ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнан актови зала чохь дIадаьхьира «Цхьаьна» цIе йолчу региональни проектан гурашкахь «Дуьненан динаш терроризмана дуьхьал» кхайкхамца терроризмана а, экстремизмана а профилактика яран цхьаьнакхетар. Нохчийн Республикехь бина ца Iаш, ГIалгIайн Республикехь а болх беш ю проект.
Цхьаьнакхетар вовшахтоьхнера «Диалог» цIе йолчу кегийрхойн региональни юкъараллин боламо а, ГIалгIайн Республикерчу социальни кхиаран «Генезис» юкъараллин фондо а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин юкъараллин а, динан а организацешца зIенаш латторан департаментаца а, къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствоца а цхьаьна.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн терроризмана а, экстремизмана дуьхьал йолчу туьшан белхахо Эльмурзаев Шемал, Республикин Куьйгалхо волчохь адамийн бакъонаш ларъярехула а, юкъаралла кхиорехула а йолчу Советан председатель Алиев Тамерлан, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан юкъараллин организацешца болх баран отделан хьаькам Байсултанова Роза, лакхахь хьахийначу проектан координатор Аюбова Лайлаъ, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон зорбанан а, хаамийн а департаментан директор Хатуев Ислам, кегийрхойн «Баьццара деши» организацин декъашхой, региональни юкъараллин «Оптимум», хаамийн «Объектив» организацийн декъашхой, иштта кхиберш.
Цхьаьнакхетар дIадолош Л.Аюбовас дийцира проектан балхах лаьцна: «Оха дIахьош болу болх Р.Эльмурзаеван отделаца барт бина, терроризмах, экстремизмах, кхидолчу зуламечу хIуманех кегийрхой ларбарна тIехьажийна бу, – долийра шен къамел Л.Аюбовас. – Къаьсттина оха тидам тIебохуьйту бакъонаш ларъяран органаша тергонехь латтош болчу кегийрхошна. Кегийрхошца болх бинчул тIаьхьа хаалуш хуьлу дикачу агIор хийцамаш.
Нохчийн Республикехь а, ГIалгIайн Республикехь а бехачу кегийрхошна юкъахь (пхи бIе – Нохчийчуьра, пхи бIе – ГIалгIайчуьра), церан дог-ойла йовза лууш, дIабаьхьна дагадовларан болх. 80–90 процент болчу кегийрхоша Нохчийн Республикин Куьйгалхочо терроризмана дуьхьал дIахьош болу къийсам къобалбо. КхидIа беш болу болх оцу 10 процентана тидам тIе а бохуьйтуш дIабахьа беза. Вайн республикехь зерат дагор, къоман турпалхойн суьрташ дагор санна а, иштта кхидолу а зуламаш хила ца деза. Цу декъехь къаьсттина болх бан беза. Уггаре а хьалха дай-нанойн декхар ду аьлла хета суна шайн берийн терго яр. Терроризм бохург – иза тIом бар ду. Цо тIаме кхойкху. Коьртаниг цуьнан цхьа а дин дац».
Ш.Эльмурзаевс элира: «Доккхах долчу декъана террористийн могIаршка хIуьттуш берш, цхьа а хIума ца деш, мукъа кегийрхой бу. Бер кхиаран декъехь коьрта дакъа кхочу дай-наношна. Вайн къоман массо хенахь а хилла дай-наноша шайн берех жоп луш. Оха бинчу талламаша (школехь, институтехь, дешаран кхечу заведенешкахь методисташца, хьехархошца динчу къамелашца, уьш талла дезаш ду) 50 процент дай-наношна бала бац шайн бераша лелочун. Масала, микрорайонерчу №60 йолчу школехь ши бIе гергга да-нана а долуш, лакхарчу классашкара дешархой а болуш дIабаьхьначу гуламехь пхиъ бен стаг вацара. Ден Iуналла дIадаьллачу берашна тIехь болх бан буьйлало зуламаш дарна тIехь «зеделларг» долу террористийн хьадалчаш (вербовщики). Цул тIаьхьа церан бер харцновкъа долу. Шена тIе цхьа хало а хIоьттина, дог доьхча, адамийн психика галйолу. Психологаша, социологаша болх бан беза цу декъехь».
ТIаьхьарчу исс баттахь шаьш дIадаьхьначу гIуллакхех лаьцна дийцира Р.Байсултановас. «Вайн республикехь тIеэцна йолчу «Нохчийн Республикин тIекхуьу тIаьхье ийманехь кхетош-кхиоран концепцин» гурашкахь министерствош, ведомствош, дай-нанойн комитеташ, Iеламнах юкъахь болуш, дIадаьхьна 9 616 гIуллакх. Цигахь дакъалаьцна 775 423 стага. Иштта юкъараллин организацеша а дIахьо кегийрхой кхетош-кхиор. ТIейогIучу хенахь кхин а лакхарчу тIегIанехь дIабахьа беза болх. ХIунда аьлча, цхьа жима стаг цара Iехийча а, иза бохам бу вайна. Галвоккхуш верг вайн къоман кIант хиларна. Кегийрхой ийманехь кхетош-кхиоран болх дай-наной юкъа а озош дIабахьа беза. ХIотто еза 2016-чу шарахь дан дезачу гIуллакхийн план. Цу юкъадахийта лууш хаттарш делахь дехар ду уьш тхан департаменте схьадар. И план вайн Республикин Куьйгалхочо тIечIагIъян езаш ю. Иза кхочушъеш цхьаьна къахьега деза. Дукха хан йоццуш вайн махкахь хилла долу зуламаш цахилийтарна тIехьажийна гIуллакхаш дIадахьа деза юкъараллин организацеша, дайн-нанойн комитеташа, меттигашкахь шаьш урхалладаран органаша».
Динчу къамелийн жамI деш, шена хетарг олуш вистхилира Т.Алиев. Цо элира: «Тахана юьйцуш йолу проблема иза вайн массеран а лазам бу. ХIара проект дIаяхьарна Дела реза хуьлда ала луур ду Л.Аюбована. Дика жамIаш ду хIокхара вайн республикехь а, луларчу республикехь а бинчу белхан. Тахана хIоьттинчу хьолехь вайна мехала ю муьлхха а проект. Ийманехь кхетош-кхиоран концепци чIогIа оьшуш ю. Бер кхиор дай-наношна тIе а диллина, Iедало шена тIера декхар дIадаккхар нийса ца хета суна. Доьзалехь цхьа бер хилла ца Iа. Нагахь санна ден ворхI кIант велахь кIирнах ворхI дийнахь ваха веза иза школе. Харцновкъа бовлурш 14 шаре бевлларш а, цул баккхийнаш а хуьлу. Уьш юкъаралло дуьйцург схьалоцуш, доьзалера мелла а дIакъесташ хуьлу. Цу хенахь кегийрхойн кхин хьежамаш хуьлу. Цо хоржуш болу накъостий муьлш бу хьажар и ду мехала. Суна хетарехь, пачхьалкх, школа, юкъаралла хьажа еза накъостий лацарехь иза нийсачу новкъа ваккха. Цхьана агIор вай ЕГЭ дIаялар лоьху цаьргара, цуьнца цхьаьна уьш тайп-тайпанчу гIуллакхашкахь дакъалоцуш хила беза а олу вай. Кегийрхой кхетош-кхиоран болх, дешарна уьш юкъах а ца бохуш, дIабахьа хьовса деза вай.
Терроризм иза цхьана наха шайн Iалашонна юкъаяьккхина. Цуьнан метта цхьа диканиг юкъадаккха деза вай. Нохчийн Республикехь дуккха а меттигаш ю кегийрхошна шаьш шайн зен: кхузахь йиш ю дешар Iамо, спортан секцешка лела. Вайга далуш дерг дерриге а дан деза вайн кегийрхой вахабиташка а, террористашка а Iеха ца байта. Цундела муьлхха а дика идей юкъаяккха еза. Цу тIехь къахьоьгур ду вай», – дерзийра шен къамел Т.Алиевс.
Л.ИБРАГИМОВА
№142, шот, гIуран (декабрь) беттан 15-гIа де, 2015 шо