Форумехь кхиамаш бехира нохчийн журналисташа

Оха хьалха хаам бина ма-хиллара, кху деношкахь дIаяьхьира Къилбаседа Кавказан шуьйрачу хаамийн гIирсийн III-гIа форум.  Округан журналисташ хилла ца Iаш, мехкан Iедалан векалш, юкъараллин гIуллакххой, блогерш, социальни сетийн жигара пайдаэцархой а бара  Пятигорскехь цхьаьнакхеттачарна юкъахь.форум сми

    Форуман кхушарахьлерчу керлачарех бара «Кавказан журналисташ – шайн говзаллин ветеранаш» аьлла болу суьртийн гайтам. Иштта, форумехь дакъалоцуш  болу шуьйрачу хаамийн гIирсаш бовзуьйтуш гайтам а вовшахтоьхнера. Цигахь, хIора а регионера дакъалацархой а, церан болх а бовза таро хилира.

«Кавказан васт – маьIнаш цхьаьнакхетар»  аьллачу темица пленарни кхеташо дIаяьхьира форумехь. Цигахь дакъалецира Россин Федерацин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолчу векала Меликов Сергейс, Къаьмнийн гIуллакхашкахула йолчу федеральни агентствон куьйгалхочо Баринов Игора, Россин Пачхьалкхан Думин председателан заместитела Железняк Сергейс, иштта регионийн куьйгалхоша, Пачхьалкхан Думин депутаташа. Кхеташонехь дийцира махкахь долу политикин, экономикин, юкъараллин хьал нийса довзийтарехь журналисташа лелочу маьIнах а, церан жоьпаллех а, регионийн а, федеральни а шуьйрачу хаамийн гIирсийн юкъаметтигех а лаьцна.

Шина дийнахь форумехь 200 сов шуьйрачу хаамийн гIирсашкара 700 сов векалш хилира. Форуман кхолладелла ламаст лардеш, вовшашца зIенаш а тесира, юкъаметтигаш а ч1аг1йира регионийн а, федеральни а журналисташа.

 

Кху шарахь къаьсттина чулацаме яра шуьйрачу хаамийн гIирсийн форуман программа: «горга стоьлаш», мастер-классаш, гайтамаш, и. дI.кх.  Коьрта гIуллакх дара лакхахь билгалъяьккхина йолу кхеташо. Иштта, форуман декъехь дIадаьхьира «МедиаКавказ» конкурсан совгIаташ дIадалар. Кху шарахь дуьххьара жюрис бигалбохуш бара толамхой (иштта сацам хиллера стохкалерчу форуман жамIашца, дIадаханчу шерашкахь массарна а магийна дара дакъалацархошна кхаж тасар).

Тоьллачу журналисташна а, шуьйрачу хаамийн гIирсашна а юкъахь кху кепара дIасайийкъира совгIатан меттигаш:

Къилбаседа Кавказехь шеран тоьлла телепроект:

1.            «Архыз-24» телеканал (Кхарачойн-Чергазийчоь);

2.            «Грозный» ЧГТРК (Нохчийн Республика);

3.            «Ингушетия» НТРК (ГIалгIайчоь).

Къилбаседа Кавказехь шеран тоьлла зорбанан издани:

1.            «DISCOURS» журнал (Нохчийн Республика);

2.            «FAMOUS» журнал (Къилбаседа ХIирийчоь);

3.            «Московский комсомолец. МК-Кавказ» (Ставрополан край).

Къилбаседа Кавказехь шеран тоьлла радиопроект:

1.            «Город» радио (Къилбаседа ХIирийчоь);

2.            «Ингушетия» радио (ГIалгIайчоь)

3.            «Грозный» радио (Нохчийн Республика).

Къилбаседа Кавказехь шеран тоьлла интернет-издани:

1. Хаамийн-аналитикин «Кавказ Сегодня» портал (СКФО);

2. Хаамийн «15-й регион» портал (Къилбаседа ХIирийчоь);

3. «М-Кавказ» ООО (Ставрополан край).

 

Къилбаседа Кавказехь шеран тоьлла журналист:

1.            Уразаев Эдуард (Дагестан);

2.            Мусаев Ражап (Нохчийн Республика);

3.            Набиева Светлана (Ставрополан край).

Къилбаседа Кавказехь шеран тоьлла хилам:

1.            «ТАСС»  агентствон хаамийн-довзаран «Это Кавказ» проект;

2.            РИА КБР тIехь йолу Мокаев Тенгизан блог (ГIебартойн-Балкхаройчоь);

3.            Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун А.-Хь.Кадыровн сийнна лерина ерригроссин «Голос Кавказа» радиофестиваль (Нохчийн Республика).

Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна «Къилбаседа Кавказехь шеран адам» номинацехь леррина совгIат делира. Оцу номинацехь журналисташа, шаьш конкурсе заявкаш лучу хенахь, тесна долу кхаьжнаш тидаме оьцуш дара (конкурсан заявки тIехь къаьстина билгалдаьккхина дара оцу номинацехь кхаж тасар).

Лауреаташна совгIаташ дIалуш бара: Россин Федерацин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолчу векалан заместитель Ведерников Михаил, Къилбаседа Кавказан шуьйрачу хаамийн гIирсийн Ассоциацин председатель Канавин Илья, «Россия-24» каналан телеведущи Панкова Ольга, гIараяьлла йолу телеведущи Максимовская Марианна.

Форум вовшахтоьхнера Россин Федерацин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолчу векалан аппаратан, Пятигорск гIалин администрацин, «Международный аэропорт Минеральные Воды» ОАО-н, мебелан «ДЕКС» фабрикин, «Зеленая компания» ООО-н, «Интурист» хьешийн цIийнан, «Парк Родник» ООО-н, «Пятигорский Нарзан» санаторийн а гIоьнца. Форуман коьрта накъост хилира «Курорты Северного Кавказа» организаци, хаамийн спонсорш – хаамийн «ТАСС» агентство а, ВГТРК а.

Къилбаседа Кавказан шуьйрачу хаамийн гIирсийн форум кху шарахь кхозлагIа бен дIахьош яцахь а, къаьсташ ду нохчийн журналисташа а, хаамийн изданеша а цуьнан декъехь алссам кхиамаш бахар. Денна кхуьуш йогIучу вайн республикина юьхькIам а бу, журналисташна, республикин берриге бахархошна а доккха хазахетар а ду иза.

 

А.СУЛИМАНОВА

 

№142, шот, гIуран (декабрь) беттан 15-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: