Пачхьалкхан бахамна приватизаци ян йиш хир ю

Нохчийн Республикин пачхьалкхан бахамна приватизаци яран 2016-чу шарна йолу программа (прогнозийн план) тIечIагIйина республикехь. Цу хьокъехь долчу тIедилларна куьг яздина Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Эдельгериев Абубакара.

Нохчийн Республикин пачхьалкхан бахамна а, цунах болучу пайданна а урхалладаран дикалла ма-хуьллу лакхаяккхаран Iалашонца тIеэцна ду и кехат.

2016-чу шарахь Нохчийн Республикин пачхьалкхан бахамна приватизаци яран программа а,  приватизаци яран коьрта дакъош   «Нохчийн Республикин пачхьалкхан бахамна приватизаци яран  хьокъехь» долчу республикин 2013-чу шеран 22-чу мартехьлерчу законца а, «Нохчийн Республикин пачхьалкхан бахамна приватизаци яран прогнозийн план (программа) билгалъяккхаран Низам тIечIагIдаран хьокъехь» болчу Нохчийн Республикин Правительствон 2013-чу шеран 6-чу июнехь лерчу сацамца а догIуш тIеэцна.

Нохчийн Республикин Правительствон сацамца догIуш, 2016-чу шарахь республикин пачхьалкхан бахамна приватизаци яран декъехь йолчу пачхьалкхан политикин коьрта Iалашонаш ю: пачхьалкхан бахаман структура а, чулацам а цхьаьна хорша нисбар, Нохчийн Республикин пачхьалкхан гIуллакхашна кхачоярехь дакъалоцуш боцчу пачхьалкхан бахамна приватизаци яр, экономикин тайп-тайпанчу дакъошкахь бан богIуш болу хийцамаш бар, пачхьалкхан унитарни предприятех схьайиллина акционерни юкъараллаш яр, иштта шайн балхах пайда болуш йоцчу пачхьалкхан предприятийн барам лахбар.

Билгалбаьккхина сацам кхочушбарна тIехь терго латтор Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместительна, экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министрана Магомадов Iабдуллина тIедиллина.

 

А.ВАХАЕВА

 

№142, шот, гIуран (декабрь) беттан 15-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: