Iилманийн академехь нохчийн мотт кхиорна лерина пайдечу семиотикин отдел ю. Оцу отделан белхахой къахьоьгуш бу нохчийн меттан компьютеран локализаци ярехь. Отдел кхоьллина шолгIа шо бен дацахь а, цуьнан белхахоша дукха болх бина нохчийн мотт ларбина ца Iаш, иза кхиорехь а.
Масала, А.Г.Мациевн «Нохчийн-оьрсийн дошам» (Мациев А.Г. «Нохчийн-оьрсийн словарь», ГИИНС, Москва, 1961) терахьийн кепехь кечйина.
Цул хьалха кхоьллинера Карасаевн, Мациевн «Оьрсийн-нохчийн дошаман» электронан кеп (Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русский язык», Москва, 1977). Оцу шина а дошаман электронан кепаш кхоччуш зорбанан кепашца йогIуш ю. Царна юкъахь хIиттийна ю мукъа аьзнийн дохаллин хьаьркаш а, тохарш а, идиомийн а, иштта кхийолу а хьаьркаш.
Дошамаш кечъеш, лакхахь билгалъяьхначу хьаьркашца болу болх сихбархьама, белхахоша пайдаоьцура тайп-тайпанчу макросех а, программированин мотт х1отторан «Visual Basic for Applications» гIирсах а.
Тахана, «Нохчийн-оьрсийн электронан дошам» лакхахь билгалъяьккхинчу отделан белхахоша хаамийн технологийн «Ингалсан-оьрсийн-нохчийн дошам» а, «Нохчийн меттан омографийн дошам» а кечъеш, пайда а оьцуш, лелош ю. Кхузахь ала догIу «Ингалсан-оьрсийн-нохчийн компьютеран терминийн дошам» тIехь къахьегар чекхдала герга хилар.
Омографийн дошамна тIехь беш болу болх а бу чекхболуш. Иза компьютеро нохчийн маттера а, нохчийн матте а гочден система кхуллуш оьшур йолуш ю. И дошам чIогIа маьIна долуш ю, текст къастош, дешан дукха маьIнаш хиларна кхоллалуш йолу проблемаш дIаяхарехь.
Лакхахь ягарйина дошамаш компьютеран программийн нохчийн локализацин бух санна лелош ю пайдечу семиотикин отделехь. Делахь а, нохчийн меттан компьютеран локализаци дIахьош, ян езаш ю нохчийн маттахь нийсаяздар талларан система а, офисан программашкахь грамматикин а, хотIан а корректор а, иштта текст къасторан а, къамел довзаран а системаш.
Нохчийн «I» элп язден программа
Отделан белхахоша йина компьютеран муьлххачу а программи чохь яздечу йозанехь нохчийн «I» элп яздаран программа. Иза компьютер тIе дIахIоттийначул тIаьхьа таро ю: 1) латийнарг оьрсийн пилгу делахь (аьтту) Alt+I ши пиллиг цхьабосса тIетаIорца I элп яздан; 2) Word документа чохь Ctrl+I ши пиллиг цхьабосса тIетаIорца, «I» элпана метта лелаш долу дерриге а «1» терахьш I-не дерзо.
GoldenDict: нохчийн-оьрсийн, оьрсийн-нохчийн дошам
Иштта отделан белхахоша GoldenDict программин буха тIехь нохчийн-оьрсийн а, оьрсийн-нохчийн а дошам кхолларехь а къахьегна. Оцу «дошамна» юкъатоьхна дуккха а дошамаш: 1) А.Г.Мациевн «Нохчийн-оьрсийн дошам», 1961 шо, Москва; 2) А.Т.Карасаевн а, А.Г.Мациевн а «Оьрсийн-нохчийн дошам», 1978 шо, Москва; 3) С.М.Умархаджиевн а, А.А.Ахматукаевн а «Нохчийн-оьрсийн а, оьрсийн-нохчийн а математикин терминийн дошам», 2010 шо, Тбилиси; 4) Р.У.Берсановн «Адаман анатомин нохчийн-оьрсийн а, оьрсийн-нохчийн а дошам», 2011 шо, Соьлжа-ГIала; 5) Э.Д.Абдурашидовн «Нохчийн-оьрсийн а, оьрсийн-нохчийн а юридически терминийн дошам», 2008 шо, Соьлжа-ГIала.
«Ubuntu ОС» – нохчийн маттахь
Карарчу хенахь нохчийн Республикин Iилманийн академин пайдечучу семиотикин отделехь «Ubuntu ОС-н» нохчийн меттан локализаци яран белхаш бу дIахьош.
И.ХАСАНОВ
№143, еара, гIуран (декабрь) беттан 17-гIа де, 2015 шо