Нохчийн халкъан тоьлла кIентий

    «Шайх къонахий олуш хиллачу нохчийн халкъан тоьллачу кIенташна даима а сийлахь хилла Даймахке болу безам. Дайн, дедайн гIиллакхашна муьтIахь болу, оьшшучу хенахь Даймохк ларбан дIахIитта кийча болу къонахий йоккха тIаьхьало ю. Цунах лаьцна  яздина Инстраграмехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс.

   «Нохчийн халкъан шайх къонахий олуш хиллачу тоьллачу кIенташна даима а сийлахь хилла шаьш бина мохк, боккхах болу Даймохк дукхабезар, баккхийнаш ларар, кегийчеран гIайгIабар, шен динца даггара юкъаметтигаш хилар. Тахана вайн иштта къонахий эзарнаш бу! Уьш вайн халкъан йоккха  хазна ю. Со кхойкху шуьга массаьрга а, иза даима а дагахь латторе, вайн берийн хиндолчух, Даймехкан хиндолчух вай жоьпаллехь хилар дагахь латторе!», – яздина Кадыров Рамзана.

Цо иштта кегийрхошка дIахаийтира могашалла талхаре а, цамгарш юьйлаяларе а ца хьуьйсуш, могашаллин хаддаза гIайгIа бан безаш хилар.

«Дуьнен чохь цхьа а вац валаза висина. Дахар а ду чIогIа доца! Цунах дика кхеташ хила деза къона долуш, цIеххьана къаналла а, цамгарш а тIекхачаре а ца хьуьйсуш. Нагахь санна вай хIора дийнахь вешан могашаллин гIайгIа ца бахь, цхьана а лоьран ницкъ кхочур бац иза меттахIотто», – билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо.

Цунна хетарехь, «тIаьхь-тIаьхьа дIабовлуш бу юкъараллера къийсамаш, адамаш вовшашца гIиллакхехь хуьлуш ду, дIадолуш ду Iедал цахиллачу а, халачу дахаро-Iеро а кхоьллина долу кегийрхошна юкъара дера хилар а, вовшашца тар цабалар а.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира «хIора стагехь цуьнан дика гIиллакхаш леха дезаш хилар, ларамаза девллачу гIалатех юьхьяха езаш цахилар, цунна ийманехь кхиарехь гIо дан дезаш хилар.

«Суна чIогIа хазахета вайн кегийрхой спортехь дакъалоцуш, деша а, Къуръанан  суннаташ вайн халкъан гIиллакхаш, Iадаташ, вайн мехкан законаш лардан а лууш хилар», – яздина Инстаграмехь йолчу шен агIон тIехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

 

С.ДУБАЕВ

 

№142, шот, гIуран (декабрь) беттан 15-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: