Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана сийлахь РаббиIул-Аввал бутт болалучу деношкахь дуьненарчу берриге а бусалбанашка кхайкхам бира хIокху безачу баттахь вовшашца болу къийсамаш битар, весаш йицъяр, вовшашца гIиллакхе, собаре, къинхетаме хилар доьхуш, хIокху баттахь мовладаш дешар, Мухьаммад Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) салаваташ дахкар, цомгашчарна, къеначарна тIехIиттар, цхьаболчу нахана, буоберашна, гIийла-мискачарна гIодар доьхуш.
«Бусалба рузманан РаббиIул-Аввал бутт бу карабеанарг. ХIокху беттан шийттолгIачу буьйсанна дуьнен чу ваьлла Делан Элча – Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). РаббиIул-Аввал беттан шийттолгIа буьйса вайна массарна а доккхачу маьIне ю. Ас доьху шуьга оцу дийнахь а, оцу буьйсанна а, хIокху берриге а баттахь а вовшашца долу девнаш совцор, вовшашца гIиллакхе, кIеда-мерза хилар, мовладаш дешар, салаваташ дахкар, цомгашнаш, къенанаш болчу дахар, гIийла-мискачарна, буоберашна шайн ницкъ кхочучу барамехь гIодар, сагIанаш дахар. Аш и дича АллахIера ял, къинхетам а хир бу шуна, ийманехь чIагIлур ду шу, ирсе хир ду», – бохура Кадыров Рамзана.
Цо иштта хаам бира, хIара бутт карабогIуш ша шен нана Несин Аймани йолчу вахана хиларан хьокъехь. «… Сийлахьчу Къуръанехь а, Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисашкахь а еза лерина ю нана. Массарна а хезна ду ялсамани ненан когаш кIел ю боху хьадис. Далла гергахь оццул деза ду ненан лерам бар, цуьнца дика хилар. Цундела массаьрга а доьху ас шайн нанойн лерам бар, уьш безар, шайн дай ларар, бусалба динан бехкамаш ларбар, шайн орам мичахь бу дагахь латтор, къоман гIиллакхаш, дайн Iадаташ лардар», – бохура Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
Цуьнца цхьаьна Кадыров Рамзана хаийтира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондо къурайшийн цIийнах болчарна итт цIа дар дIадолийна хилар. «Кхул хьалха а оцу фондо Несин Айманин сацамца бархI цIа а, ков кертахь оьшу кхин а гIишлош а йира, ши хIусам а ийцира. Цул совнаха, царна маьждиг а дира.
Кадыров Рамзана дагадаийтира гIийла-мискачарна гIодар, царах къахетар КадыровгIеран цIийнан амалехь даима а хилла хилар. «Нанас шена ша ирсе хетта боху Лекхаволчо гIийла-мискачарна гIодан шен аьтто барна. Несин Айманис дагадаийтира гIийлачарах, мискачарах къехетар КадыровгIеран амалехь даима а хилла хилар. Дала йоле дуьллийла вайн дерриге а дика гIуллакхаш. Дала къобалйойла вайн Iамалш. Дала Ша резаволчу некъа тIехь чIагIдойла вай», – дерзийра республикин Куьйгалхочо.
Д.АНАДЕВ
№142, шот, гIуран (декабрь) беттан 15-гIа де, 2015 шо