алкоголизм, йовлу цамгарш, кIаргъелла туберкулез цамгар, могашалла Iалашъяран леррина йолчу учрежденешкахь дарбалело дезаш йолу кхийолу чIагIъелла цамгарш йолу бахархой.

Туьшо бахархойн социальни хьашташ кхочушдан тарло цкъа, цхьана ханна (6 баттана тIекхаччалц), я хаддаза.

Туьшан белхан коьрта гIуллакхаш ду Шелковски муниципальни районан бахархойн социальни а, медицинсики а, могашалла тояран а хьашташ кхочушдар. И декхарш кхочушдеш ю ши отделени: цIахь социальни хьашташ кхочушдаран отделени а – 10 отдел, хьашташ сихха кхочушдаран отделени а – 1 отдел. Белхахо 141 ву. Районехь 19 юрт ю. Царех 10-нхьа цIахь хьашташ кхочушдо, и гIуллакх деш ву социальни 89 белхахо. Цара кхочушдо социально-дахаран-Iеран хьашташ (чуьра гIуллакх до, кхачанан сурсаташ оьцу, схьадахьа, хIумнаш юьтту, кхача кечбеш гIо до), медицински хьашташ (лозуш йолу меже йоьхку, маха туху, цIано яран гIуллакхаш до), бакъонийн гIуллакхаш до (документаш кечдо, пенсин кхачояран, юридически гIуллакхаш до).

Хьашташ 578 стеган цIахь кхочушдарна дIаязвина ву, царех кхоъ Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархо ву. Царех хIоранна а тIечIагIвина ву социальни белхахо.  Къаьсттина тидам тIебохуьйту оцу нахана, хIунда аьлча шо шаре даларца уьш лахлуш хиларна.

Тидамза ца витина тIеман цхьа а дакъалацархо. Ветеранийн дахаран материально-хIусамийн хьелашна акташ хIиттийна. ХIусамийн хьелаш тодан дезаш болчеран документаш республикин къинхьегаман, нах балха нисбаран, социально кхиоран министерстве дIаделла.

Шен коьрта болх кхочушбарал совнаха, туьшан коллективо жигара дакъалоцу районан а, республикин а юкъараллин дахарехь, ша аьлча, тайп-тайпана гIуллакхаш дIадахьарехь.

Буьззина кхочушбеш бу бахархойн хьашташ кхочушдаран белхан берриге а лехамаш: аьрзнаш дIаяздеш долу журнал, телефон, почтан яьшка ю.

Туьшо болх бо районан а, яртийн а администрацешца герггара зIенаш йолуш.

 

С.МАМАЕВ

 

№142, шот, гIуран (декабрь) беттан 15-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: