Россин Конституцин денна лерина Нохчийн Республикин Парламентехь даздаран цхьаьнакхетар хилира.
Иза дIадаьхьира Нохчийн Республикин Парламентан спикера Даудов Мохьмада куьйгалла а деш.
Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Парламентан Председателан заместитела Жамалдаев Шаида, республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министра Алханов Руслана, республикин Правительствон Председателан хьалхарчу заместитела Тумхаджиев Iийсас, республикин прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис, республикин бакъонаш ларъяран дакъойн командираша, юкъараллин векалша, кхечара.
Шен къамелехь М.Даудовс билгалдаьккхира Россин Федерацин Конституци пачхьалкхан коьрта документ хилар.
«ХIинца гIуллакх деш йолу Конституци тIеэцначу дийнах бакъонца исторически хилам ала мегар ду. 1993-чу шарахь Россис керла некъ хаьржира. Советски хиллачуьнца дерг дуьззина дIахадийра. Россин Федераци тешам боллуш демократически новкъа елира», – элира М.Даудовс.
Цо иштта билгалдаьккхира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хьекъале политика бахьана долуш нохчийн халкъо референдум дIаяхьарца шена чIогIа чолхе хиллачу муьрехь шен лаам гайтина хилар.
ХIетахьлерчу чIогIа халачу муьрехь Россин Президента Путин Владимира дерриге а дарца гIо а лоцуш, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас политически хьекъале хилар гайтира, цуьнан боккхачу лаамца дIаяьхьира Нохчийн Республикин Конституци тIеэцарехула йолу референдум. Иза шен халкъ кIелхьарадаккхаран дуьхьа Ахьмад-Хьаьжас гайтина граждански, патриотически, адамаллин хьуьнар дара», – билгалдаьккхира М.Даудовс.
Парламентан Председатела дийцарехь, Ахьмад-Хьаьжин сийлахь-боккха толам гучуболу Россин Президента Путин Владимира Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна исторехь дуьххьара баркалла аьлла хиларехь а.
«Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сийлахь-боккхачу толаман, цо хаьржина некъ нийса хиларан хьокъехь къеггина дуьйцу гоьваьлла волу 350 гергга россихой гулбелла, Даймехкан Турпалхойн денца доьзна Москвахь хиллачу даздаран тIеэцарехь Кадыров Рамзанна тIе а воьдуш, цо гойтучу патриотизмана а, Даймохк дукхабезарна а цунна хIораммо а баркалла бахаро. Цунна тоьшалла деш ду иштта Москвахь цхьаьнакхетча, Россин Президента Путин Владимира Кадыров Рамзанан а, дерриге а нохчийн халкъан а цIарах аьлла баркаллин дешнаш а», – билгалдаьккхира М.Даудовс.
Гулбеллачарна хьалха иштта къамел дира Ш.Жамалдаевс а. Цо дийцира Россин Федерацин Конституцин исторех лаьцна.
«Хууш ма-хиллара, Россехь тIеэцна масех Конституци. РСФСР вовшахтохарца доьзна хьалхарниг тIеийцира 1918-чу шарахь. СССР кхолларца доьзна шолгIаниг – 1923-чу шарахь. КхоалгIаниг – 1936-чу шарахь. Цунна сталински аьлла цIе тиллира. ЙоьалгIаниг тIеийцира 1977-чу шарахь», – элира цо.
Билгалдаккха деза, 12-чу декабрехь пачхьалкхан дезачу денойх уггаре а мехалниг – Россин Конституцин де даздеш хилар. Оцу дийнахь тIеэцна хIинца гIуллакх деш йолу Россин Конституци.
С.ЛАЛАЕВ
Архивера сурт
№142, шот, гIуран (декабрь) беттан 15-гIа де, 2015 шо