Цхьа-ши дош…

   Бурунди пачхьенехь йолчу тIеман базана хIокху деношкахь террористаш тIелетира. Цигахь 40 гергга стаг вийна.

                                               ***

   Иракан а, СаIудийн Аравин а дозанехь теракт йина. Оцу бохамехь ялх стаг кхелхина, вейтта стагана чевнаш хилла.

                                               ***

   Иракан пачхьенехь Багдадехь йоккха митинг хилира. Митинган дакъалацархоша лоьхура Хонкаран эскарш шайн махкара арадахар.

                                               ***

   Пакистанехь цхьана базарахь машен эккхийтина. Цигахь 12 стаг кхелхина, 50 гергга стагана чевнаш хилла. Оцу зуламах долу жоьпалла тIе ца лаьцна цхьана а террористически организацис.

                                               ***

   «Иблисан пачхьалкхан» гIеранаша масех де хьалха теракт йина Шемарчу Хомс гIалахь. Цигахь 8 стаг кхелхина, 22 стагана чевнаш хилла.

                                               ***

Хонкарахь ши микроавтобус вовшах а кхеташ, некъан-транспортан бохам хилла. Оцу бохамехь 11 стаг кхелхина, 6 стагана чевнаш хилла.

                                               ***

   Италин коьртачу шахьарахь Римехь дIаяьхьира Ливехь болу къовсам дIабаккхарна лерина дуьненаюкъара конференци. Цуьнан дакъалацархоша вовшашца къовсамехь йолу агIонаш маслаIате кхайкхира.

                                              ***

   Бразилехь йоккха митинг хилира. Урамашка бевллачу бахархоша дIахьедира шаьш мехкан президента дIахьош йолчу политикина реза цахилар, цара цуьнга лоьхура отставке вахар.

                                              ***

   Эгейски хIорда тIехь Россин «Сторожевик» цIе йолчу хIордан кемано ирх герз кхоьссина къахкийра Хонкаран снейер (тIеман кема), цуьнга юха а питана ца дайта.

                                              ***

   Эрмалойчохь дIаяьхьначу референдуман жамIашца и пачхьалкх хIинца дуьйна парламенто урхалла деш хир ю. Президент вархI шарна хоржур ву. ШолгIа харжамашкахь дакъалаца бакъо а хир яц цуьнан.

                                              ***

   Белоруссин Президент А.Лукошенко селхана официальни визитца Росси веана. Цуьнан цхьаьнакхетар хилла Россин Президентаца В.Путинца.

                                              ***

   Воронежски областерчу Алферовка поселкерчу психоневрологин интернетах цIе яьлча 23 бер делла, кхин оццул бераш дагийна. Уьш больницехь ду.

                                              ***

   2016-чу шарахь Францехь хинйолчу футболах ловзаран Европин чемпионатехь юьхьанца цхьаьна тобанехь ловзур йолу командаш билгалъевлла. Росси ловзур ю Ингалсца а, Уэльсаца а, Словакица а.

№142, шот, гIуран (декабрь) беттан 15-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: