Парламентан депутат яздархошца цхьаьнакхийтира

Кху деношкахь Нохчийн Республикин яздархойн союзехь Нохчийн Республикин Парламентан депутат Хазбулатов Бекхан цхьаьнакхийтира Россин тайп-тайпанчу субъекташкара баьхкинчу яздархошца: Россин Федерацин яздархойн союзан хьалхарчу секретарца Иванов Геннадийца, Россин Федерацин яздархойн союзан Москва гIалин организацин председательца, Нохчийн Республикин культурин хьакъволчу белхахочуьнца Бояринов Владимирца, Россин Федерацин яздархойн союзан правленин секретарца, Нохчийн Республикин культурин хьакъволчу белхахочуьнца Голубничий Иванца. Цхьаьнакхетар лерина дара Нохчийн Республикин яздархойн союзан 85 шо кхачарна а, «Литературин шо» дерзорна а, академикан Захаров Петран шо схьаделларна а.яздархой

Цхьаьнакхетаран дакъалацархоша дийцира: литературехь хуьлучу хиламех а, кегийрхой кхетош-кхиорехь книгаша  дIалоцучу меттигах а лаьцна.

«Нохчийн Республикин Интелектуальни туш» региональни юкъараллин организацин председатель волчу Хазбулатов Бекхана шен къамелехь билгалдаьккхира литература кхиорехь а, кегийрхой кхетош-кхиорехь а Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дуккха а къахьоьгуш хилар. Иза иштта ца хиллехь, йоццачу хенахь Нохчийчохь и тайпа хийцамаш хир бацара  цо дийцарехь. Иштта литература кхиорехь къахьегарна яздархошна баркалла элира Нохчийчоьнан парламентан депутата.

Цхьаьнакхетар дерзош хьешашна дипломашца а, мидалшца а, иштта «Нохчийн Республикин интелектуальни туьшан лауреаташ» цIе йолчу биографин энциклопедин хьалхарчу томаца а совгIаташ дира цо.

 

З.САГАЕВА

Суьрта тIехь:  цхьаьнакхетаран дакъалацархой

№142, шот, гIуран (декабрь) беттан 15-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: