«Ас нохчийн маттахь йоьшу»

10-чу декабрехь Айдамиров Абузаран цIарахчу нохчийн Къоман республикин библиотекехь Литературин шо чекхдаларца доьзна «Ас нохчийн маттахь йоьшу» аьлла нохчийн къоман литературина лерина кхоллараллин суьйре хилира. Иза дIахьош яра Нохчийн Республикин хьакъйолу журналист Газиева Аза.IMG_9422

   Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара яздархой Айдамирова Машар, Ирисханов Iимран, поэт Ахматукаев Адам, нохчийн меттан а, литературин а хьехархо Вагапова Асет, Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телевиденин литературин передачийн редактор Алдамова Зарета.

Маршаллин дош аьллачул тIаьхьа, Азас йоцца экскурс-доклад йира нохчийн къоман литература 30–90-чуй шерашкахь кхиарх лаьцна а, яздархойн-классикийн кхолламех лаьцна а дуьйцуш. ЛадогIархошна юкъахь дукхах берш Соьлжа-ГIалин а, Теркан районан а школашкара дешархой бара.

«Нохчийн яздархой шайн къомо ловш дерриге а ловш, гIелонех, харцонех чекхбийлина Советийн Iедал хIуттучу заманахь а, цул тIаьхьа а. Шайн къам дезаш, нохчийн мотт Iалашбеш, ненан маттахь яздаро бен ирсе  ца беш баьхна. ХIора яздархочун говзар литературин хIоллам а хилла дIахIоьттина», – элира Газиева Азас.

Иштта, къоман библиотекин «Iаьнан беш» олучу аьнгалин зала чохь гулбеллачу кегийрхошна лерина дара яздархочо Ирисханов Iимрана а, поэта Ахматукаев Адама а дина чулацаме къамелаш. Шен мохк а, мотт а безар литература йовзарехула бен хуьлийла дац, ткъа цунна кечамбар и литература ешар ду. «Вайн халкъо хаддаза деша дезаш дара. Ца дешна вайн кегийрхой харцахьарчу  некъа тIе атта бовлу» – элира А.Ахматукаевс.

Даима а дог хьостуш, оьгIазло дIайоккхуш, дог-ойла диканаш дайта гIаттош хуьлу Вагапова Асетан къамел. Цара массара динчу къамелаш тIедузуш Газиева Азас элира: «ДIа мел баханчу вайн яздархоша  аьлла хIора дош а, вайга дина весет ларалаш». Библиотекин белхахоша, Хаамийн  библиографически отделан заведующис Эдилова Марета а, Мохкбовзаран отделан заведующис Духаева Яхийтас а кечбина нохчийн яздархойн книгийн гайтам бара «Ас нохчийн маттахь йоьшу» аьлла. Кегийрхошна дуккха а пайдехь дерг хезира оцу суьйренехь. Хазахеташ дара уьш  книгийн гайтамна тIегулбелла бехха хьоьжуш латтар а.

 

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

Хь.Авхадован суьрта тIехь: А.Айдамировн библиотекехь суьйре

№143, еара, гIуран (декабрь) беттан 17-гIа де, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: